ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан дарж дита дагахь волчух тера дац Путин


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, Гезг. 2, 2016
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, Гезг. 2, 2016

2018-чу шарахь Оьрсийчохь хин болчу президентан харжамашкахь дакъалацар хьокъехь цкъачунна сацам ца бина ша аьлла дIахьедар дина президенто Путин Владимира. Амма ша ца хилахь цу дарже хIуттур волу стаг муха хила веза дийцина цо Блумберг агенталле.

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир хIинца а ойла еш волчух тера ду, юха а президентан харжамашкахь дакъалаьцча хIун дара-те бохуш. Мухха делахь а Блумберг агенталлана интервью луш цо элира цкъачунна цу хьокъехь сацам ца бина ша аьлла.

Карарчу хенахь шаьш парламентан харжамаш дIабахьа кечлуш ду. Цу харжамех чекхдола деза, жамI муха хир ду хьажа деза, боху Путина. Цул тIаьхьа а ши шо ду президентан харжамаш хила. Цундела царах лаьцна дийца хьалхе хилла ца Iаша, кху хьаьдда йоьдучу заманахь цуьнах лаьцна дийцар а зене ду элира Путина, бохуш хаам бо Блумберг агенталло.

Нагахь Путина цу харжамашкахь ша дакъалаца ца оьшу аьлла сацам бахь, цуьнан метта харжамашкахь дакъалоцуш хир ву цо билгалваьккхина стаг. Путина дийцарехь, иза хене вахаза жима стаг хила веза, амма кхиъна ваьлла стаг хила веза иза.

Цул сов, Путина ша дIадала гIоьртар ву боху цу стаге Оьрсийчоьнан кхане муха хир ю бохург шена гар, шена реза ца хила цу стагехь бакъо а юьтуш.

Кху тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчоьнан масийтта регионан куьйгалле хIоттийна ницкъаллин структурашкахь болх бина нах. Цунна комментари еш Путина элира, махкахь лаккхарчу даржашка лерринчу сервисийн белхахой хIиттор вон ца хета шена аьлла.

Коьртаниг стаг кхиа лууш хилар ду, шен махкана гIуллакх дан лууш хилар ду мелла а яьккхийн бакъонаш йолчу даржехь, аьлла хета Оьрсийчоьнан президентана.

Совиологин сервисаш чIагIдарехь, «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин рейтин цIеххьана лахъяларх лаьцна шега хаттар делча, Путина элира харжаман процессехь алсам партеш ю дакъалоцуш, церан векалш телевизионехула, зорбанан гIирсашкахула, газеташкахь шайна хетарг дуьйцуш хуьулу.

«Цара массара а критика йо Iедалшна. Цара, бакъдерг аьлча, ца дуьйцу гIоле муха дан деза», - элира Путина.

Путина хьалха а дийцара 2018-чу шарахь президентан харжамашкахь ша дакъалоцур ду-дац ца хаьа шена бохуш. КхозлагIа а президентан дарж ша дIалаца лууш хиларх лаьцна цо дIакхайкхийра 2011-чу шеран Гезгмашин-баттахь, харжамаш хила ах шо дисча.

XS
SM
MD
LG