Хилларг иштта ду. Кху Охан-беттан 19-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь Ставропол махкара полисхоша вийра нохчийн бизнесхо Дадаев Джамбулат. Шайна тIе машен тоха гIоьртича герз туьйхира шаьш бохуш чIагIдо цара. Дадаев федералан лехамашкахь хилла хилар а хьехадо полисхоша.
Цхьаболчу хаамашца, Дадаев Джамбулата герз тоьхна хилла Дагестанехь дехачу цхьана къомах волчу бинзнесхочунна.
Кху беттан 23-чу дийнахь Кадыров Рамзана герз тоха бакъо елира нохчийн полицин белхахошна кхечу регионашкара баьхкинчу ницкъаллин стурктурийн белхахошна, нагахь уьш меттигерчу Iедалшна а цахууш республикехь операци ян гIортахь.
Кадыров Рамзан: «Массарна а хаа дезаш ду Нохчийн республикан территорина тIехь коьртаниг низам хилар. Ас официалан кепара дIахьедар до. Нагахь шуна а цахууш, шун территори тIехь гучувалахь, башхалла а дац иза Москохара, Ставрополера хиларх, тIедахийта герз. Вайга ларам хила безаш бу. Вайн бакъо яц ГIалгIайчохь террористашна а, экстремисташна а дуьхьал мероприяти ян. Нагахь шу шайн меттиган дай делахь, аша дола дан деза цуьнан».
2000-чу шерашкахь хилларг дIадаьлла. Цхьанна нохчи лаца лиинера аьлла иза лацар а, вер а кхин дIа хир дац, бохуш вара Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан: «Вайн территори тIехь и тайпаниг хир дац. Иза хир ду моьттуш берш Iехабелла. Царна хаа деза вай а машар а, къепе а хилийта лууш хилар. Ткъа 2000 шерашкахь хилла хенаш дIаевлла. Цхьанна нохчи лаца лиинера аьлла, иза дIа а вигина вер... Цу тайпаниг хир дац».
ШолагIчу дийнахь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло харц дира Кадыровн дешнаш. Цо дийцарехь, Ставрополерчу полисхоша аьлла хилла шаьш стаг лаца дохку аьлла Нохчийчура бехктакхаман талламан урхалле.
И бахьана долуш мегар долуш дац Нохчийчоьнан кьуйгалхочо дина долу, цу республоикехь леррина операци дIахьош болчу кхечу регионашкарчу низамашлардон органашкарчу белхахошна герз тоха бакъо луш долу, дIахьедар аьлла ду Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло динчу дIахьедарна тIехь.
Оццу дийнахь Кадыров Рамзана шен дIахьедар дира Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бина хаам харц бу аьлла. Шайна билггал хууш ду Ставрополера полисхой Нохчийчохь и операци дIаяхьа бохкуш хиларх лаьцна хууш цахиллий аьлла ду цо динчу дIахьедарна тIехь.
Кадыровн омрица Оьрсийчоьнан талламан комитетан Нохчийчохь йолчу урхалло бехктакхаман гIуллакх схьаддилира 43 шо долу Дадаев Джамбулат верна бехке болчу Ставрополерчу полисхошна дуьхьал. Уьш чубохка мегаш бара, 10 шаре кхаччалц хенаш а тоьхна.
И бахьана долуш Оьрсийчура хаамийн гIирсаша яздора Дадаев Джамбулат Кадыровн гергара стаг хила мега, я Нохчийчура полицин белхахо хила мега бохуш. Амма маситта шарахь Маршо Радион Къилбаседа Кавказехь корреспондент хиллачу Чабаев Лемина вевзаш вара Дадаев Джабулат. Цо дуьйцу шен дуьххьара иза вовзар муха нисделира.
Чабаев Лема:
Your browser doesn’t support HTML5
Охан-беттан 24-чу дийнахь Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александр дIакъевлира Ставрополерчу полисхошна дуьхьал Нохчийчохь схьадиллина бехктакхаман гIуллакх. Цунна ша реза цахилар дIахаийтира шен Инстаграммерчу агIонна тIехь Кадыров Рамзана.
Охан-беттан 25-чу дийнахь Оьрсийчоьнан талламан комитетан Къилбаседа Кавказан федералан гонехула йолчу урхалло таллам болийна Соьлж-гIалахь хилларг хьокъехь – цу тайпа таллам беш Iедал ду бехктакхаман гIуллакх схьаделлале.
Цу хеннахь Охан-беттан 26-чу дийнахь РЕН-ТВ телеканало зорбане яьккхина Дадаевс тапча тухуш Ставрополехь яккхина ю аьлла йолу видео.
Гарехь, Ставрополера полисхой а, царна тIехIиттина болу нах а гайта гIерташ бу шаьш вийна стаг зуламхо хилла хилар.
Политологана Малашенко Алексейна хетарехь, Кадыровна хIумма а далур дац Оьрсийчура ницкъаллийн структурийн куьйгалхошка, цунна тIехIоьттина Путин Владимир хиларна.
Малашенко Алексей: "Путинан а, Кадыровн а юкъаметтигаш доьзалехь йолу юкъаметтигаш санна ю. Цу юкъаметтигийн барамал тIехдолург – конституци а, низамаш а, иза цхьанне а бала болуш хIума дац. ХIунда аьлча федералан центран а, Нохчийчоьнан а юкъаметтигаш низамийн системехь нисйина яц. Церан бухехь ю Путинан а, Кадыровн а юкъаметтигаш.
Дера ницкъаллин структурийн куьйгалхоша шаьш реза цахилар а гайтира, емал а дира Кадыровс дуьйцург. Амма, цкъа делахь, уьш ойла еш дукха а Iийра, шаьш ала дезарг муха хила деза аьлла дага а бевлира уьш, кхеташ ду хьаьнца. Амма, ма-дарра аьлча, цо (Кадыровс) юха а гайтира ницкъаллин структурийн куьйгалхошка цадалург шега далур хилар".
Кхин цхьа хIума а ду. Кадыров Рамзанна хетарехь, Ставрополерчу полисхойн цхьа а бакъо цахилла Соьлж-ГIалахь стаг дIалоцуш операци дIаяхьа. Цо дийцарехь, Дадаевгахь цхьа а тапча цахилла, герз ма тохалаш бохуш мохь бетташ а хилла иза.