Терго йийр ю Евробертан пачхьалкхийн дозанашкахь

Македони -- Грецин а, македонин а дозанехула дог1аш ду х1ара бер. ГIура-бутт 4, 2015

Террорхойн кхерамах ларбалархьама а, мухIажарийн терахь лахдархьама а Евробертан арахьара дозанаш лардар алсамдаккха деза аьлла хета Еврокомиссин векалшна.

Еврокомиссино шинари сарахь шен официалан сайта тIехь бинчу хаамца, цуо къобалдо, Евробертан арахьарчу дозанашкахь некъахойн а, транспортан а талламаш чIагIбар. Шенген зонина юккъе йоьлхучу пачхьалкхашка чу-ара буьйлурш хIинцалцачул а алсамох йолчу тергоне лацар Евробертан урхаллин функцеш лелош йолчу Еврокомиссино дузу терорхойн тIелатаран кхерамаш лахбан безаш хиларца а, амма иштта тIаьхьарчу беттанашкахь Малхбузе хьевддачу бIеннаш эзарнаш мухIажарийн терахь лахдан дехаш хиларца а.

Цу Iалашонца, Еврокомиссино билгалдаьккхина ма-хиллара, Шенген-зонехь йоцуш, визанашца я уьш йоцуш лелаш болу нах эцна ца Iаш, кIирбеллачу тергоне оьцур бу шен, Евробертан, бахархой а, цара Европин арахьара доза хада массаза до. ХIинцалца схьа европахоша шайн уггаре а аьхноха долчу хьелех лоруш дара Шенген-зонина юккъе йогIучу 28 пачхьалкхахь цхьанна а кепара Iедалхоша беш талламаш а боцуш, я хIиттийна дозанаш а доцуш, маьрша дIасалела йиш хилар. Амма гIура беттан пхийтталгIачохь Еврокомиссино Шенгенан дозанаш лардаран кодекс цIе йолчу низамийн кочарна юккъехь бинчу хийцамаш, хетарехь, и аьхналла мелла а хьошур ю.

Цу кепара европахоша сел еза лоручу некъийн маршонашна буржалаш тоха лааран коьрта бахьана Евробертан куьйгалхоша потенциала джихадхой дозанашкахь гучубаха таро алсам хир ю, талламаш шогох мел бо а бохучух тешарца доьзна ду. Къаьстина, Европехь бина а, кхиина а болу, я кхузахь тIаьхьарчу шерашкахь мухIажарш санна баьхна болу кегирхой Шема я Иракъе тIаме а ихна, уьш юха а Европе цIехьабоьрзучу хенахь, дозанехь билгалбаха йиш хир ю. Цул совнаха, террорхоша мухIажаршца ие а беш, Европехь талорш дан хьийсош болу церан агIончаша гучубаха а йиш хир ю аьлла хеташ бу Брюсселера хьукматхой.

Бакъду, тергамхошна тамаша хета, цу кепарчу гIулчашца террорхойн кхерам Европехь лахбан кадалахь, хIунда аьлча, цу хьокъехь немцойн вевзаш волчу ислам динах а, Гергарчу Малхбалех а эксперт волчу Нойманн Петерца цу хьокъехь немцойн АРД телевизионехь динчу дIахьедарца, Шемарчу я Иракъерчу террорхошна оьшуш дац, лерина Европе талорш дан шайн чаьлтачаш хьежор, хIунда аьлча, церан тоъалла агIончаш Европерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь болуш бу, ткъа Парижехь тIаьххьара хиллачу тIелатаро а, цул хьалха кхечу Малхбузенан мехкашкахь хиллачу радикалан исламхоша динчу талорша а гойту, уьш лелош берш меттигера, кхузахь кхиина а, бехаш болу а нах хилар. Цул совнаха, аналисто билгал ма-даккхара, ша шех Исламан пачхьалкхе олуш йолу ДаIиш тоба лууш яц шен агIончаш Халипат а юьтуш, Европе дIаэхар, мелхо а, Европерчу шен агIончаша Халипате хиджрат дан лууш ю иза.

Амма Евробертан арахьара дозанаш цу пачхьалкхийн цхьаьнакхетараллин куьйгаллина чIагIдан лаар еккъа цхьана терроран кхерамца доьзна хилла ца Iа. ТIаьхьарчу шарчохь Малхбузенан уггаре а боккхачех корталазар хилла дIахIоьттина долу мухIажарийн хаттар а цу цуьнан орамашкахь.

