Your browser doesn’t support HTML5
Дадин Эльдар Оьрсийчура юкъараллан жигархо ву. 2015-чу шарахь Москох Замоскворецкий кIоштан кхело, 3 шо хан а тоьхна, чувоьллира иза. Цу кепара цунах хилира дуьхьалонан акцех лаьцна низам мосуьйттоза дохийна аьлла, Оьрсийчохь набахте хьажийна дуьххьарлера стаг.
Кху шарахь Лахьан-беттан 1-чу дийнахь Дадинан хIусамнанас Зотова Анастасияс дIахьедар дира, иза латточу Карелерчу Сенежа-гIаларчу 7-чу колонехь шен хIусамдена етташ а ю, иза къиза хьийзош а ву аьлла.
Оршотан дийнахь ТаIзарш кхочушдаран федералан сервисан (ФСИН) куьйгалхочуьнан когаметто Максименко Валерийс дIахьедар дира, Карелерчу ИК-7 колонехь шаьш бинчу чоьхьарчу талламо харц хилар гайтина Дадин хьийзийна бохург аьлла. "Дадин корматалла йолу имитатор ву", - элира Максименкос. Цо дийцарехь, иштта бух боцуш карийна цунна кхечу тутмакхашна цу колонехь етта бохург а.
Максименкос и дIахьедар дина масийтта сахьт далале, Москох Сахаровн центрехь гулбелира оцу колонехь чубоьхкина болчу тутмакхийн гергарнаш. Цара тIечIагIдира Дадин Эльдара шен латкъамехь яздинарг бакъхилар.
Сахаровн центрехь гулбеллачарна юкъахь яра Нохчийчура Гайрбекова Жанетта. Цуьнан кIант Габзаев Хасболат ву Карелехь йолчу оцу номер 7 йолчу колонехь чувоьллина.
Шен кIант етташ а, ницкъ беш а къиза хьийзош ву цу колонехь бохуш дуьйцу нанас.
Гайрбекова: "Тхуна дукха хан йоццуш бен ца хиина иза карцер чувоьллина хилар. Бахьанаш ца хаьа суна. Цо дийцира суна шена жIов йеттарх лаьцна.
Цунна йиттина, кхетамчура а воккхуш. Хьовсийша, стаг 190 сантиметр лекха дегI долуш ву. ХIинца цхьа чIор а, дIаьхкаш а бен хIума дац цуьнан дисина.
Оццул гIийла волчу цунна мича еттар ю? Когех муш а тосий, Iуьнкара ирх уллу иза. Етта цунна когех. Шийла хи детта цунна…"
Your browser doesn’t support HTML5
Сахаровн центрехь гулбеллачарна юкъахь яра ИК-7 колонехь волчу кхин а цхьана нохчочуьнан Мамаев Анзоран хIусамнана. Цунна тIаьххьара гина шен хIусамда Гезгмашин-баттахь. Цунна вуно чIогIа етта колонехь Iуьйранна а, делкъана а, сарахь а, бохуш яра иза.
Маршо Радион Оьрсийн сервисо бинчу хаамца, Сахаровн центрехь хиллачу цхьаьнакхетарехь видеозIенехула дакъалецира номер цу колонехь хан яьккхинчу Замбек цIе йолчу Нохчийчура вахархочо. Видеокамераш йоцучу метте кхаьчча, 7-10 стага, го а бой, вуно къиза етта тутмакхашна цу набахтехь, бохуш вара иза.
Дадин Эльдаран хIусамнанна Зотова Анастасияна хетарехь, ИК-7 колони дIачIагIа езаш ю.
Зотова: "Иза колони яц. Иза товен учреждени яц. Иза концлегарь ю, адамашна къизаллаш лелош а, царна етташ а йолу. И концлагерь дIачIагIа езаш ю".
Шайн гергарнаш Iазапах кIелхьарбаха гIерташ бу хIинца Карелерчу Сенежа-гIалара 7-чу колонехь хан токхучу тутмакхин наной а, хIусамнаной а. Кху деношкахь Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире гIо доьхуш кехат яздина цара.
ТIаьххьара болчу хаамашца, Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас дIахьедар дина, Путине бинчу кхайкхаманна гIортор ян кийча ю ша аьлла.