Путин Кавказехь хилира, Нохчийчуьра эскархо лаьцна Курскан кIоштахь къола деш, ткъа Австрихь миттинг хIоттийнера нохчийн диаспоро, Красиков дIаваларна дуьхьал, - цунах а, и доцчух а хезар ду шуна хIора кIиранах арайолучу Маршонан 77-чу подкастехь.
Your browser doesn’t support HTML5
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Путин Бесланехь а, Нохчийчохь а
Курскан кIоштахь Украинан эскар тIелеттачу йуккъехь, хIинца ши кIира а ду цигахь тIемаш боьлху, Кавказехула чекхвелира Путин Владимир. Марсхьокху-беттан 18-чохь Оьрсийчоьнан президент кхечира пачхьалкхан Iалашонца Азербайджане, цул тIаьхьа ши де даьлча ГIебарта-Балкхаройчу вахара иза, цигара дIа – Къилбаседа ХIирийчу, ткъа марсхьокху-беттан 20-чу суьйранна Нохчийчохь вара иза.
Азербайджанехь Путинан цхьанакхетар хилира пачхьалкхан авторитаран лидерца Алиев Ильхамца, ГIебарта-Балкаройчохь бешлелоран бахамехь Iежийн хьекъаре хьаьжира иза. Къаьсттина йоккха резонанс хилира Оьрсийчоьнан президент Къилбаседа ХIирийчу а, Нохчийчу а варах.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчохь "спецназан университетехь" хилира Путин – цигахь кечбеш бу Украинана дуьхьал тIом бан хьийсо нах2004-чу шарахь меттигерчу хьалхарчу школехь закъалтхой лецна ткъа шо кхача ши кӀира гергга хан йисча кхаьчнера Путин Беслане. Терактехь вийначу 334 стагах 266 дӀавоьллинчу "Маликийн гӀала" мемориалан комплексехь хилира президент, цигара дIа оцу школе а вахара иза, цул тӀаьхьа цо къамел дира "Бесланан наной" организацин кхаа векалца. Ала догIу, 2005-чу шарера схьа дуьйнна дуьххьара хилла хIума дара и. Оцу цхьаьнакхетарехь Путин галвелира беллачийн терахь далош, массо а хӀуманна бехке йу "дозадехье" элира цо.
Дагадаийта лаьа суна, 2004-чу шеран гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь Бесланерчу школан спортзалехь тӀемалойн карахь виссинера 1128 стаг. Оьрсийчоьнан Ӏедалша йуьхьанца лахдора закъалте лецначу нехан терахь, ткъа ши де даьлча штурм вовшахтуьйхира цара. Цу терактехь вийначу 334 стагах 186 бер дара. Ичкерин буьйранчас Басаев Шемала шена тӀелаьцнера закъалтхой лацар. Цо чӀагӀдора, нах дӀахоьцур бу ша, Нохчийчуьра федералан эскарш арадахахь, йа мел лахара а, Путин даржера дIаводахь.Ткъа президенто дӀахьедира, тӀемалоша цхьа а тIедахкарш дина дацара бохуш.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровс шена динчу гӀоьнна баркалла олуш Путина элира "доттагӀашна юкъахь нийса хӀума ду хӀара"2004-чу шарера схьа дуьйна Оьрсийчоьнан Iедалхоша кест-кеста дIахьедо Бесланехь закъалтхой лоьцучу хенахь лазийначарна гIо латтадо шаьш бохуш. Бакъду, цигахь лазийначара а, церан гергарчара а боху, цара деш долу гIо шайна тоаме ца хуьлу. Уггар а гIарадаьлла масал ду – школехь эккхийтар дича букъадаьIахк лазийна, заьIапхой дIасалелачу гIудалкх чохь йисинчу Дучко Маринин кхоллам.
2019-чу шарахь журналисте Дудь Юрийга дийцинера цо, пачхьалкхера хӀора баттахь 13 эзар сом барамехь пенси оьцу ша аьлла. Дозанал арахьа дарба дан ахча хилийта иза декхаре хиллера шен цӀа дохка: Дучко кхелхира 2022-чу шеран лахьан-баттахь. Иштта хууш ду закъалтана лаьцна хиллачу Птаха Алексейн кхолламах дерг а. Республикехь болх каро аьтто ца хилар бахьана долуш, тӀеман министраллица контракт а йина, Украине тӀаме вахана иза бохуш дийцира цуьнан нанас.
