Хьажахь, цхьана хенахь, хIара тIемаш а довлале, хIокху заманан чехкалло адам саьхьар а даккхале, хьалха цхьа хан ма-яра вайнаха, баккхийчара а, амма къаьстина къоначара дагахь байташ Iамош, уьш вовшашна еша а йоьшуш, царах самукъа а долуш аьлла дагалецамаш а самабевлира.
Цхьа зама ма яра, байташ а, баккхийчу Iелимийн дешнаш а дагахь Iамийна ца Iаш, уьш цхьаьна леринчу тептаршка дIа а яздеш, дехьа - сехьа уьш кхийда а деш, керла-керла хаза байт шена карийначуо я говза дош хезначуо иза бовза-безарашлахь а декъа а доькъуш. ХIинца-м, керлачу технологеша дуккха а хIума адамийн дахарехь хийцинчул тIаьхьа, и зама цхьа инзаре генара санна хетало.
ХIетте а, хIинца а ма беха вайна юккъехь поэзин хазаллех Iехалуш берш. Говзачу дашо синпхенаш меттах дохуш берш. ДIа ма ца бевлла уьш, я бовла йиш а ма яц. Цхьана яздархочуо мацах ма-аллара, компьютер юккъеяьллера аьлла, мархаш эрча ма ца йевлла, уьш шаьш ма хиллара хаза ма йисина. И ойланаш нохчийн меттан говзанчица, Германин Малхбузехь дехачу вайнехан берашна нохчийн мотт Iамош йолчу филологца Мадалова Зараъца йийкъира ас. Хаттар а дира, Зараъ, хьан дарий хьо къона йолуш байташ а, говзааларш а дIайаздеш хилла тептар аьлла.
Мадалова Зараъ: „Дера дара! Сан а дара, сан нийсархойн а дара. ХIетахь лелош дерш тептарш дара, уьш хIинца дац, делахь а тахана и Iадат дIадаьлла олийла дац хьуна. Сан-м хIинца а ду и санна тептар, кара а лоций, тIехь йозанаш яздеш дерг-м дац, амма компьютер чохь-м ду. Сайна хазъелла байт а, говза аьлла хьекъале дешнаш а, цхьацца хьехарш а цхьана папки чохь гулдо ас.
ТIаккха масане хуьлу, я цхьана хIуманна сахьаьвзина суо хилча, я мелхо а цхьана хIумнах гуттар а самукхадаьлла суо хилча, и сайн дигиталан папка схьа а боьллий, цу тIера и йозанаш доьшуш Iа со. Дуккхаъчу хенахь хьогалла а лайна, хи меллачу стагана санна, цу дешарех вуно там хуьлу суна“.
Вайнзаманахьлерчу кегирхошна хийра дуй-те и байташ Iамор а, ешар а? Цара шайн синхьаамаш муха бовзуьйту-те вовшашна? Я поэзи а, дешан говзалла а шайх эца дуьненан пайда боцу, цундела оьшуш а йоцу атавизм, я шираллех дисина Iовдалаллин, догцIеналлин цинцаш лору-те цара? Нохчийн кегирхошца болх беш йолчу Мадалова Зараъна ца хета, хIинцалерчу къоначу чкъурана романтикалла хийра ю аьлла, цара иза кхечу агIор лов аьлла хета цунна.
Мадалова Зараъ: „Суна зеделларг муха ду аьлча, нагахь санна хьо юьхьенца, иштта цхьа тIера дIа, кIоргене а ца кхийдаш, цу вайн хIинцалерчу къоначу чкъуран тидам а беш, церан мах хадон гIоьртича, тIаккха цаьрцара и вайн хьалха хилларг санна йолу романтикалла дIаяьлла аьлла хетало. Амма кIеогера ойла йича я тидам бича а кхета, хьалха вай вешан заманан Iадаташ а, амалш а ма леллора, цара тахана шайн заманца цхьаьнадогIург леладо. Масала, изза йозанаш дон тептар схьаоьцур вай. Иза а ма хийцаделла тахана, цунна метта компьютер чохь файлаш ма лелайо.
Иштта цара а леладо-кх шайн заманахь лелаш лерг. Хьалха вайн аьттонаш бара цхьа билгал долу хаарш эца, масала, библиотеке доьлхура вай, цу чохь карийнарг вайна хууш хуьлура, ца карийнарг ца хууш дуьсура. Ткъа тахана дIахьжахь интернете. Цу чохь дан а доцуш хаарш ма дац! Цундела хIинца тIекхуьуш долу керла чкъуор вайначул дуккхаъ даккхийрох хаарш доолш ду. Ас ца боху массо а кегирхой бу иштта, амма хааршна тIекхийдаш болчеран и хаарш хьалха вайн хилалчел алсамох а, кIоргаха а ду“.
Мадалова Зараъ ша вуно шовкъе поэзи а, литература а езархо а, цуьнан сийдархо а ю. Кхаа маттахь марзо оьцу ша бохуш дуьйцу цуо литературех. Амма уггаре а сина гергара нохчийн маттахь йолу поэзи а, проза а хуьлу шена.
Мадалова Зараъ: „КIоргера, сица ас къамел деш берг нохчийн мотт бу. Атта соьга бийцалуш берг оьрсийн мотт бу. Ткъа нагахь санна нохчийн я оьрсийн матте гочйина цхьа киншка яцахь,иза немцонй матахь йоьшу ас. Масала, хIинца ас йоьшуш йолу киншка немцойн маттахь ерг ю. Ткъа нохчийн маттахь киншка-м сан даима сайца ю муьлха а цхьаъ. Карарчу хенахь ас юх-юха а оьшуш ерг Алие ГIапуран ерг ю. Цьунан хIумнаш вуно лахаме ма юй. Иза веша а вешна, и лазам сайн чохь дукха сов гулбелла Iаьткъича, суо цу лазамна кIадйелча, тIаккха „хахх!“ аьлла сайн са хьостуш, и са тIома доккхуш йолу Бисултанов Аптин поэзи йоьшу ас. Цуо Iехайой, тилйой, гойту суна, серло а ю, махьшаре а ю, хазалла а ю, дерриге а хаза а, дика ду бохург“.
Къамел дерзош, романтикалла хьахийначара Алиев ГIапуран безаман лирикера байт ешахьара аьлла дехар дира ас Зараъе.
Мадалова Зараъ: „ГIапуран поэзехь хIара цхьаъ аьлла, безамах цхьа байт билгалайаккха чIогIа хала ду, хIунда аьлча цуьнан вуно дукха а, хаза а байташ ю безамах лаьцна. Делахь хIара цхьаъ къастайо ас:
„Дицделларш хIинца ахь ма даха карла,
Иштта а, вуьштта а кега ма де,
Ма йийла сан новкъа, йицйинарг халла,
ХIинций бен ца веъна со синтеме...“
ХIун башха бехкенарг муьлха ву хIинца?
Хьан аьлла дуьххьара кIоршаме дош?
Хилийта со бехке, хьо хила ирсе,
Ца ялош юха а безаман хорш...“