Херсонан кIоштарчу кадыровхойн штабана тIе Украинан тIеман ницкъаша тохар дина - 40 гергга стаг вийна, кхин а 100 лазийна. Цунах лаьцна дуьйцу украинхойн а, нохчийн оппозицин а телеграмерчу каналаша, амма ВСУ-н официалан чоьтехь цхьа а хаамаш бац.
Украинерчу тIаме "лаамхойн" рогIера тоба хьажорах дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цул а де хьалха Оьрсийчоьно аннекси йинчу дозанера, дийцарехь, тIамехь дакъа а лаьцна, юхабирзира Кадыровн кIентий.
Украинан Лакхарчу Радо Нохчий Ичкерия республика Оьрсийчоьно «ханна оккупаци йина» территори ю аьлла дIакхайкхийна. Махкахь хиллачу шина тIамехь «нохчийн къомана йина геноцид емалйина цу тIехь. Иштта сацам тIеийцира парламенто гӀадужу-беттан 18-хь.
Оьрсийчоьнан Су-34 тIеман кема охьадоьжна Краснодаран махкарчу Ейск гIаларчу нах бехачу кIоштахь. Бохам хиллачу меттехь йоккха цIе елира, дуккха а петарш йолу гIишлон исс гIат дIа а лоцуш.
Нохчийчохь ковид марсаяьллачу хенахь денна 50-70 стаг леш вара. Кадыров Рамзана пайдаийцира статистикех, Украинерчу тIамтIехь валарна кхера оьшуш дац аьлла, бахьана далош. Кадыровс довзийтина терахьаш иттозза сов ду республикан официалан статистикехь денна лечу нахах довзийтинчул а.
Вагнеран ЧВК олучу тобанан йолахой хуьлу Нохчийчуьра «лаамхой» олучийн дакъа. «Важные новости» ресурсо билгалдаьккхина иза, махкара тIаме хьажийначу 2 500 стеган тептар зийначул тIаьхьа. Церан цIераш а, царех болу хаамаш а зорбане бехира Украинан талламхоша.
Шемахь тIемаш бинчу "Аджнад аль-Кавказ" нохчийн тобанан хилла командир, Шишани Iабдул-Хьаьким цIарца дика вевзаш волу Ажиев Рустам, Украине кхаьчна. Оьрсийчохь цуьнан тоба террорхойн лерина. Украинхойн интернационалан легионна юкъайогIучу ОБОН-ан декъехь тIемаш бан дагахь ву Ажиев.
Украинан гIаланашна бомбанаш йеттар тайна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Шен телеграм-каналехь цо дIахьедина, хIинца «бIе процентана реза ву ша», Оьрсийчоьнан эскаро бечу тIемашна аьлла.
ГIирмерчу тIай тIехь иккхина машен Кубанерчу вахархочун хилла аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан Талламан комитето, оцу стеган цIе а ца йоккхуш.
Дуккхаъ километрашкахь раьгIнаш хIиттира Оьрсийчоьнан президенто Украинерчу тIаме хьийсон цхьанадекъана мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа. Карарчу хенахь пост йолчахь мобилан тIекхойкху куп схьайиллина, цигахь тIамтIе баха хан йолчаьрга тIекхойкхуш кехаташ дIасадоькъу.
ХIинжа-гIалахь, Хасавюьртахь а, Нальчикехь а урамашка бевла нах мобилизацина дуьхьал. Кавказ.Реалиин хаамашца, ХIинжа-ГIалахь 110 гергга стаг лаьцна.
БIеннашкахь Дагестанан бахархой мобилизацина дуьхьал протесташка арабевла. Божарий тIаме хьийсорна дуьхьал уггар а йоккха митинг дIаяьхьира ХIинжа-ГIалахь. 300 стага дакъалецира цу юкъахь, доккхачу декъанна– зударий бара царлахь.
Хьажа кхин дIа а