"Бесланан наной" органищацин векалша ма-дийццара, пачхьалкхан куьйгалхочуьнца марсхьокху-беттан 20-чохь цхьанакхетар хирг хиларх цхьа де хьалха хаийтина хиллера цаьрга. Кхиболу терактехь лазийна хилларш а, церан гергарнаш а цхьаьна хиллера цунна тIекхача лууш, амма царна и аьтто ца белира. Путине делла хилла хеттарш Кремлан официалан хроники йукъахь дацара – царех лаьцна хиъна хаамийн гӀирсашкара.
Доккхачу декъана, президентана дагадаийтира, 20 шо хьалха закъалтхой лецарца боьзна таллам хӀинца а бирзина цахилар. Цунна жоп луш пачхьалкхан куьйгалхочо дӀахьедира, шена цунах лаьцна хууш дацара, 2005-чу шарахь дуьйна ша и гӀуллакх шен тергонехь латтор ду аьлла дош деллехь а. Президенте иштта дехар дира Курскан кӀоштахь Украинан тӀеман ницкъаша йийсаре лецна хIирийн эскархой а, иштта салтий а маьршабаха аьлла, – Путина мехкан куьйгалхочунна тӀедиллира цуьнан йистйаккхар.
КХИН А ХЬАЖА: Путин Владимирца цхьана даьккхина сурт хIоттийна инстаграмехь Кадыров АдамаТоххара, 2004-чу шарахь, Оьрсийчоьнан президенто элира: Къилбаседа Кавказера терроран орамаш ду нахана балха баха меттигаш цахиларехь а, эвсара лелош социалан политика йацарехь а, цкъацкъа деша баха аьттонаш ца хиларехь а. 20 шо даьлча а, Къилбаседа Кавказехь изза проблемаш йолуш йу хьалха а санна, официалан статистико а тӀечӀагӀдина ма-хиллара. Амма Путинан рейтинг республикашкахь кхуьуш бен йац, боху Ӏедалхоша. ТӀаьххьара Оьрсийчохь хиллачу президентан харжамашкахь, церан жамӀаш Европехь къобал ца дира, Къилбаседа ХӀирийчохь 92 процент гергга кхаьжнаш гулдира Путина (Коьртачу харжамийн комиссино билгалдаьккхина ма-хиллара).
Оццу дийнахь, марсхьокху-беттан 20-чохь суьйранна Бесланера кеманца вахара Путин Соьлжа-ГӀала. Беркемана дуьхьал веанера Нохчийчоьнан куьйгалхо шен кӀенташца а, гонерчу накъосташца а. Аэропортера уьш цхьаьна дӀабахара Кадыров Рамзанан ден Ахьмадан коша тIе хIитта. Карладоккху, иза вийра стадионехь динчу эккхийтарехь, ала дашна, оццу 2004-чу шарахь. Цул тӀаьхьа верси хилира, ФСБ-но оцу терактехь дакъалаьцна тарло бохуш. Кадыров Ахьмадан кешнашкара Путин Владимир дӀавахара Гуьмсера шен цӀарах йолчу "Оьрсийчоьнан спецназан университете", цигахь кечбеш бу Украинана дуьхьал тIаме хьийсон эскархой. Цигахь президента бIаьрг туьйхира схьадаьккхинчу герзах, къамел дира лаамхой олучу нахана хьалха. Цаьрга дIахьедира цо, нагахь санна цара тӀаме баха сацам бахь, иза "хӀинцале а толам баккхар ду" аьлла.
"Спецназан университетера" Оьрсийчоьнан президент керлачу Соьлжа-ГIалара маьждиге хьажа вахара, цул тӀаьхьа цунна гайтира Нохчийчоьнан коьртачу гӀалахь Путинан цIарах йеш йолчу микрорайонан макет.
ШолгӀачу дийнахь пачхьалкхан президент цхьаьнакхийтира Кадыров Рамзанан ненаца Айманица. Цо шен кӀантана мел динчунна баркалла элира Айманис. Путина жоп делира, "доттагӀашна йукъахь хила дезаш хӀума ду хӀара" аьлла. Цул совнах, ша Соьлжа-ГӀалахь волчу хенахь Кадыров Рамзанан кӀенташца сурташ дахийтира президенто, къаьстина 16 шо долчу Адамца. Дагадоуьйту, стохка СИЗО-хь лаьцна латточу Журавель Никитана йиттира цо, таӀзар даран метта, цунна совгӀаташ а, даржаш а делира.
