ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров, Керимов, Wildberries. КIиранан жамIаш


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Wildberries-н гонах иккхинчу девна йукъа гIоьртина Нохчийчоьнан куьгалхо, Соьлжа-ГIалара талламан изоляторехь хан такха витина Журавель Никита, Украинера тIамехь кадыровхой хьалхатоьтту – цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 73-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Кадыров, wildberries а, цунна гонах дерг а

Оьрсийчоьнан уггаре а йаккхийчех цхьаъ йолчу Wildberries маркетплейсан йохка-эцарх иккхинчу девна йукъагIоьртина Кадыров Рамзан. Бизнесхочун Бакальчук Владиславан агIо лоцур йу ша, цуьнан хIусамненаца, Wildberries долахь йолчу Бакальчук Татьяница иккхинчу къовсамехь, оцу гIуллакхан йист йаллалц доьрзуьйтур дац ша аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Компанин 1 процент акцеш долахь йолчу Бакальчукан хIусамдас дIахьедина "бизнес рейдерша дIайоккхуш йу", цундела Нохчийчу веана иза Кадыровга орца деха. Оцу йукъанна "рейдерша дIайоккху" бохург бакъ ца до Бакальчук Татьянас, иштта цо дIакхайкхийна хIусамдеца ша кхаьсташ хиларх а.

Кадыровн телеграм-канале хIоттийначу видео тIехь, совдегаро латкъамаш до Нохчийчоьнан урхалхочуьнга "зуда цIера дIайахарна" а, "йевзаш йоцчу компаница уьйр" хиларна а. Иштта элира цо Wildberries-н арахьара реклама йечу Russ операторх дIакхетарх. Ткъа Кадыровс бохура "эхь доцуш рейдерийн дIайаккхар" ду и, цо бехкебира цунна Russ-н куьйгалхой а, "масех вевзаш волу кавказхо" а.

Зорбанан гIирсийн хаамашца, уьш цхьанатухуш барт бар оьшуш хиллачух тера ду Дагестанан цIарах сенатор волчу, миллиардерна Керимов Сулейманна а, ГIалгIайчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Барахоев Бекханна а. Хьалхо иза вузуш вара Russ компаница.

"Дождь" телеканалан информацица, Керимов ву Wildberries компанин долахочун Бакальчук Татьянин а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а цхьаьнакхетар нисдинарг. Каналан хьасташа дийцарехь, Керимовн интересашца ду бартбар: цхьана версица, Wildberries шена дIайерзон хьийза иза. Маршо Радион оьрсийн сервисе иштта дийцира цунах лаьцна The Bell гIирсан журналисто-талламхочо Панкратова Иринас: "Оцу дийцарна тIехь дукха хенахь дуьйна лаьттарг Керимов лоруш ву, иза воцуш меттиг а бацара. Russ, Wildberries-ца йуьстича – иза цхьа микроскопан барамехь бизнес йу, цхьанна а хууш дац, стенна оьшура царна вовшахкхетар. Бакъдерг ала деза, шеко йоццуш чIагIдойла йац и билггал Керимов ву а, цунна тIехьа лаьтташ лаккхара даржера цхьа вац а".

Бакальчукца хиллачу цхьанакхетарехь Кадыровс тIедиллина шен уллорчу накъостана, Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думин депутат волчу Делимханов Адамна "хаттар листар" а, "зуда доьзале йухайалор" а. Иштта дара цуьнан къамел: "Оцу кехаташна куьйгаш йаздан декхаре йолчу йоллу структурашка кхайкхам бо аса – аша тахана документашна куьйгаш йаздаро ворхI бер долу доьзал бу бохош. Шен куьйгашца бизнес латтийна стаг. И бизнес, доьзал а бохош, цхьана шайтIанаша дIайоьккхуш йу".

