ГIалгIайчуьра бахархой байъина Wildberries-н офисехь, "Ахмат" спецназан командир Алаудинов йуха а девна йукъахь нисвелла, Азербайджанан бахархой бертаза тIамтIе хьийсабо Нохчийчуьра - цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 81-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Your browser doesn’t support HTML5
Wildberries-н офисехь гIалгIай байъина
Москвахь Оьрсийчуьра уггаре а йоккхачу Wildberries интернет-туькан офисехь герзаш деттачу заманчохь вийна ГӀалгӀайчуьра ши вахархо. Хадархой хилла уьш – спортхо Эльмурзиев Ислам-Бек а, Нохчийчуьра Росгвардин урхаллера "Ахмат-1" декъехь гӀуллакх деш хилла полисхо Алмазов Адам а. Дов даьлла хилла гезгамашин-беттан 18-чу дийнахь делкъал тӀаьхьа коьртачу шахьаран йуккъехь, Кремльна масех бӀе метар генахь.
Зорбане йаьхначу видеошка хьаьжча, уггаре а хьалха ницкъ бинарш бу Бакальчук Владиславан нах. Оьрсийчохь уггаре а хьалдолчу зудчун, "Вайлдберрис" компани кхоьллинчу Бакальчук Татьянин цIийнда ву иза. Офисан кор а дохийна, цу чу бевллера уьш. Цу чохь хиллера полицин белхахой; дов доладелира, дукха хан йалале детта герзаш хезира.
КХИН А ХЬАЖА: Пачхьалкхан каналаша тергал ца дира Москвахь Вайлдберрисан офис хьалхьа герзаш деттар а, кадыровхоша цу юккъехь дакъалацар аШена а, шен нахана а кIелойар ду иза аьлла хиллачух лаьцна Бакальчук Владислава. Цо чӀагӀдо, ша "Вайлдберрисан" офисе бизнесах лаьцна дийцарш дан веанера, ткъа уггаре а хьалха герз детта долийра маркетплейсан хадархоша бохуш.
Зорбанан гӀирсаша дийцарехь, дов далар бахьана долуш зенаш хилла мел кIезиг а кхаанна, бизнесхочуьнца хиллачу спортхошна – гIалагIшна Местоев Абубакарна а, Кодзоев Рашидана а, ткъа иштта нохчочунна Чичаев Ӏумарна а.
Уьш боцурш, Бакальчукца цхьаьна хилла Нохчийчохь прокурор лаьттина Эльмурзаев Анас, хӀинца ша бизнесхочун адвокат ву боху цо. "Агенталла" зорбанан гIирсан журналисташа дийцарехь, Эльмурзаевс оцу девнехь дакъалацаро тоьшалла до, "Вайлдберрисан" офисна штурм йан гӀортарца Кадыров Рамзан воьзна хиларх. ДуьххьалдIа цунна тоьшаллаш дац.
Ша Нохчийчоьнан куьйгалхочо комментарий йина йац махкара бахархой йукъахь болуш Москвана герзаш деттарх лаьцна хӀара подкастан эпизод дӀаязъеш.
КХИН А ХЬАЖА: Москвара "Wildberries" офисна уллехь чевнаш йина Нохчийчуьра а, ГӀалгӀайчуьра а латархошнаАмма Вайлдберрисехь конфликт хиларх дийца даьккхира товбеца-баттахь Кадыровн а, Бакальчукан а цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа. Цул тӀаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо компанин чоьхьа хуьлуш долчух "эхь доцу рейдерийн дӀалацар" ду элира, цо чIагIо йира "гIуллакхан йист йаллалц" Бакальчук Владиславан интересаш ша Iалашйийр йу аьлла. И гӀуллакх къастон жоьпалла тIедиллира Кадыровс Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь депутат волчу Делимханов Адамна.
Гезгамашин-беттан 18-чу дийнахь иттанашкахь бевзаш боцу нах чубаьхкира Wildberries компанин цхьана офис чу – "Динамо" метро станцина гергахь. Цара неӀ а йохийна, ницкъ бинера, боху, хадархочунна. ТӀечӀагӀбазчу хаамашца, тӀелатар динарш бу Нохчийчура схьабевлла бахархой.