Алаудинов, салтий + къоладар + Курскан кIошт Iалашйен Евкуров а
Нохчийчу веанчу заманчохь Путина ца хьахийра Нохчийчоьнца дозна йахначу хенахь хилла девнаш, карарчу хенахь дерш а – ткъа уьш шортта ду. Доккхачу декъана, критика йан рогIера кхин а цхьа бахьана даьккхира "Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис. Ву иза ишта Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан коьртачу тӀеман-политикан урхаллин куьйгалхочун гӀовс а. Товбеца-беттан I8-чу сарахь цо видеокхайкхам зорбане баьккхира. Цу тIехь цо дIахьедира, Курскан кӀоштахь тӀом бан эскархойн декхар хиларх. Оцу йукъанна цу регионера доза йуьхьанца лардан дезаш дара "Ахматан" дакъойн эскархоша. Ткъа уьш, долчу тоьшаллашца, шайлахь Оьрсийчоьнан "тIеман корреспондентийн" тоьшаллаш а долуш, марсхьокху-беттан 6-чохь ВСУ-н эскарш чудогIучу хенахь дуьхьало а ца йеш, шайн позицеш дIа а туьйсуш бевдда хиллера.
Цул тӀаьхьа Курскан кӀоштарчу хьолах лаьцна дуьйцуш тӀеман министраллан коьрта спикер хиллачу Алаудинов Аптис денна бохург санна чIагIонаш йо Путинан эскаро кеста толам боккхур бу бохуш. Амма Украинан тIеман ницкъаша шайн Ӏуналлехь латтош йолу меттиг, цкъачунна схьа алсамйолуш бен йац, иштта чIагIдо Киевехь.
КХИН А ХЬАЖА: ТIеман министраллин коьрта спикер? Курскан кIоштана тIелатарх "Ахматан" командиро дуьйцург муха шалха долураЦул сов, дахначу кӀиран чакхенехь гучудаьлла ма-хиллара, кадыровхоша питана дина хила мегаш ду 100 сов Оьрсийчоьнан эскархо, шайна йукъахь шайн махкахой а, изза салтий а болуш, карабахийта. Цунах лаьцна дӀахьедира Британерчу тӀеман аналисто Кларк Майкла. Цо бахарехь, марсхьокху-беттан 14-чу дийнахь 488-чу мототоьпан полкан эскархой Украинан эскархойн доккхачу декъана дуьхьалкхеттачу хенахь, бевдда кӀелхьара бовла гӀоьртинера уьш. Нохчийн эскархойх лаьттачу заградотрядийн тобанхоша герз хьадинера царна тIе. Цул тӀаьхьа сацам бинера цаьрца болчара карабаха – шайна йукъахь 18-19 шераш долу кӀентий а болуш.
Ткъа хӀинца "Ахмат" спецназан командиро бехк баьккхина селхана дешархой хиллачийн дай-наношкара. Шайн бераш Курскан кӀошта дахийта ца лаьа царна ВСУ-н тIелатар йухадаккха. Путина шуьйра тIом ца болийнехь хила йиш йоцуш дара и боху цара. ТӀаьхьо кхин цхьа видео а дIайазйира цо - бераш де аьлла, кхайкхам а беш. Ца хуьлчу далахь, Алаудиновс бахарехь, оьрсий кӀезга биса тарло "кху пачхьалкхехь".
Your browser doesn’t support HTML5
Марсхьокху-беттан 17-чохь, хетарехь Курскан кIоштахь Нохчийчуьра дакъошкара йаьллачу ледарлонна тIера тидам дIабаккха хьийзаш хиллехь а, Кадыров Рамзана видео йаржийра, Соьлжа-ГIаларчу шен резиденцина хьалха пулемет тIе а хIоттийна Tesla Cybertruck электромобил хоьхкуш. Официалехь и машен Оьрсийчу кхачош йац- Кадыровс дIахьедира, шена иза совгIатна йелла йу Теслан куьйгалхочо, америкахойн миллиардеро Илон Маска. ТIаьхьо вукхо, хууш ма-хиллара, бакъ ца дира Нохчийчоьнан куьйгалхочун дешнаш.
