Приморскерчу Волчанец эвларчу номер 27 йолчу колонехь берриг а тутмакхашна йиттинчул тIаьхьа велла царах цхьаъ, Нохчийчуьра вахархо Адаханов Хьусайн. Цунах лаьцна хаам бина ютуьбехь йоьдучу эфирехь Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира
Cанитарин дехкаршна а, бертаза вакцинаци яйтарна а духьал болийна протестан болам къепедацаршка бирзира Брюсселехь кIиранан дийнахь
Хасбик цIарца вевза Дагестанерчу блогеран Магомадов Хасбуллан инстаграмера агIо дIакъевлира зударшка цабезам гайтарна а, зудчунна кхерам тасарна а. Цхьаьна декъана цо зударий «къемата ирча хIуманаш» ю аьлла яздинера
Европехь керлачу дахаре сатуьйсучу цхьаболчу мухIажирашна ахча даккха Iемина шаьш санна баланехь болчу нахана тIехь. Церах цхьаъ ву Даван Анвар Махьмуд – мухIажираш куптоьхначу меттехь сэндвичаш еш ву иза, ша сатуьйсучу Британе дехьавала ахча а гулдан
Ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча, кхушара террорца доьзна зуламаш дарехула хьалхарчу меттехь ю Дагестан. Цунах лаьцна статистика Iора яьккхина Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуро
«Серлоно серлабаьккхина некъ» - иштта цIе ю, хIинца Нохчийчохь лакхарчу классашкахь Iамочу книгин. Книги тIехь вовзуьйту Нохчийчоьнан куьйгалхочун да Кадыров Ахьмад, школан программи юкъаяхийтина книга, Оьрсийчоьнан историна тIетоьхна материл санна.
ГIалгIайчоьнна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, нагахь санна, гIалгIайн жигархой дозанаш бахьана долуш претензеш ечуьра ца совцахь, ша Оьрсийчоьнан Iедалхошка дехар дийр ду, бархI юрт дIалуш хIоттийна акт юхадаккха аьлла
Цкъа а хиллачу кепара лиран мах охьабожарна оьгIазбахна гIалин бахархой протестан акцешка бевллера, Iедалан урхалле дарж охьадиллар тIедожош
ГIалгIайчоьнца дозанера хьал чолхечу даьллачу юкъанна Нохчийчохь кхаа дийнахь тIеман Iамораш ду дIахьош. Цигахь дакъа лоцуш ду мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ницкъаллин дакъош, иштта Росгварди а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолу полицин полк а
Нохчийчоьнан президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан, мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан ден цIе тиллина Нохчийчуьрчу полицин лерринчу дакъошна. "Ахмат" СОБР, "Ахмат-Грозный" ОМОН, "Ахмат-Крепость" ОМОН – иштта цIераш лелор ю хIинца дуьйна оцу дакъоша
Дозанах лаьцна хаттар дийцаре дилла ца баьхкина ГIалгIайчуьра жигархой бехкебина Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. ГIалгIайчоьнца дозанах бина барт "хийца йиш йолуш бац" аьлла, хаамбина хьаькамо. "ГIалгIайчоьнан тайпийн Кхеташонехь" лаьттах бина чIагIам нийса ца хета.
Республикашна юкъахь Фортанга хица йолу меттигаш хьокъехь къовсам эккхар бахьана долуш, юха а карзахдаьккхина нохчийн а, гIалгIайн а дозанца доьзна хаттар
Хьажа кхин дIа а