Пакистанан президент хаьржина Хьусайн Мамнун

Пакистан -- Керла хаьржина Пакистанан президент Хьусайн Мамнун декъалвеш ву цу мехкан премьер-министр Наваз Шариф, Тов 30, 2013

Президентан харжамаш хилла тахана Пакистанехь. Кхаж тасарехь дакъалоцуш бара цу мехкан парламентан а, 4 провинцин кхеташонийн а депутаташ. Царах дукхахболчара шайн кхаьжнаш дIаделла Пакистанан Бусулба Лига – Наваз цIе йолчу партин векална Хьусайн Мамнунана. Иза хир ву рогIера Пакистанан президент.
Нисса дIа боцу харжамаш хилла тахана Пакистанехь. Цу кепара цу махкахь эскархойх лаьтташ доцу Iедал кхоллар дIадирзина ала мегар ду. И гIуллакх мехала ду, хIунда аьлча милла тоьллехь а цо хуьйцур вара дуьххьарлера маьрша бахархох хаьржина а, шен хан чекхяллалц цу дарежехь висина а волу президент Зардари Асиф Iела. Ткъа цу тайпаниг хилла дацара цу пачхьалкхехь иза кхоьллинчу 66 шарахь.

Пакистанера президентан харжамаш хилла цу махкахь парламент хаьржина цхьа бутт баьлча. Цкъа аьтто ца баьллера цу махкахь эскархойх доцу Iедал шен хан чекхяьллац болх беш дита. Консерваторех лаьтташ йолу - Pakistan Muslim League-Nawaz- Пакистанан Бусулба Лига – Наваз олучу партин декъашхоша толам баьккхира цу харжамашках, шайн лидерна Наваз Шарифана премьер-министр хIоттарна некъ а боккхуш.

Церемонийн дарж

Ризви Аскари Хьасан Пакистанерчу Лахор-гIалара политикан комментатор ву. Цо билгалдоккха, шайн махкахь президентан дарж церемонийн чулацам болуш хилар. Делахь а, цо дийцарехь, дош лелачу президентан аьтто бу махкарчу дахарна мелла а Iаткъам бан.

Тахана хIоььтинчу хьолехь харжамаш дика билгало ю, Пакистанехь демократи хIотто аьтто хирг хиларна бохуш дуьйцу цо.

Ризви Аскари Хьасан: «Къоман а, провинцишкара а кхеташонаш харжарца болийна харжамаш, эскархошкара Iедал могIарерчу бахархошка дIадаларан процесс дIайоьрзур ю керла президент хаьржинчул тIаьхьа. Гезгмашин-беттан 9-чу дийнахь шен декхарш кхочушдан волалур ву иза. Цу кепара ерриг а процесс дIайирзина хир ю, ткъа тидам тIегIур бу министрийн кабинетан балхана».

Харжаман кеп

Цхьа эзар сов дупутат ву шина чоьнах лаьттачу Пакистанан федералан парламентан а, провинцийн кхеташонийн а. Цу депутаташа хаьржира президент.

Амма кхаж тосуш церан цхьатерра бакъонаш яцара. Къоман гуламан 342 депутатан а, 104 сенатан декъашхочуьнан а цхьацца кхаж бара. Ткъа хIора провинцерчу кхеташонан 65 кхаж бара.

Шинарийн дийнахь кхажтасар дIадирзира цхьана сохьтехь. Толам баьккхира бизнесхочо Хьусайн Мамнуна

Къийсамаш

Президентан Зардари Iелийн хьалха Iедалехь хилла йолу Пакистанан халкъан парти а, кхин жима партеш а дуьхьала яра президент кху беттан 30-чу дийнахь харжарна.

Цкъа дуьххьара президент харжа везаш вара тIебогIучу Марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь. Амма даханчу кIиранах Пакистанан Лаккхарчу кхело харжамаш жимма хьалхататта сацам бира, Марханаш достуш дукхах болу депутаташ дIасабахана хир бу аьлла.

Пакистанан халкъан партино тIе ца ийцира и сацам, низамо ма бохху, массо а кандидаташца цу хьокъехь кхелан декъашхой дага а цабовлуш, тIеэцна бу иза аьлла.

Цу бойкото харжамийн жамIаш ца хийца а мегара, амма цара шеконе бехкина уьш, нийсонца бина бац ала меттиг юьтуш.

Кандидаташ

Зардари партино бойкот йинчул тIаьхьа харжамашкахь дакъалоцуш вара ши кандидат. Царах цхьаъ вара Pakistan Muslim League-Nawaz - партин векал Хьусайн Мамнун.

Цуьнца президентан дарж къовсуш вара Техрик-инфас олучу партин лидер, хилла волу суьдхо ВажихIуддин Ахьмад.

Комментаторо Ризвис дуьйцу, Хьусайн тоьлур вуй хууш дара бохуш.

Ризви Аскари Хьасан: «Хьусайн Мамнун Карачера бизнесхо ву. Pakistan Muslim League-Nawaz - партина а, Наваз Шарифна а тешаме стаг ву иза. Пакистанера политикехь хилла стаг вац иза. Делахь а Навазца цхьаьна болх бийра болуш ву иза».

73 шо долу Хьусайн Мамнун вина Индерчу Агра олучу гIалахь. Цуьнан доьзал Пакистанехь баха хиина 1949-чу шарахь. Иза къеззиг медресе лелла а, Карачехь бизнесан школа яьккхина а ву иза. Къадий деш йолчу индустрехь болх буш ву Хьусайн. 1990-чу шерашкахь Синд-провинцехь цхьа къеззиг губернатор а, цул тIаьхьа губернаторан хьехамца а лаьттина ву Хьусайн Мамнун.