Your browser doesn’t support HTML5
25 шо гергга хьалха Сайдуллаев Малик санна гIарваьлла бизнесхо хир вацара нохашна юкъахь. Таро йолуш, дукха нахана гIо-накъосталла деш стаг санна вевзаш вара иза. ТIеман заманахь, къаьстина шолгIачу тIамехь, нахана дагайогIу хир ю цуьнан цIарах Нохчийчухула лелла яьккхийчу машенийн гуманитаран ковраш.
Политикехь Сайдуллаев волу дукха хан лара мегар ду, цунна хIетахь мел хиллачу мехкан куьйгалхойн неIарш йиллина хилча. Амма, официалан политике иза вахара 2000-чу шерийн юьххьехь. ХIетахь Оьрсийчоьнан Iелаша кхоьллинчу Нохчийчийн республикан Пачхьалкхан кхеташонан коьрте хIоьттира иза. 2003 шарахь президентан харжамашка вахара.
Амма царна иза юкъарваьккхира Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхелан сацамца. Цхьа шо даьлча, Кадыров Ахьмад вийначул тIаьхьа хиллачу харжамашкахь а дакъалецира цо. ТIаккха а, паспортан тIехь гIалат ду аьлла, бахьана а далийна юкъарваьккхира. Шена дика хета иза хIиинца, аьлла долийра шен телефонан зIенехула къамел.
Сайдуллаев: «Бакъдерг дийцича, суна оцу хенахь чIогIа новкъадеънера со цу юкъара ваьккхина. Амма суна хIинца Далла хастам бу, со цу юкъарваьккхина. Иза ца динехьара, со кху хьолехь хIинца хир а вацара. Халахеташ дерг ду, вайн къам даьржина хилар. Къам цхьаьнакхетта, вовшашна гIортор а хилла вай дIахIиттича хазахетар дара суна».
ХIетахь дуьйна Сайдуллаев нохчийн политикера дIавахана лоруш ву. Цхьанхаа хаалуш вацара. Оцу бахьанца юкъараллехь эладитташ дуьйцура, иза Оьрсийчура дIавахний, цуьнгара ерриг а бизнес дIаяькхний бохуш. Иза бакъ дац. Малик хьалха санна Москох вехаш ву. Бакъдерг дийцича, бизнес кхечу пачхьалкхашкахь ю цуьнан. Амма Нохчийчохь цхьацца проекташ кхочуш ян шен лаам хилар а довзийтира цо.
Сайдуллаев: «Со вехаш Москох ву. Кхузахь, Оьрсийчохь, ас сайн дукха белхаш дIакъевлина. Казахстанехь, Францехь, Ингалсехь а бу сан белхаш. ЦIахь ян а яра сан цхаьцца проекташ.
ХIара шо чекхадолучу хенахь далахь а, я тIедогIу шо доладелча далахь а ян дагахь ву со. Амма хьуна лаарх чекхдолуш дац иза. Iедалша маго дезаш ду иза. И проекташ, Дала мукъалахь, йоло дагахь ву со. Iалашонаш-м ю, ткъа муха хир ду Деллана бен ца хаьа».
2000-чу шарахь, Москох нохчийн цхьана концертехь Сайдуллаев шина зудчунна юкъахь хиина Iаш вара. Цхьаъ цуьнан нана яра, важа-Путина Людмила яра. И концерт гича, дукха а нахана моьттинера, Сайдуллаев Оьрсийчоьнан президентан зудчунца цхьана концертехь хилар гайтаме хIума ду, цундела иза Нохчийчоьнан коьрте хIоттор ву аьлла. Амма иза иштта ца хилира. ХIоттош-дIавоккхуш боху хIума ша тIедуьтур долуш дацара аьлла, кхин дIа а дийцира Сайдуллаев Малика.
Сайдуллаев: «Москох Iедало хьалхатеттича хьо хьалха вала гIерташ хилча Iовдал хIума хета суна. Вайн къомо кхаж а тесна хила дезаш ду (куьйгалхо харжар). Со Москох волу дукха хан ю-кх. Со кхузахь волчу хенахь Оьрсйичохь 6-7 Iедал хийцаделла-кх. Дуьне хьийзаш ду.
Со-м вац цхьанна а хьалхавала дог-ойла йолуш. Вайн Нохчийчохь иман а, ислам а долуш ду, нохчийн ишколаш а ю, нохчийн мотт а буьйцуш. Иза хилчхьана важа дерг вайна оьшуш а дац».
Шен дахарх книга ю Сайдуллаев Малика язъеш. Цуьнан цхаьцца кийсакаш фейсбукехь зорбане яьхна цо.
"Къаьхьо ца Iевшича, мерзачун чам кхетар бац" кица а далош, кхане дукха хаза а дика а го щена элира Сайдуллаевс. Иза дан оьшург а дийцира цо.
Сайдуллаев: «Юха а ца хьоьжуш, хьалахадаьлла Iедал а, вай а цхьангера а масал эца оьшуш дац. Iаьрбашкара, кхечаьргара а эца ца оьшу. Вай Европан цивилизацин юкъадогIуш ду. Вай нохчий хиларе терра, кхетамехь, вайн нохчийн мохк хьала а ойъуш, махкахь уггаре тоьлла школаш а йохкуш дIадаха деза вай».
Сайдуллаев Малик тахана Нохчийчоьнан политикана юьстаха лаьтташ валахь а, цуьнан дог-ойла шен Даймахкаца хилар гуш ду, кхин хIума дацахь а, цо цIена буьйцучу нохчийн маттаца а, цунах наха олучу дикачу дашца а.