Москвана юккъехь герз деттарца доьзна Оьрсийчоьнан Талламан комитето бехкзуламан гӀуллакх долийна стаг вер, адам ден гӀортар, бакъо йоцуш герз лелор, ницкъаллин структурийн белхахочун дахарна тӀекховдар аьллачу артиклашкахула. Хеттарш дан кхайкхинера Бакальчук Владислав.
Ша бизнесхочо, герз диттина дукха хан йалале, дӀахьедира, Вайлдберрис компанин керла куьйгалла доьзна ду, цо ма-аллара, "ГIалгIайчуьра вахархочо, цхьана политико латтош йолчу террорхойн тобанца". Лаккхара пачхьалкхан даржехь а ву боху иза. Бакальчука билггал йолу цуьнан цӀе ца йаьккхина, амма, хетарехь, вуьйцург ву Пачхьалкхан Думан депутат Барахоев Бекхан. Хьалхо хаамийн гӀирсаша маркетплейсан бизнес йуха йекъа интерес кхеттачех ву аьлла, вийцира иза. Оццу даржехь йаьккхира Дагестанерчу миллиардеран, сенаторан Керимов Сулейманан цӀе а.
КХИН А ХЬАЖА: Вайлдберрис-н а, Кадыровн а гIуллакха йукъа гIертар йац Кремль – ПесковАлаудиновна критика йар
Оцу юкъанна Кадыровн "Ахмат" спецназан командир Алаудинов Апти йуха а вийца ваьккхина, телеграмехь дечу дIахьедаршна тIехула. Курскан кIоштарчу хьолах лаьцна тIеман министраллин агIор дуьйцучех, ша цхьаъ бен воцург хилла дIахIоьттина иза.
Гезгамашин-беттан 15-чохь, шоьтан дийнахь цо кхайкхам бира Оьрсийчоьнан эскаран декъехь тӀом биначу, шайн лаамехь Украинин эскаршна карабахначу Нохчийчоьнан бахархошка, "шаьш дайъита хIуъа дай" аьлла. Цитата йу и.
КХИН А ХЬАЖА: Ксенофобеш патриотизмаца хьерчайо: Ахматан критикаш а, къамнашна йукъара девнаш аИнарлас дийцира йийсархой хийцарх доьзна Киевера цхьана наха Соьлжа-ГӀала телефонаш йеттарх лаьцна, нохчаша шега орца доьху, бохура цо, шаьш кIелхьарадаха бохуш. Цул тӀаьхьа Алаудиновс дӀахьедира, тӀом бина, хала чевнаш бахьана долуш йийсаре бахначу нахана бен ша гӀо деш вац аьлла. Дуьхьало а ца йеш карабахнарш "баха хьакъ бац", элира Оьрсийчоьнан тӀеман ницкъийн тӀеман-политикан Коьртачу урхаллин куьйгалхочун гӀовсо.
"Украинхой, шайна битийша уьш, тхуна оьшуш нах бац уьш бIе шарахь а, кхин а шина шарахь а. Ас церан карара воккхур ву, хуьйцур ву муьлхха а нохчо, амма шаьш карабахна нах тергал бийр бац. Суна и нах боцуш бу", - аьлла Алаудиновс.
