Телефонехула "йоьхкина бомбанаш" лоьху Iедало юха а

Эвакуаци ю дIахьош БуьритIехь

Къилбаседа Кавказехь "телефонан терроризм" йолаелла юха а. Йоьллина бомба ю аьлла бевзашбоцучара полице хаамаш бина аэропортийн, цIерпоштан, автобусан социйлийн, туьканийн, школийн, дарбан цIенойн хьокъехь массех гIалахь.

Цхьаьнхьа я кхучунхьа бомба йоьллина олий, Iедале хаамбар юкъадаьккхира 2000-лагIа шераш дуьйлалуш. ХIетахь оцу харц-хаамийн авторш хуьлура школашкара бераш, институташкара студенташ – Iалашоне эцна нислора экзамен, я кхиболу хаарш зеран барамаш юкъахбахар.

Цул тIаьхьа долийра цхьацца хьукматашна минанаш йоьхкина бохуш зIе еттар. Дукха хьолехь бегаш бархьама деш а хуьлура иштаниг. Масала, 2016-чу шарахь БуьрийтIерачу цхьана депутато оцу кепехь "мина йоьллинера" шена буса къаьркъа ца доьхкинчу туьканна.

КХИН А ХЬАЖА: Метро чохь бомба йитинарг лоьхуш ву полицино

2017-чу шеран гурахь шоръелира "телефонан террор", яьржира ерриг а Оьрсийчухула. Оцу шарахь пачхьалкхерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан дакъошка, бомбанех халкъ "Iалашдеш", телефонехула хаам хьажийна 3077-за. Оцу бахьаница 3500 Iедалан цIенош чуьра, "кхерамах кIелхьарваьккхина" 2,5 миллион стаг.

Даим ца болу телефонашкахула харц хаам баржийнарш леца аьтто. 2017-чу шарахь Оьрсийчухула минанех лаьцна боцу кхерам айбинчех Iорабахабелла зуламхой бац 28,5 % бен. 2018-чу шарахь иштачех схьакарийнарш бу 50% процент гергга. Оьрсийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочо Патрушев Николайс еллачу информацица, "телефонан террорца" доьзна набахтешка хьажийна 350 стаг. Царех дукхахберш бу деккъа дIа беламна харц-кхерам тесна нах.

Баккъал а зулам дан а кечвелла, мина йоьллина стаг атта дац лаца. 2017-чу шеран Iай, "телефонан террор" марсаяьллачу мурехь, Оьрсийчоьнан полицин куьйгалхочун когаметта волчу Зубков Игора дIахьедира, дукхахболу кхераме хаамаш Шемара телефонаш еттачаьргара бу, аьлла. Ткъа къайлахчу сервисан (ФСБ) гIантдас Бортников Александра тIетуьйхира, дозанал арахьарчу "теллефонан террорхойн" уьйр ю Оьрсийчуьрчу шайн накъосташца, аьлла.

КХИН А ХЬАЖА: Оьрсийчоьнан полици кхераме хаамаш кхоьхьуьйту анонимаша

Оьрсийчуьрчу прессо, ФСБ-н хьасташна тIе а тевжаш, яздора, даима а минанех лаьцна хаам бийриг компьютеро кхоьллина борша стеган аз а ду, муьлхачу хьукматашна минанаш яхка еза аьлла, зуламхоша интернетехула хоуьйтуш телефонаш а ю. Хабарца "терроран тохар" кечдо, цунах болу кхерам баржабо дукха хьолехь компьютеран гIоьнца. Цундела хала хуьлу хаа стенгара мила ву "террорхо".

" VPN (интернет-зIе) гIоьнца зуламхочунна хала дац ур-атталла гIишло чуьра телефон тоха а, оцу чохь бомба ю аьлла. Цул сов, цунна технологеша таро ло аз дIа а яздина, юьстахвала, ткъа компьютеро йиллинчу хенахь, оьшшучу метте ша дIатуху телефон, дIахазабо хаам. Дукха бу зуламхочунна ша ца вовзийта некъаш", - дийцира "Кавказ.Реалиига" телефонан зIенан инженеро Галин Ильяс.

"Телефон тоьхна меттиг схьакарайойла а дац. Зуламхой лохуш, ерриг а Оьрсийчохь ханна дIалакъо еза интернет, амма цунах а ца хила мега гIуллакх - массийтта VPN юкъаяккха тарло зуламхочо", - билгалдаьккхира Галина.

2018-чу шарахь алссам "минанаш йоьхкина" телефонехула Къилбаседа Кавказехь. Оцу бахьаница эвакуацеш кхайкхоза йисина яц дукха гIаланаш. "Телефонан террорца" гIиттийна аэропорташ, хьукматаш – Iедалан а, Iедалх йоцурш а.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчуьра теракт: ша иккхина я йийна?

Кхушеран юьххьехь телефонехула дечу зуламийн рогIера тулгIе яьржира Оьрсийчухула. Масала, деношкахь Ставропол-мехкан гIаланашкахула минанех лаьцна телефонаш еттарна эвакуаци йина базаршкахь, туьканашкахь, кеманийн, автобусан, цIерпоштан социйлашкахь.

Телефонехула "минанаш йоьхкира" кху еарийдийнахь ХIинжа-ГIаларчу аьчканекъан социйле, цхьана автостанце, универмаге, иштта Дагестанан "Уйташ" аэропорте а.

Оццу дийнахь, I4-чохь, изза хьал дара ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а.

БуьритIера йохк-эцаран центр ю оьккхур йолуш, аьлла бара хIусаман гIирс бухкучу "Арктика" центре тоьхна телефон. Кхерамтесначо ца хаийтинера, муьлха центр ю ша юьйцург, цундела БуьритIера массо а центраш дийзира "кIелхьаръяха". Иштта "лелха езаш" яра эвакуацина кIел яхана Бесланера аэропорт а, кIоштан дарбан цIа а.

Мел зен дина, лелачуьра кеманаш совцийна "телефонан террорхоша", хаьттира "Кавказ.Реалиино" Бесланерчу аэропортан информацин урхалле. Шаьш, "Хаамийн ГIирсех" цIе йолчу низамца а догIуш, жоп дала ворхI де оьцу шайна, элира цигарчу белхахочо!

"Хьалха а, хIинца а, боцу кхерам а туьйсуш, харц телефонаш еттарш схьалеха беза Iедало, карош бацахь, кхерамзалла латто декхаре йолчу ФСБ-нера а, полицигараа жоп деха деза. Тхо маьрша нах ду, Iедална ял а ло оха, цуьнга ма-доггIу шен болх дIакхехьийта. Пачхьалкхо латто еза вайна кхерамзалла", - элира шега Бесланерчу хьолах лаьцна динчу хаттарна жоп луш "Бесланан наной" юкъараллин лидеро Дудиева Сусаннас.

РогIерчу дийнахь, 15-чохь, "минанаш йохкар" кхин а гена шорделира – Краснодаре кхечира. Цигахь "телефонан террорхоша" сацийра аэропортан болх – 9 кема ца делира хеннахь тIома. Иштта эвакуаци йира базаршкахь а.

Муьлха гIала ю рогIехь? Хууш дац билггал. Амма букмейкершка гIуллакх даккхахь, хиндерг кхоже а диллина, ахчанаш тийса а, даха а аьтто-м ло хIоьттинчу хьоло.