Оццу деношкахь гIараделира Курскан кIоштахь кадыровхошца даьллачу кхин а цхьана девнах. Мел лахара а "Ахматан" цхьа эскархо гучувелира Глушково йуьртара телефонаш йухкучу туьканахь къола деш. Цуьнан цIе билгалйаккха аьтто хилира "Агентство" цIе йолчу интернет-хьостан журналистийн-талламчийн. Церан хаамашца, эскархочун цIе йу Абдулвадудов Юсуф. Соьлжа-ГIалахь информаци тергамза йитира.
КХИН А ХЬАЖА: "Ахматан" командиро дIахьедина салтий тIом бан декхаре хилархАлаудинов Аптис салташна тIе декхарш эгош, ткъа Кадыров Рамзана "Кибертрак" хоьхкуш, Путин Владимирца хан дIахьочу заманчохь, Оьрсийчоьнан тIеман министро Курскан кIошт Iалашйан жоьпалле хIоттийна кавказхойн кхин цхьа гIуллакхдархо- ГIалгIайчоьнан куьйгаллехь лаьттина, инарла-полковник Евкуров Юнус-Бек.
Нохчийчоь – ницкъахоша нах хьийзочу регионашлахь 3-гIа йу
Оьрсийчохь политикан бахьанашца хьийзочу хӀора иссалгӀачу стеган гергарчарна цхьана кепара йа вукху кепара тӀеӀаткъам бо ницкъаллин структурийн белхахоша аьлла дIахьедина ОВД-Инфо гIирсан аналитикехь. Нохчийчоь кхоалгӀа регион хилла Орсийчохь, цу кепара бечу Ӏаткъаман барамца. ПхоьалгӀачу меттехь йу Краснодаран кIошт, ворхӀалгӀачу меттехь дIатарйелла ГӀалгӀайчоь.
Бакъонашларъярхоша анализ йина 2016-чу шарера 2023-чу шаре кхаччалц политикан бехкашца хьийзоран 3 332 гӀуллакхан – цу юкъадогӀу бехктакхаман а, административан а гӀуллакхаш. Ткъа иштта "арахьарчу агентийн" йа "лаамаза йолчу организацешца" йоьзна хиларх дискриминацин статусаш йалар а.
Дукха хьолахь оцу тайпа тӀеӀаткъам бар хуьлу Москвахь (89 меттиг), аннекси йинчу ГӀирмехь а, Севастополехь а (43 стагана). Нохчийчохь гергарчарна тӀеӀаткъам бинарг 34 стаг ву, Краснодаран махкахь – 19, ГӀалгӀайчохь – 18. Оцу терахьаша гойту нахана тӀеӀаткъам бина меттигаш.
Уггаре а дукха тӀеӀаткъам бар хааделла 2022-чу а, 2023-чу а шерашкахь – хӀора а шарахь -153 гIуллакх нисделла. Уггаре а кест-кеста лелош йолу тӀеӀаткъаман кепаш йу – полисхой хIусаме бахкар, Iедалана тIекхийкхар, ткъа иштта нехан хIусамаш таллар а. Мелла а кӀезиг хуьлу - гергарчийн бахамца хало латтон хIуманаш лелор, кхерамаш тийсар, йа лецна латтор. Наггахь нисло балха тӀехь Ӏаткъам бар а, Iазап хьегийтар а, берашца йоьзна проблемаш кхоллар а, гергарчарна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакхаш долор а.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчоь 3-чу меттехь йу политикан гIуллакхашкахула бехкебечу нехан гергарчарна Iаткъам бечу регионашлахьДукха хьолахь, тIеIаткъам бо жигархойн гергарчу нахана. Жигархоша оппозицин политикан гIуллакхашахь дакъалацарна, ткъа иштта юкъараллехь, интернетехь дӀахьедарш дарна а.
Дагестанехь а, Нохчийчохь а Олимпикан чемпионашна совгIаташ декъар
Парижехь дIайахьначу Олимпиадан къийсамашкахь маьршачу латарехь толамаш баьхначу – Нохчийчуьра а, Дагестанера а бахархошна – совгIатана петарш йелла даймахкахь. Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта, спортан министро Кадыров Ахьмада петаршна сертификаташ делира Узбекистанан а, Албанин цIарах леттачу Нохчийчуьра спортхочунна Жамалов Разамбекана а, Дудаев Исламана а, ткъа Дербентан мэра Кулиев Ахьмада совгIат дира – Желтойн-махкан векал хиллачу гIалин вахархочунна Куруглиев Даурена.