Оцу видеона жоп делира Бакальчук Татьянас. "Рейдерийн дIайаккхар" ду бохург бакъ ца дира цо, дIахьедира, шен хIусамдас "кхин нах Iехош бу", цо бахарехь, буьйцург барт бу "массо а тIетайна, къобалбина". Цо билгалдоккху, шен хIусамден Wildberries-н цхьа процент акцеш бен цахилар, цо цуьнан урхаллехь лоцуш дакъа цахилар, амма "дакъалоцуш вара иза вовшахтоьхначу керлачу структурин менеджментан презентацихь" аьлла цо.

"Суна чIогIа ца тов, Владислава тхан доьзалехь йолу халонаш нахалайахар. Адаман дахарна цхьа а йукъагIерта оьшуш дац, и цуьнан шен дахар ду. Со йоккхайуьйр йу сайн дахарехь долчух лаьцна дийцарш сайга ца дийцийтахь. Цу тIе ас бакъдо, дIасакъастарх кехаташ листа долийна хилар".

Бакальчук Татьянин бахаман мах хадийна Forbes журнало – 7,4 миллиард долларшкахь бу аьлла. Пачхьалкхера уггар а хьал долчу нахах хIоттийначу тептарехь 22-гIа меттиг дIалоцу цо. Цуьнан хIусамда вац оцу тептарехь. Цу коммерцица доьзначу девна йуккъе Кадыров Рамзан стенна гIоьртина- хууш дац, хIунда аьлча, цу йукъахь болу нах Нохчийчоьнца гIуллакх догIуш бац.

Бизнесхочуьнца хиллачу цхьанакхетарехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен "доттагӀ" элира цунах, амма йиллинчу хьасташкахь цхьана а кепара хаамаш бац хьалха церан йукъаметтигаш хиларх лаьцна. ТӀаьхьо Кремло дӀахьедира, "Вайлдберрисна" гонах лаьттачу хьолана шаьш юкъагӀертар дац, уьш доьзалан а, бизнесан а юкъаметтигаш хиларна аьлла.

"Transparency International – Орсийчоь" организацин куьйгалхочо, коррупцина дуьхьал лаьттачу эксперто Шуманов Ильяс иштта дийцира цунах лаьцна: "Кадыров корпоративан девнаша йукъа гIертар, хIара дуьххьара хилла хIума дац. Даим а санна, цхьахйолчу агIоно цуьнга гIо доьху, йа цуьнан гонерчу цхьанна тIебоьлху, цул тIаьхьа цу йукъагIуртуш Iедал ду цуьнан.

Оцу тайпа йукъагIортар доьрзу йа машарца барт хуьлий, йа Кадыровца воьзначу бизнесхочунна, йа структурашна цуьнан бахам, йа актив кхочуш.

Селхана Кадыровс динчу дIахьедарехь цхьа тамашен хIума элира цо, оцу кепара корпоративан девнаш луьстучу Делимханов Адамна тIедожадо ша аьлла. Ма-дарра аьлча, цо жоп луш ду йоллу бизнес-активех, церан кхерамзаллех. Схьагарехь, хьал ишта ду: Бакальчук Татьянин формалехь а, формалехь доцуш а Iаткъам бан алсам гIирсаш бу, майрчух дIакъаста а сацам цуьнан хилла баьлла. Ткъа цуьнан хIусамдас Кадыровга орца доьху, и шен тIаьххьара шанс йуй а хууш".

Журавель Никита СИЗО-хь хан йоккхуш ву

Чиллан-баттахь Нохчийчохь КъурIан дагорна кхо шо ах шо хан тоьхна Волгоградера студент Журавель Никита шен хан такха висина Соьлжа-ГӀаларчу номер I йолчу СИЗО-хь. Цигахь латтош вара иза талламаш бечу муьрехь а, дов хоттуш а.

Журавелан адвокато Антонова Юлияс дийцира цунах лаьцна: "Суна хаарехь, дерриг а дика ду цуьнца", - элира адвокато, ши бутт гергга хьалха ша иза волчахь хилар хоуьйтуш.

