Your browser doesn’t support HTML5
"Ньюс пул" медиа-хIолдинган администраторо Плотников Сергейс "Петербургская газетанна" ша еллачу интервьюхь дIахьедар динера гIалгIай а, нохчий а махкахбахар дукха кIеда таIзар дара, Сталина дина долу аьлла.
И материал зорбане яьллера Стигалкъекъа-беттан 3-чу дийнахь. Оцу деношкахь Сталин хестор доьхкуш низаман проект тIеэцнера ГIалгIайчоьнан депутаташа.
Плотниковс дийцинарг ца тайначу ГIалгIайчоьнан къамнийн юкъаметтигашкахула министраллан куьйгалхочо Евлоев Улана дехар динера Оьрсийчоьнан Инарлан прокуратуре, цу стага зорбане даьккхинчун мах хадабахьара аьлла.
"Петербургская газетан" сайт тIехь зорбане яьккхинчу актиклехь Плотниковc бохура "гIалгIаша баркаллаш баха деза Сталинна, цунна хIолламаш а хIиттош".
Ткъа хIинца, гарехь, гIуллакх прокуратура юкъа а ца гIоьрташ, дIадерза мегаш ду.
ГIалгIайчоьнан къаьмнийн юкъаметтигашкахула министралла дуьхьал хилар бахьана долуш «Петербургская газето» бехк ца биллар дехна шена "Ньюс пул" медиа-хIолдинган администраторца Плотников Сергейца йина интервью зорбане яккхарна, хаам бо «Кавказский узел» сайто.
«Петарбухан газето» шен сайт тIехь зорбане даьккхина шен дехар.
"Петербургская газето" а, «Ньюс пул» юкъаралло а бехк цабиллар доьху гIалгIайн халкъе а, ГIалгIайн Республикан Iедале а, тIеман ветеранаш сийсаз а беш, 1944-чу шарахь хиллачу депортацех лаьцна публикаци зорбане яккхарна», яздо газето.
Шаьш зорбане даьккхинарг харц хилар даре а деш, "Петербургская газето" а, «Ньс пул» юкъаралло а даггара доьху шайна къинтIера довлар, ларамаза цу публикацехь дийцинарг бахьана долуш.
«Кавказский узело» бинчу хаамца, Плотников Сергейна таIзар дина "Петербургская газетан" долахоша. Ткъа цуьнан интервью дIаяьккхина сайта тIера.
Ткъа Плотниковс YouTube-хь зорбане яьккхина ша дохковаларх лаьцна дуьйцу видео.