Нохчийн вице-премьерна Умаров Джамбулатна хетарехь, камерана хьалха дIа а хIоьттина, стаг гечдар доьхуш велахь, цуьнца оьздангалла ю, иза эхье хIума дац. Цул совнах, боху цо, и практика йоллу Оьрсийчохь яржо еза
"Ахмат аренехь" къепе латточу Кадыров Ахьмадан полкан полисхоша йиттина "Спартак" футболан тобан шина фанатана. Москварчу клубана дуьхьал ловзучу "Ахматан" матчан садоIийлехь хилла инцидент
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанна "За заслуги перед Отечеством" III тIегIан орден луш указан куьг таIийна президента Путин Владимира. Дагадоуьйту, кхин хIун совгIаташ делла Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Оьрсийчоьнан керлачу исторехь
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана мах хадийна, Афганистанехь Iедал дIалаьцначу Оьрсийчохь бихкиначу "Талибан" боламна. Шена хетарг цо довзийтина инстаграм аккаунтехь, яздо Кавказ.Реалиино
Наьсарерчу "Ангушт" футболан клубан виъ ловзархо еххачу ханна тобанера дIаваьккхина, Прохладный гIаларчу "Энергетик" клубан суьдхойн тобанна тIелатар дарна. Дуьйцур ду бахьанех а, летарийн тIаьхьалонах а.
Туркойчохь вехачу нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана бехке вина Нохчийчоьнна коьртехь волу Кадыров Рамзан, ницкъаллин структурийн белхахо хиллачу Арсанукаев Ахьмадан гергарчаьрга шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна
Нохчийчохь хьийзош бу республикан коьртехь волчу Кадыров Рамзанан дуьхьалончийн гергарнаш. Оппозицин блогера Абдурахманов Тумсос хаам бина, шен ненехула гергара болчу нахана чIир кхайкхор ю аьлла кхерам тасарх лаьцна
Нохчийчуьрчу зорбан гIирсаша чIагIдо, Кадыров Рамзана харжамашкахь дуьненан рекорд хIоттийна, цунна тесна кхаьжнаш проценташка дехкича бохуш. Иза рекордсменийн тептарна юкъатоьхнарг мила ву дуьйцуш дац
Нохийчуьрчу Iедалхоша шен гергара нах юкъа а балийна, ша сийсазвойтуш, шена тийсинчу кхерамашна жоп делла Лондонехь вехачу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада. Цунна хетарехь, махкахь Iедалан коьртехь берш "шайн даймахкана ямартбевлла нах бу"
Телефонашна ток лучу гIирсашна юкъахь болу тIом дIаберзийна Еврокомиссино. Кхечу смартфонашна лерина болу сара арахеца дезар ду Apple-а а
Нохчийн парламентан спикера Даудов Мохьмада хаам бина Лондонехь вехачу политике Закаев Ахьмаде, цуьнан "гергарчу нахе иза хIун стаг ву дуьйцуьйтур ду" шаьш аьлла. Республикерчу хьаькамо бахарехь, нагахь санна, Закаевс Нохчийчоьнан куьйгалхочунна ен критика саца ца яхь, и дан дагахь бу уьш
Кху деношкахь "Тийналлин мукъамаш" цIе йолу кхин а цхьа а книга арахецна нохчийн поэта Гезгмашин-беттан 23-хь 70 шо кхаьчначу Юсупов Iилмана. Цуьнан байтех цхьаъ ю хIара
Хьажа кхин дIа а