ХIара аьхке шатайпа хьовзаме хилар - бурко, чуьркиийн зов, ницкъала йочанаш - тIечIагIдан санна доккха догIа деана шоьтан сарахь Нохчийчохь. Интерфаксо бечу хаамца, гIалин юккъехь лаьттачу машенна тIе дитт а доьжна, елла цхьа йоI.
БIаьрганегIар а тохале чекхъели аьхкенан берийн мукъа хан. Кху деношкахь жигара хьийза дай-наной, шайн бераш улле а даьхна, Соьлж-ГIалин "Беркат" олучу базарахь школе кхехь керла духарш, кеп-кепара дешаран гIирс а оьцуш.
22 шо ду Оьрсийчоьнан байракхан де билгалдаьккхина, кеп-кепара цу дийнахь барамаш дIахьо. Ламаст хилла дIахIоьттина и де даздар Нохчийчохь а.
Тем боцу бер санна, Хьо зевне йоьлуш ю, Iуьйренца гIаьттина, Хьо балха йоьдуш ю. Хьан сийна урамаш – Сан деган пхенаш ду. Сан гIала, туьйранал Уьш хазахеташ ву! ДогцIена йоI санна, Хьо ирсе лелаш ю, Даима зезагаш Хьан карахь лепаш ду. Хьа
Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь артисташа мукъаденойн суьйренаш кест-кеста дIахьо гIалин бахархошца. ТIаьххьарчу шоьтан суьйранна "Шира ГIала" концерт елира цара мехаза.
Йочанаша даккхий зенаш динехь а, ма-хуьллу Iалашдира Нохчийчуьрчу юьртабахамхоша буьртиган ялта. Соьлжан кIоштарчу Аьрга-Хишкахь (Серноводск) мелла а хьийкъина ду кIа, догIанаш дукха хиллехь а. Хьаьттахь хилира Маршо Радион фотокорреспондент.
Таркхойн хIорд. Кавказан хазна. Воккха а, жима а аьхка вокхавевеш лаьтта хин дуьне. Дагестанерчу Избербашехь бен яц деккъа берашна лерина луьйчийла-куп. Цигахь жималлин токхе тергалйира кху деношкахь Маршо Радион корреспонденто.
Аьхкенан юьхь йочане хиллехь а, Товбеца баттахь екхна ю Нохчийчохь. Балхара мукъаболчу, жимма а таро йолчу дайша-наноша шайн бераш садаIа дуьгу Къилбаседа Кавказан мехкашкарчу хIордан йистошка.
Кегий бераша самукъне хан хьо аьхка Нохчийчоьнан шахьарахь. Дуккха ю царна цигахь хIинца хаза меттигаш. Ю, нагахь санна да-нана балхахь а делахь, цара доьзална чудохьуш ахча а делахь...
Нохчийн ярташкахь, гIаланашкахь хан хене мел йолу баккхийнаш кIезиг лела вовшийн хIусамашка марханаш къобалдан олуш хеза тIаьххьарчу заманахь. Амма кегийчарна даима а ду хIара де шарахь уггаре коьртаниг а, дезаниг а!
Оьрсийчохь хилла а доцчух доккха Ифтар хIоттийра Нохчийчохь.
Марханаш даста цхьа кIира хан йисина, цундела Нохчийчуьрчу базарахь ког баккха меттиг а йоцуш, адамех сийсаш ю кхача-сурсатийн йохка-эцарш. Дуккхаъчу бусулба мехкашкахь Рамадан баттахь базаршкахь мехаш мел а лаххара хуьлу, ткъа вайн махкахь хи санна дистина го.
Хьалха-Мартанарчу Ахмадов Минкаила шен накъостийн тобанца нахера бедарш а, кхача а гулбеш, мискачу нахана юха и дIаса а боькъуш кхоьллина "Хайра" фирма шоръелла.
Рамадан баттахь "Хайра" юкъаралло сих-сиха гIо лоцу таро йоцчу нехан. Рамадан баттахь мецаниг вузор деза хиларе терра, цара жигараллица дIаяьхира масех акци.
Шуьйта-кIоштарчу ГIуш-Кортахь токхамаша дохийна цIенош юха дан долийна Iедалан гIоьнца. Марха бахархошка керлачу хIусамашкахь дастийтархьама, де а, буьйса а ца лоьруш, хецна белхаш бу цигахь дIахьош.
Нохчийчохь шина тIамехь чIогIаллица лаьттина Шелан кIоштарчу Чуьйри-Эвлара Орга хина тIехуда дина тIай вовшахдаьккхина хаддаза охьаоьхучу догIанаша.
Веданан кIоштарчу ЦIе-Веданахь къаьсттина зенаш хилла токхамаш бахьанехь.
Грозненск кIоштарчу Ярашмаьрдахь чIогIа догIанаш даьхкина, хиш дистина, некъаш хьулдина, зенаш дина бахархошна.
Саццаза оьхучу догIанаша даккхий зенаш дина цхьамогIа Нохчийчуьрчу ярташкахь.
Нохчийчохь лаьттачу йочанаша сагатто бахархойн. ХIаллакхуьлу бошмийн, ялтийн аренаш, тIедуьйлучу хиша зенаш до хIусамашна а.
Хьажа кхин дIа а