Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело ца магийна масканаш дIатаса; ХIинжа-ГIалахь полисхоша гIелойина шайн коллегина, хIинца кхобу кхела хьалха гоне лаьцна; Ростовхь ша-шена тапча тоьхна велла рак-цамгаро хьийзош хилла мозгIар
Швецехь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос, апелляцин кхело шена тIелатар дар луьстуш, зуламан декъашхочунна тоьхна хан яцъеш бинчу сацамна дуьхьал арз чулур ду. Оцу хьокъехь цо дIахьедина шен ютуб-каналерчу эфирехь, яздо "Кавказский узел" газето.
"Бегашан де" тIекхочуш дуьненаюкъара Нобелан машаран преми эца хьалхатеттина Кадыров; Стамбулехь герзаца летачохь вийна нохчо. Дакъалаьцна девнехь "тутмакхийн элано" Ахмадов Хьусайна; Израиль кхера оьшуш яц "нохчийн террористех", аьлла Кадыровс
Оьрсийчоьнан ши векал цIахьажийна шпионаж лелорах йолчу шеконца Италин Iедало. Лаьцна шайн хIордан ницкъашкара цхьа эпсар – цо вукхарех цхьаьнга дIалуш гучудаьлла къайлаха материалаш, царалахь НАТО-н документаш а долуш.
Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департамент: Нохчийчоь Оьрсийчуьрчу Iедалан тергонера яьлла; Европан адамийн бакъонехула кхело Оьрсийчоь декхарейина Дагестанехь вийначу шина вешин дена 120 000 евро дала; Украинехь кхело тIечIачIбина гIебартойн ММА-н латархо Оьрсийчоьне дIавала бина сацам
18 миллион соьмана эцна Mercedes-Benz машенаш совгIатна елла Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхаа спортхочунна. Цо бахарехь, совгIаташ эца ахча делла Кадыров Ахьмадан цIархчу Фондо. Белхалойн алапашна тIера лаамза дIагулдечу ахчанашца юзуш ю Фонд аьлла, масийттазза яздира хаамийн гIирсашкахь.
Путинан харжамийн штабийн коьртехь Iийначо къайлаяьккхина шена хилла 19 миллиард са; Калининградехь гIуда тоьхна эскархошна-дагестанхошна. Деза лоручу хи чохь мачаш йиларна; хIирийн ломахь бахархоша, 5G – обеъкт ю моьттуш, ягийна зIенан бIов
Навальныйгахьа болчу нехан акцин декъа язлуш бу къилбаседа-кавказхой; "тутмакхийн элин" Солтахановн зудчо арздина, полицерчу хьаькамо кхерамаш туьйсу аьлла; школехь хьехархочунна а, берийн гергарчарна а юкъадоьлла дов луьстур ду Нальчикерчу кхело
Нохчийн диаспорина тIе куьйгаш кхехьар шаьш ловр дац, бохура Францехь протестан гуламашка бевллачу нохчаша. Цуьнан бахьана дара Бретень регионан Ренн шахьарахь Зазадоккху-беттан 17-чохь 23 шо долу Лабазанов Хьамзат вер.
ОМОНхойх тийсавеллачу Джумаев Сайд-Мухьаммадан гIуллакх Москварчу Тверскойн кIоштан кхеле кхачийна; шина вашас Талламан комитете арз дина, шаьшинна тIехь полисхоша ницкъбарх а, харцонаш лелорах а; 5 миллионан метта 30 эзар лур ду прокурор лаьттинчу Залзаевна
Псковн десантхошна тIелеттарг лаьцна Москвахь; Къилбаседа ХIирийчохь депутат вийна. Дакъа карийна Бесланна гергахь; терроризмца возавелла хила тарлуш волу 200 дагестанхо ву лохуш
Хьажа кхин дIа а