Your browser doesn’t support HTML5
Китайн коьртачу гIалахь, Пекинехь, экономикан форумехь дакъалоцуш волчу Оьрсийчоьнан Президенто Путин Владимира журналисташна хьалха вистхуьлуш харц дира Оьрсийчоь кху беттан 12-чу дийнахь дуьйна хилла кибератакаш ярна бехке ю бохург.
Цо дийцарехь, 150 пачхьалкхерчу компанин а, цхьаьнатохараллин а компьютерийн системаш болх бечура совцийна WannaCry вирус яржийнарш ю Iамеркан леррина сарвисаш.
Путина чIагIдарехь, цунах лаьцна хаам бинарш бу Microsoft компанин куьйгалхой. Цундела цу хьелашкахь кхин верси йийцарх тамаш бо ша бохуш вара иза.
Оьрсийчоьнан президенто дийцарехь, кху тIаьхьарчу масийтта дийнахь кибератака яр бахьана долуш хIара бу аьлла эшам ца хилла Оьрсийчуьрчу компанешна.
Делахь а, иза сагатдойтуш хIума ду, цхьа а дика хIума дац иза, шаьш гIайгIане дахийтина цу гIуллакхо бохуш вара Путин.
Кху тIаьхьарчу масех дийнахь WannaCry вирусан программо 150 пачхьалкхехь болх бечура сацийнера лаххара а 200 эзар компьютер. WannaCry программо шифрашка ерзайора компьютеран долахочун файлаш.
Блок дIаяккхарна дуьхьал 200 – 600 биткон олу электронан доллар ахча дехара и вирусан программа яржийначу наха. Оьрсийчохь цу вирусо тIелетар динарг яра Сбербанк а, "Мегафон" а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а.
Делахь а, гарехь, журналисташна хаа луург дара кхин хаттар. Иза дара юха а президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь вуй-те Путин бохург.
ТАСС агенталло дийцарехь, цхьана журналисто хаьттира "хан тIекхаьччий ахьа 2018-чу шарахь президентан харжамашкахь дакъалацарх лаьцна сацам бан" аьлла. (Путина хьалхо аьллера цуьнах лаьцна дийца хIинца а хьалхе ду аьлла).
-Путина доцца жоп делира «хIа-хIа» аьлла, - яздо ТАСС агенталло.
Оьрсийчохь президентан харжамаш хир бу 2018-чу шарахь Зазадоккху-баттахь. Харжамийн компани йолалур ю кху шеран ГIура-баттахь дуьйна.