Иштта цо билгалдаьккхира, цунна тоьхна таӀзар ницкъе дерзарх а. Тарло Журавель Никитас цунна латкъам ца бина хила, журналистийн аьтто ца баьлла цунах лаьцна информаци карон. Цуьнца цхьаьна, и гӀуллакх теллинчу Соьлж-ГӀаларчу Висаитовн кӀоштан кхелан сайта тӀехь а йац хьалхарчу инстанцин кхело бинчу сацамах лаьцна информаци.

Нохчийчуьра таӀзарш кхочушдаран федералан урхалла реза ца хилира журналисташна Журавелан хьолах а, цо хан токхуш йолчу меттигах а лаьцна информаци йала.

Бехктакхаман кхочушдаран кодексо таро йуьту тоьхна хан СИЗО-хь йаккхийта - иза магош ду "къаьсттинчу хьелашкахь" а, тутмакх реза хиларца а, нагахь санна, иза кхул а хьалха таIзар дина а вацахь.

Стохка мангал-баттахь Журавель лаьцна, цунна таIзар а кхайкхадале хьалха, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дӀахьедира, цо шен хан токхур йу "дукхахберш бусулба болчу Оьрсийчоьнан Федерацин цхьана регионехь" аьлла.

Дагадоуьйту, Волгоградехь маьждигна хьалха КъорӀан дагош йаьккхина видео дуьххьара гучуйелира социалан машанашкахь стохка бIаьста, цуьнан таллам бан омра дира полицино. Цул тӀаьхьа ши де даьлча ницкъахоша хаам бинера меттигера вахархо хила мегаш волу, Украинера схьаваьлла, кхача дӀасакхоьхьу Журавель Никита лаьцна аьлла. Талламхоша дийцарехь, стигалкъекъа- беттан 19-чу дийнахь СБУ-н тӀедилларца дагийнера цо КъорӀан, шена 10 эзар сом лур ду аьлча.

Кадыровхой тIаме хьалхатоьтту

Оьрсийчоьнан эскарна йукъадогIу нохчийн дакъош Украинера тIамехь хьалхатоьтту, иштта Оьрсийчоьнан салтий Iама а бойту цаьрга. ТIеман ницкъашкахь ресурсаш цатоарца доьзна ду и, хаамбина Британин тIеман министралло. Хьалхо изза дакъош гIарадевлира "тикток-эскарш" санна – социалан машанашка йахка видеош а йохуш, тылехь латторна йеллера царна и цIе.

ТIом боьдучу меттигашка йухабуьгу Нохчийчуьра эскархой тIема йукъара ЧВК "Вагнеран" йолахой арабаьхна, долара тIеман компани дIайохийначул тIаьхьа, аьлла ду хаамехь. Верриг а "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" тIеман кечамаш бина ву 42 эзар гергга стаг, билгалдоккху Британин тIеман урхалло. Iаморашкахь итт де бен даьккхина цахиларо шеконаш кхуллу уьш тIамехь эвсара хир бу аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кест-кеста дIакхийкхадо Гуьмсехь тIеман Iаморашкахула чекхъйевлла республикера тIаме керла тобанаш хьийсорах. ТIаьххьара ишта хаам бира цо шен телеграм-каналехь товбеца-бетан I0-чохь. Стигалкъекъа-баттахь кхаа дийнахь шозза дIахьедира цо Нохчийчуьра керла тоба тIаме хьажийна аьлла, цуьнан бахьана ца дийцира цо.

Кавказ.Реалиин редакцино дечу лараршца, Украинера тIамехь Нохчийчуьра вийна 274 вахархо – и терахь масийттаза алсам ду, официалехь дIакхайкхийначул а.

Кадыровн критикаш хаийтина Нохчийчохь зуда лачкъорах

Оьрсийчоьнал арахьа бехачу Кадыров Рамзанна критика йеш болчу наха дӀакхайкхийна Нохчийчохь кхин а цхьа адам лачкъорах. Цара дийцарехь, йуьйцург ю ТIехьа-МартантӀера 25 шо долу йахархо Тепсуркаева Ракушка, меттигерчу полисхойн декъехь латтош а, хьийзош а йу иза, боху цара. Кхечу хьостанашкара и информаци тӀечӀагӀйина йац.

