Селфи - нохчийн шира дош!

Селфи боху дош нохчашлахь дукха даржаро хоьтуьйту наг-наггахь иза ворхIе дайшкара дуьйна схьа вайн ненан маттахь лелаш хилча санна. Жима а, воккха а, бер а, гIеметтахIоьттинарг а – цхьа а вуй-те аьлла а хетало, мобилан телефонаца ша шена сурт даккханза?

Къайлаха-къулаха шен цу сартех воккха а веш, ирча даьлларг оцу сохьта дIа а дойъуш, хаза даьлларг я профиле хIоттош а, бовза-безачарна дIасатосуш я, кхин ца хуьлчу даьлча, шена дагалецамашна дуьтуш. Хийлачарна тIаьхьарчу масех шарчохь марзделла, хийламмо лелош хIума ду иза.

Бакъду, атта мукIарло ца до дукхахболчара, шаьш а цу лазаро лаьцна хиларх – эхь хета, я наха „кхуо хIун леладо“ аларх кхоьру. ХIетте а ша шена хазхетар, ша шех воккхавар – иза еккъа цхьа вайн заманан билгало яц, иза хIора адаман сица, цуьнан Iаламца ду, даима а хила а хилла. ХIинца санна и хIума малха даккха, иза гаррехь лелон, иза кхечаьрца декъа техникан таронаш ца хиллехь а.

Вуьшта иза делахь, муха тудура дара ширчу наха шайн тоьлийн пеношна тIехь дехкина сарташ, шаьш а, шаьш лелориг а гойтуш? Муха тудур дара, дуьненчу даьллачу, мотт ца луьйцучу берана уггаре а хаза хеташ, цуьнан самукъадолуш долу аз – иза цуьнан цIеран аз хилар?

Муха кхето дезара, цивилизацино дуккххаъ бIешераш хьалха куьзга кхоьллина хилар а, ткъа хIинца и куьзганаш вайн хIора а петарахь дуккхаъчу терахьашкахь кхазар а? Цундела харц хир дац, селфи даккха сатийсам адамашкахь даима а хилла, амма иза даккха аьттонаш ца хилла алар.

Дуьххьарлера селфиш дац, цхьаболчарна ма-моттара, тIаьхьарчу шерашкахь мобилан телефонашца юккъедевлла. ХIан-хIа, уьш дуьххьарлера автоматикан кнопка тIехь йолу фотоаппарат кхоьлличхьана а, аьлча а 1900-чу шарахь дуьйна дохуш ду. Цхьаццадолчу хьостанашца тIаьхьаьрлерчу оьрсийн элин Николай ШозлагIчун йоI Анастасия лара йогIу, дуьхьарлера селфи сурт даьккхинарг – ша шена даькхинера цуо иза, куьзгана а хьожуш.

Куьзгана а хьовсуш зудбераша даьхна сарташ дара вайн заманахь а селфиш моде даьхнарш – дагдогIий шуна, кхо-диъ шо хьалха зудабераш, цхьа ша-башхачу кепехь шайн смартфонаш схьа а лоций, балдаш а дуса дой, эсала бIаьргаш а бой, куьзгана хьалха дохуш хилла и сарташ? Доналд Дак - балдаш олура царех, ДиснейгIера мултфилмерчу бедан Даккан муцIарх цара шайн батош тарйеш хиларна.

Селфи боху дош ингалс маттерчу „селф“, „ша“ я „ша шена“ бохучу дашах схьадаьлла ду. Нохчийн маттахь селфих „шашеналг“ я „шашалг“ ала хьакъ ду бохург дийцаре даьккхира масех бутт хьалха цхьана дуккхаъ вайнах гуллучу интернет сайта тIехь. Амма муьлха а керла термин санна, хетарехь, хийрачу маттераниг тIеэца аттох долчу нохчийн кегирхошлахь и дош дарда ца даьржира.

Селфи -сарташ хIуммаъ шен къоначу дахарехь кIеззиг даьхна йоцучу 22 шо долчу Джамбекова Элизас Маршо радиога дийцира, нохчашка и башха мода кхачарх а, яржарх а лаьцна. Цуо дийцарехь, тоххарехь къоначу чкъуран ловзар долчуьра дIадаьлла селфица дерг, хIунда аьлча башха къоначарна тIаьхьабуьссуш гIеметтахIоьттинарш а бац, шаьш шайна сарташ дахарехь.

Джамбекова Элиза: „И селфи боху дош чIогIа даьржина вайнахана юккъехь. Хьалха смартфонаш еза йолчу хенахь, уьш эца массеран а таронаш яцара. ХIинца-м уьш йоцуш стаг вац, жима а, воккха. Берашкахь а тIаьхьа ю хIинца керла-керла яьлларг телефон. Ткъа и смартфонаш чIогIа атта ю лелон, цаьрца сарташ даха а атта ду вуно, масала, нагахь санна хьо хьуо елахь, уллохь хьуна сурт даккха стаг а воцуш, хIуммаъ хала дац айха хьайн сурт даккха.

Селфиш иштта яьржина нохчашна юккъехь. Хьалха алсамох зудбераш дохура уьш, амма хIинца кIенташа а, баккхийчара а доху. Зудбераша шаьш цхьа керла тIеюха хIума эцча, я шаьш цхьа хаза юургаш а йина, шун кечдича, дохуш шаьш шайна сарташ. КIенташа, масала, шаьш машен эчца я шаьш мехкаршца ирах Iачу хенахь доху.

Ур-атталла гIеметтахIоьттинчу зударша а доху уьш вуно дукха. Сурт даккха цхьаммо а ца олу, и дош дошамна юккъера а дIадаьлла хIинца, массара а селфи олу“.

Харц хир дара селфиш дахар беккъа вайнахана сел чIогIа марзделла аьлча. ХIан-хIа, доллу дуьне а ду цу дагаро лаьцна. Муьлхачу а Европийн гIаланийн урамашка ваьлча, иттанашкахь го шаьш шайн сарташ дохурш, туристаш хуьлда уьш, я меттигера бахархой.

Йоккха IалагIож елира масех шо хьалха Нелсон Мандела веллачу тезета вахана Iаш волчу Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Баркаъас, Британин премьер-министро Кэмеронс, цхьа кIайн месаш йолу зуда юккъе а хаийна, тезетахь цадогIучу агIор гаррехь самукъадаларца шаьшна селфиш дахар гIардаларо.

Цуьнца цхьаьна догIуш хетало нохчашлахь лелаш долу цхьа кхин сурт, цхьана тезетахь рагIу кIелахь кадам схьаоьцучехь могIара Iаш ву иттех жимстаг, хIора а уккал чу а эккхийтина, шайн смартфонашка хьожуш а волуш. Цхьаммо йозанца комментари йина цу суртана, хIара ду-кх „гIарчIъаьлла“ тезет, вай-фай а йолуш, селфиш дIасатасса а йиш йолуш, аьлла.

Нохчийчуьра куьйгалла а, муфтиятера Iелимаш а, махкара бу аьлла болу дешна нах а - массо а ву интернетехь шайн селфиш эфире дохуш. Уьш а бац цхье - Римера Папа Франциск а ву цаьрца нийса аьлча санна, кест-кеста шен селфиш, католикаш олуш ма-хилла, „орби ет урби“, аьлча а дуьненна а, гIалина а гойтуш.