Кхул а ши де хьалхо Украинерчу фотокорреспонденто Доброносов Яна зорбане йаьккхира Курскан кӀоштахь йийсаре лаьцна нохчийн Валерик юьртан куьйгалхо хиллачу Зарахматов Мохьмадца дIайазйина видео. Цо дӀахьедо, ша могIархо вара, марсхьокху-беттан 14-чохь Курскан махкара Суджан кӀоштахь йийсаре лаьцна хилар а, дуьхьало ша ца йарх а. Ткъа тIом бан вахийтина хилла иза бертаза.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровна пайдехьа ду? "ТӀеман корреспондентийн" а, "Ахматан" командиран а юкъаметтигаш стенна телхаш ю?Гезгамашин-беттан 16-чу дийнахь Алаудинов Аптис керла видео дӀаязйира: къаьсттина, цо баркалла элира Курскан кIоштан губернатор хиллачу Старовойт Романна регионехь шайн чIагIонаш кхин тIе а къовларна. Стигалкъекъа-баттахь дуьйна Оьрсийчоьнан транспортан министран даржехь ву Старовойт. Цуьнца цхьаьна хууш ду, марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь Курскан кӀоштахь дӀадоладеллачу тӀелетаран хьалхарчу дийнахь Украинин эскаро дуьхьалонаш эшийна хилар. Бутт сов хан йаьлла хӀетахь дуьйна, "Ахмат" спецназан командиран репутацина масийттаза тохар дира – ишта цо ша бахьана делла а. Цунах лаьцна кхин дӀа а йеша тхан сайта тӀехь йолчу материалашкахь.
КХИН А ХЬАЖА: Анапехь леттарш лецар къоман билгалонца доьзна "Ахматан" командироАзербайджанхой тIамтIе хьийсабо Нохчийчуьра
Кху кӀиранах гӀараделира Къилбаседа Кавказца а, Оьрсийчоьнан къилбица а доьзна дуьненаюкъарчу шина девнах лаьцна. Цкъа делахь, гезгамашин-беттан 16-чохь информаци гучуйелира, Азербайджанан бахархой Нохчийчохь дӀа а лецна, нуьцкъала Украинера тӀаме хьийсош бу аьлла. Цуьнца доьзна Баку зӀене йелира Оьрсийчоьнан арахьарчу гӀуллакхийн министраллица, хаамбира "Азери-пресс" агенталло, дипломатин хьостанашна тӀе а тевжаш. Верриг а, хаамийн гӀирсаша дийцарехь, лаххара а пхи азербайджанхо ву кадыровхоша бала хьегийтинарг. "Миграцин проблемаш" бахьана долуш лецнера уьш; шинга бертаза куьг йаздайтинера Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан декъахь йолчу "Север Ахмат" полкаца контракташ йан, кхин а кхоъ карарчу хенахь набахтехь ву.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчохь Азербайджанан бахархой нуьцкъала хьежош бу Украинана дуьхьал тӀом банЙа Соьлжа-ГӀалахь а, йа Москвахь а официалехь комментари ца йина цу информацина. Хьалхо масийтазза дийцира Нохчийчуьра божарий Украинерчу тIаме нуьцкъала хьежош бу бохуш. Амма хIетахь буьйцурш бара оцу махкахь бехаш берш. Гезгамашин-беттан 18-чу дийнахь Эрмалойчоьнан Талламан комитето дийцира махкахь Ӏедал дIалаца кечамаш бар толлуш хиларх лаьцна. Урхалло бинчу хаамца, цӀераш ца яьхначу бехкебечара Эрмалойчоьнан а, Ломара Карабахан а бахархошна вербовка йеш хилла Ростове тӀеман Ӏаморашка хьийсон. Оьрсийчоьнан векалша комментари ца йира оцу информацина хIара подкаст дӀаязъйечу хенахь.
Псковера десантхошна тIелатарна бехкевина нохчо
Ростов-гӀаларчу Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхело бехкевина 64 шо долу Нохчийчоьнан вахархо Батыкаев Ӏалавди. Цунна таIзар дина Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанашкахь дакъалацарна, ишта 2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковерчу десантхошна тӀелатар дарна а. Батыкаевна 16 шо хан тоьхна шогачу рожехь йолчу набахтехь даккха. Хьалхо "Мемориало" цунна тӀаьхьа бовлар бух боцуш ду элира.
ТӀеман эскархойн дахарна тӀеӀаткъам бар аьллачу артиклехула дина таӀзар, хаам бо пачхьалкхан хаамийн ТАСС агенталло, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-гӀуллакххошна тӀе а тевжаш.