Иза го, Еврокомиссино Фронтекс олуш йолу шен дозалардаран система ахчанца а, белхахошца а, техникан гIирсашца а кхин а нуьцкъалох ян сацам бина хиларехь. Еврокомиссин президентан гIовс волчу Тиммерманс Франса шинари дийнахь Страсбургехь Европарламентехь динчу дIахьедарца, цу Фронтексах, хIинцалца схьа дозалардархойн тобанах лаьтташ хиллачу, хIинца дийна министраллех терра йолу цхьа башха хьукмат ян еза, Европин доза гIамаршлахь а, хичохь а, лаьттахула а, ткъа иштта стиглахула а лардан таро йолу. Цу кепара, билгал а дуккхаъчу аьтто-хьежамаш болчу политикаша дукхахенахь дуьйна йийцина хиллачу гIопах Европа тар а йеш.

Цкъачунна амма Евробертан цхьа-цхьаццачу пачхьалкхаша, Венгрино, масала, я Австрино, шайн дозанаш шайгара инициатива а гойтуш, тоххарехь чIагIдан долийнехь а, амма хIара аьлла пачхьалкхашна юккъехь дIасалелачу некъахошна хилла хийцам бац бохуш дийцира Маршо радионе Европехула а, цуьнан Малхбалехь Iохкучу пачхьалкхашкахула а вайнах дIасалелош болчу Германерчу а, Францерчу а шопарша.

Берлинера а, кхечу Германерчу гIаланашкара вайнах Даймахка дIасалелош волчу Гайсумов Руслана шена цкъачунна хIара аьлла кхин дозанашкара талламаш алсамбовлар хааделла дац, нагахьа санна дIасалелачийн кехаташ къепенехь делахь боху дуьйцу.

Гайсумов Руслан: „ТIаьхьарчу хенахь кхин башха Iедалхойн талламаш алсам бевлла тидам ца хилла сан. Хьан кехаташ хила ма-дезара цIена а делахь а, хьоьца дIасахьош бехке хIума а яцахь, Iедало ца магийна йолу, тIаккха хьоьга хIуммаъ олуш цхьа а вац, контрол еш хилча а, сиха дIавохийта.

Бакъду, цхьаболчу наха шаьш цIайохьуьйтучу хIумнашна юккъехула чу къайлаха молхнаш а теIош, я цхьа кхин ца магош йолу хIумнаш дIасакхехьа гIертахь, тIаккха Iедалана иза гучудолу. И саннарш наха ца лелдахьара, вуно атта дIасалелар хир дара массарна а. Шен новкъа маьрша схьавогIуш волчуьнга хIуммаъ бохуш цхьа а вац Европехь, я нохчашка а, я кхечаьрга а“.

Францера махкахой дIасалелош ву шен долахьчу автобусца Кагерманов Сайдрахьман а. Цуо а боху дозанашкахь хьал цхьаьнаэшшара цкъа а ца хуьлу, амма тIаьхьарчу хенахь кхин башха хийцамаш тергал ца бина ша бохуш.

Кагерманов Сайдрахьман: „Наггахь талламаш беш а хуьлу, наггахь ца беш а хуьлу. Соьца нисделла, ур-аттала тIера хIумнаш а толлуш, кIирбелла терго еш. Амма доккхачу декъехь маьрша дIасалела йиш хуьлу. Делахь а, дозанийн хьукматаш даима а сюрприз ян йиш йолуш меттиг ю, тайп-тайпана нисло цигахь Iедало еш йолу само“.

Цу юкъана Еврокомиссина дозанаш лардар чIагIдан лаар вуно ира критика еш бу Европера адамийн бакъонашларйархой а, цхьаццаболу политикаш а. Иштта, масала, Германерчу аьрро партин куьйгалхочуо Риксенгер Берндта журналисташка цу хьокъехь элира, Евробарт адамаш лардарна метта дозанаш лардеш ю.

„МухIажарш арабахар, уьш къехкор, уьш кхерор- иза хилла дIахIоьттина-кх адамаллина гома йолу Евробертан мухIажаршца йолу политика“ аьлла. Ткъа Баьццарчу партин цIарах Европарламентан депутат йолчу Зиппел Биргита немцойн АПА агенталле еллачу интервьюхь элира, дозанаш лардо бохуш вайн коьрта маршонаш йохка йиш яц вайн, аьлла.