NIYSO телеграм-канало дуьххьара хаам бира Тепсуркаева лачкъийна бохуш. ТӀаьхьо хиллачух шорйина верси зорбане йаьккхира IАДАТ боламо а. Цара чӀагӀдо, йоӀ лачкъийна кхо кӀира гергга хан йу бохуш – товбеца-бутт болалуш. Бозбуунчалаш лелийна аьлла, бехке а йина, мукӀарло даккхархьама хьийзош йу иза, йаздо жигархоша.

"Тепсуркаева зезагаш духкуш йара, шена бевзаш болчу нахера оьцура цо йухадохка зезагаш. Шен ахча а, клиентийн ахча а дӀаделлера цо шена зезагаш латточаьрга, ткъа цара Тепсуркаева а, цуьнан клиенташ а Ӏехийра инзаре боккхачу барамехь. ТIехьа-МартантӀера лаккхара хьаькамаш а хилла оцу клиенташлахь", - чӀагӀдо IАДАТ олучу телеграм-каналан авторша.

Нохчийн оппозиционераша кест-кеста хаам бо республикехь нах лечкъош хиларх лаьцна, ткъа меттигерчу Iедалхоша и хаамаш тергамза буьту.

Кадыровн кхоалгIа зуда Оьрсийчоьнан хьакъйолу артист

Президента Путин Владимира Оьрсийчоьнан хьакъйолу артист аьлла цӀе йелла "Нохчо" халкъан ансамблан директорна, исбаьхьаллин куьйгалхочунна Ахмадова Аминатна. Официалан боцчу хаамашца, иза Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхоалгӀа хӀусамнана лоруш йу.

Цуьнца догӀуш долу указна Путина дахначу шинарийдийнахь куьг йаздина, ишта бакъонан информацин порталехь зорбане даьккхина. Къоман культура а, искусство а кхиорехь цо доккха дакъа лацарна, "дуккха а шерашкахь беркате болх барна" йелла сийлахь цӀе.

Изза цӀе йелла Нохчийчоьнан пачхьалкхан филармонин йишлакхархочунна Дадашева Тамарина а, Ӏедалехьа волчу оьрсийн иллиалархочунна Дронов Ярославна (Шаман цIарца вевзачу), ала догIу, Украинера тIамана пропаганда йарна Евроберто санкцеш йаьхна цунна дуьхьал.

2019-чу шарахь Ахмадова Аминат Кадыров Рамзанан кхоалгӀа хӀусамнана хиларх лаьцна дийцира Оьрсийчуьра схьайаьллачу Нидерландийн режиссеро Новикова Машас. Цо кино йаьккхира Нохчийчуьра "Даймохк" цӀе йолчу берийн халкъан хелхаран ансамблах лаьцна, иза кхоьллина артистан дас-нанас Ахмадов Рамзана а, Айзас а. Республике лелачу хенахь церан хӀусамехь Ӏийначу Новиковас дийцарехь, ша Кадыровга маре йаханчул тӀаьхьа Аминат шена йелира, ткъа цуьнан вежаршна а, дена а Ӏедалан даржаш а, керла машенаш а йелира, иштта йоӀана уллохь хӀусам а хилийтира.

Официалехь оцу информацин тоьшаллаш дац. Кадыровс массарна а гуш-хезаш шен цхьаннал а сов зударий хиларх дуьйцуш дац.

Аша ладуьйгIира Маршо Радион 73-чу подкасте. Кху кIиранах Нохчийчохь хиллачу коьртачу хаамех лаьцна йара иза. ЛадогIа тхоьга йоллу аудио платформашкахь, ишта ютубехь, фейсбукехь, телеграмехь а.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
  • Audio
XS
SM
MD
LG