ГIуран-бетта 18-чохь Геленджикерчу Тонкий Мыс олучу кIоштахь 300 сов меттигера вахархо гул а велла, президенте Путин Владимире видеокхайкхам бира. Уьш синтеме бац курорт-гIалан инарла планан юккъехь хийцамаш барна а, меттигерчу администрацица шайн юкъаметтиг ца хиларна а.
Дудаев ЖовхIаран цIарах юхакечйина парк схьайиллина Туркойчохь, майданахь хIоттийна Ичкерин президентан хIоллам. Парк схьаелларан церемонехь Дудаев ЖовхIар “доьнал долу тIеман буьйранча” вара аьлла. ОЬрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн минстраллан векало Захарова Марияс монумент схьаеллар “цатарлург” ду аьлла
"Пачхьалкхан терроризман акт" йина Оьрсийчоьно Германин дозана тIехь аьлла, сацаммбина немцойн кхело. Бекхам боцуш дуьтур дац шаьш иза, боху Москвано
Нохчийчийчуьрчу къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбан, информацин министрна Дудаев Ахьмадна "Адамийн бакъонаш Iалашъярна" мидал а, "Оьрсийчоьнан патриот" аьлла, цIе а елла Соьлжа-ГIалахь
Беларусин а, Польшин а дозанал дехьа бовла гIоьртина Нохчийчуьра бахархой. Цунах лаьцна дIахьедина Польшин Дозанна хадархойн урхаллан официалан векало Михальская Аннас. Цо бахарехь, юьйцург ю доккхачу декъанна Иракъан бахархой а болуш 30 стагах лаьттина тоба.
Приморскерчу Волчанец эвларчу номер 27 йолчу колонехь берриг а тутмакхашна йиттинчул тIаьхьа велла царах цхьаъ, Нохчийчуьра вахархо Адаханов Хьусайн. Цунах лаьцна хаам бина ютуьбехь йоьдучу эфирехь Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира
Cанитарин дехкаршна а, бертаза вакцинаци яйтарна а духьал болийна протестан болам къепедацаршка бирзира Брюсселехь кIиранан дийнахь
Хасбик цIарца вевза Дагестанерчу блогеран Магомадов Хасбуллан инстаграмера агIо дIакъевлира зударшка цабезам гайтарна а, зудчунна кхерам тасарна а. Цхьаьна декъана цо зударий «къемата ирча хIуманаш» ю аьлла яздинера
Европехь керлачу дахаре сатуьйсучу цхьаболчу мухIажирашна ахча даккха Iемина шаьш санна баланехь болчу нахана тIехь. Церах цхьаъ ву Даван Анвар Махьмуд – мухIажираш куптоьхначу меттехь сэндвичаш еш ву иза, ша сатуьйсучу Британе дехьавала ахча а гулдан
Ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча, кхушара террорца доьзна зуламаш дарехула хьалхарчу меттехь ю Дагестан. Цунах лаьцна статистика Iора яьккхина Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуро
«Серлоно серлабаьккхина некъ» - иштта цIе ю, хIинца Нохчийчохь лакхарчу классашкахь Iамочу книгин. Книги тIехь вовзуьйту Нохчийчоьнан куьйгалхочун да Кадыров Ахьмад, школан программи юкъаяхийтина книга, Оьрсийчоьнан историна тIетоьхна материл санна.
ГIалгIайчоьнна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, нагахь санна, гIалгIайн жигархой дозанаш бахьана долуш претензеш ечуьра ца совцахь, ша Оьрсийчоьнан Iедалхошка дехар дийр ду, бархI юрт дIалуш хIоттийна акт юхадаккха аьлла
Хьажа кхин дIа а