Олимпиадехь дашо мидал йаьккхинчу Жамаловна а, борза мидал йаьккхинчу Дудаевна а петарш йелларг Кадыров Ахьмадан фонд йу, хаам бира кхаарин дийнахь шен телеграм-каналехь, спортхошна аэропорте дуьхьал вахана, царна совгIаташ динчу Кадыров Ахьмада. Цул совнах, Жамаловна 10 млн сом ахча а делира.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчохь, Дагестанехь петарш ло Олимпиадан спортхошна - уьш къийсалуш бара кхечу пачхьалкхийн тобанашцаБорзан мидал йаьккхинчу Куруглиев Дауренна Дербентехь петар йаларх оршот дийнахь дIахьедира Кулиев Ахьмада.
Цунна критика йира Пачхьалкхан думан депутато Милонов Виталийс, цо бохура Куруглиев шен мохк дIатесна "харц атлет" ву, "шен духарна тIера вайн байракх этIа а йеш, дIайаьккхина волу". Iедалхочо "Оьрсийчоьнан маьхза петар" спортхочунна йаларна Коьрта прокуратуре ша айкхаваларх къадийра Милоновс.
Милоновна жоп луш Дербентан администрацин пресс-сервисо дIахьедира, петар йелларг девелопер-компанин "меценат" ву аьлла, бюджетера ахчанах пайдаэцна бац бохура цо. Администрацехь тIечIагIдира, спортхочо "шен пачхьалкхана дуьхьал дIахьедарш дина дац" аьлла, ткъа "шен махкахойх дIакъасьсташ" официалехь сацам бина а бац.
Кавказхойн спортхойх кху шеран Олимпиадехь кхечу пачхьалкхийн байракхаш кIел хьуьнарш гайтинчех деша таро йу тхан сайтехь.
Красиков дIаваларна дуьхьал Венехь нохчийн митинг
Мангал-беттан 19-чу дийнахь Венерчу Германин векалтана уллехь нохчийн диаспоро митинг дӀайаьхьира мангал-беттан 1-чу дийнахь Красиков Вадим хийцина, Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал. Ичкерин буьйранча Хангошвили Зелимха верна Германехь велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан тоьхнера Красиковна.
Барам вовшахтоьхначу, Австрерчу Нохчийн Ичкерия республикин векало Дунаева Розас Кавказ.Реалиин редакцига ма-аллара, 20 гергга стаг веанера митинге. Диаспоран векалш хилла ца Ӏаш, цигахь бара Австрера жигархой а, Украинера мухӀажарш а. Киллер Красиков Оьрсийчоьне дӀавалар "эхье политикан акт" йу элира гуламхоша.
КХИН А ХЬАЖА: Киллер Красиков хийцарна дуьхьал нохчийн диаспоро акци хIоттийра Страсбургехь"Ичкерин дозанал арахьарчу Ӏедалан цхьана а векалца, тхан диаспоран цхьана а куьйгалхочуьнца, йа Хангошвили Зелимхан доьзалера цхьана а стагаца хийцарх лаьцна дийцарш дечу хенахь дагабевлла бац", -аьлла, Европера нохчий эргIад бахаран кхин а цхьа бахьана довзийтира Дунаева Розас.
Австрин Iедалхоша Германин векалтана хьалха митинг хIоттон бакъо ца лора шайна, цундела гIишлона 20 метар дехьа хIоттон дийзира аьлла, тIетуьйхира цо. Дуьхьалонан акци йирзинчул тIаьхьа и вовшахтоьхначара шайн кхайкхам бахьийтира векалте.
КХИН А ХЬАЖА: Киллер Красиков Оьрсийчоьне дӀаваларна дуьхьал Венехь нохчийн диаспоран митинг дӀайаьхьираМарсхьокху-беттан 12-чу дийнахь Францера Страсбург гIалахь Германин а, Американ Цхьанатоьхначу Штатийн а векалташна хьалха а дӀайаьхьира нохчийн диаспоран декъашхоша дуьхьалонан акцеш. Уьш хIиттийнера къайлахчу сервисан агент Красиков Вадим Оьрсийчоьне дӀаваларна дуьхьал.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: