Нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана кхайкхам бина шеца къамел дан вола аьлла, Туркойчохь республикерчу Iедална критика еш болу нах каро аьтто ца белира шен, бохуш дIахьедарш динчу Нохчийчьурчу зорбан министре Дудаев Ахмеде
Германехь Кёльнерчу Iедалша дIахьедина, гIаларчу маьждигийн радиокедех пайда эца бакъо ю аьлла ламазе кхойкхуш. Цуьнах лаьцна хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо
Иттаннаш эзарнаша наха дакъа а лоцуш, митинг хилла еарийн сарахь Тбилисехь, Руставерчу набахтехь латтош волу Гуьржийчоьнан экс-президент Саакашвили Михаил маьршаваккха бохуш. Цунах лаьцна хаам бина "Новости-Грузия" аненталло.
Норвегехь Конгсберг гIалахь вевзаш воцучу стага секха Iодаца чIунаш диттина нахана кхаарийн сарахь. Полицино бинчу хаамца, пхи стаг вийна, шиъ чевнаш йина ву
Кадиев Руслан дуккха а шерашкахь школехь хьехархо болх бина нохчийн меттан говзанча ву. Ненан меттан шира дешнаш ца дайта уьш лахьош, царна тIехь болх беш а ву иза. Ши эзар ах эзар герга нохчийн дошамашна тIехь доцу шира дешнаш гулдан аьтта баьлла шен, бохуш дуьйцу Кадиевс
Туркойчохь кхечу пачхьалкхарчу нахана тIелатар дан кечлуш хилла бохучунна шеко йолуш Нохчийчуьра схьаваьлла Оьрсийчуьра 6 стаг лаьцна аьлла хаамаш баьржинчул тIаьхьа, Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадров Рамзана видео зорбане яьккхина туркойн махкара
Шпионаж лелийна аьлла ГIадужу беттан 9-хь Туркойчохь лецна болу кхечу пачхьалкхара нах берш а нохчий бу. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло. "Лаьцна волу яхе а – Оьрсичуьра ву, Нохчийчохь вина а ву", - аьлла агенталле хаам бинчу хьосто
Истанбулан полицин терроризмца къийсам латторан урхалло а, туркойн Къоман талламан вовшахтохаралло а де хьалха шпионаж лелорна шеко йолуш лаьцна кхечу пачхьалкхашкара ялх стаг. Царна юкъахь ву Оьрсийчоьнан вахархо а
Дахначу шоьтан дийнахь, ГIадужу- беттан 9-чохь, йоккха акци вовшахтоьхна, дIяьхьна Францин пачхьалкхерчу Страсбург гIалахь. Дуккхаъчу Европан мехкашкахь беха нохчий гулбеллера Европан Кхеташонан гIишлона хьалха хIоттийначу митингехь дакъалаца
Оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона политикан мухIажаран статус елла Швецехь. Блогера бахарехь, ялх шо а дара иза Iедалхойн сацаме ладоьгIуш волу. Цул хьалха шина пачхьалкхехь тIе ца лаьцнера иза
Германехь ехачу Ичкерин Iедалан жигархочо Мицаева Рубатис видеокхайкхам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Даймахка цIаерза цуьнга пурба дехна цо шена
Журналист Политковская Анна йийна 15 шо кхечи тахана. Тахана кхачало иза ейтинчарна дан тарло таIзар – стаг вийнарг бехктакхамах мукъа вуьсу цо зулам дина 15 шо даьлча. "Новая газето" дIахьедина, оцу гIуллакхан талламбар кхин дIа а карладаккхийта хьовсур ду шаьш аьлла
Хьажа кхин дIа а