КХИН А ХЬАЖА: Псковерчу десантхошна 2000-чу шарахь тӀелатар дарна таIзар дина Нохчийчуьра вахархочуннаХьалхо Кавказ.Реалии сайто йаздира, бехккъасторхоша дийцарехь, Батыкаев Басаевн а, Хаттабан а тобанех 1999-чу шарахь дӀакхетарх, ткъа тӀемалойн куьпахь цо Ӏаьрбийн мотт а, герз лелон а Ӏамийна хилла аьлла. ЧIагIдо, 2022-чу шарахь ша лаццалц цу тобанехь хилла ву иза бохуш, хIунда аьлча, ша цу йукъара валарх лаьцна низамхошка хаам ца барна. Талламна хетарехь, 2000-чу шарахь чиллан-баттахь Батыкаевс дакъалаьцна Нохчийчуьрчу Улус-Керт эвлан кӀоштахь 76-чу Псковерчу хӀаваан-десантан дивизин эскархошна тӀелатар дарехь, цу тӀелатарехь 90 эскархочух 84 вийнера.
Бакъонашларъяран "Мемориал" центрна хетарехь, Батыкаев бехке озор бух боцуш ду. "Мемориалан" хаамашца, бехк кховдийна къайлахчу тешаша динчу тоьшаллашна а, кхечу суьрташ тӀехь иза вовзарна тIехула а. Ишта кхин а тошаллаш ду боху гӀуллакхехь, "амма хенал хьалха дӀадовзийта йиш йац".
КХИН А ХЬАЖА: Нохчий кхаьрда Псковра десантхой кхалхарца боьзна шайн махкахь дIахьочу барамех"Мемориалца" зӀене бевллачу Батыкаевн гергарчара чӀагӀдо, иза цкъа а тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалаьцна вац бохуш. Амма хIетте а 2000-чу шарахь Веданахь цо амнисти йехнера, леррина цу Ӏалашонца пулемет карийна, иза федералан Ӏедалшка дӀайеллера цо. Батыкаевна амнисти йира, тӀаьхьо цо белхаш бина, къаьсттина, ФСБ-но персонал толлуш йолчу объекташкахь, хIинццалц схьа цуьнга цхьа а хаттар церан хилла дац.
Йийсарехь волчу йуьртда хиллачо дуьйцу бертаза тIаме хьийсорах
Курскан кӀоштахь йийсаре лаьцначу нохчийн ВаларгIтехь юьртда хиллачу Зарахматов Мохьмадца дIайазйина видео зорбане йаьккхина Украинерчу журналисто Доброносов Яна. Видео тIехь цо дӀахьедо, ша могIархо хилар а, марсхьокху-беттан 14-чу дийнахь Суджан кIошта тӀом бан ша бертаза вахийтина хиларх а.
"ХӀинца Нохчийчохь иштта диктаци йу (хетарехь, диктатура ала гIерта иза), хьо хьуо цига вахана, хьайнна хаа дезаш ду. Уьш нуьцкъала [тӀаме] дӀахьежош бу", - боху йийсархочо. Курскан кӀоштахь Украинан тӀеман ницкъаша операци йолийначул тӀаьхьа нохчийн юьртан хилла куьйгалхо йийсаре лаьцна боху информаци гучуйелира марсхьокху-беттан 18-чу дийнахь.
Иза вевзинера нохчийн оппозицин НИЙСО телеграм-каналан жигархошна. Церан хаамашца, Зарахматовга и дарж кхаьчна хиллера Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIедилларца. Меттигерчу бахархошкара латтанийн дакъош схьадаха волавелла хилла иза, цул тӀаьхьа балхара дӀа а ваьккхина, Украине тӀаме хьажийна хилла иза боху.
КХИН А ХЬАЖА: Шайн лаамехь йийсаре бахначу нохчашка "шаьш дайита цигахь" аьлла "Ахматан" командироСоьлжа-ГӀалахь ВаларгтIера йуьртда хилларг йийсаре лацарх информацина комментари йеш йац. Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь хьахийна а вац Зарахматов Мохьмад.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: