Алаудинов Апти, Кхерамзаллин кхеташонан секретаран даржера дIавоккхучу омрана куьйгъяздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Ша-шех «ЛНР» аьлла дIакхайкхинчу «республикан къоман милицин 2-чу армин корпусан командиран гIовс хIоттош», инарла-майоран чин а делла цунна.
Ставрополан махкахь а, Дагестанехь а Украинан тIедилларца теракт кечъеш хилла аьлла дIахьедина Оьрсийчоьнан федералан кхерамзаллин сервисо. Амма кхетош тоьшалаш ца далийра оцу версина.
Дагестанан маршонехьа къийсам латтон а, Оьрсийчоьнан Украинана чугIортарехь дуьхьало ян а дагестанхойн лаамхойн батальон кхолларх дIахьедина Украинехь.
Ставрополерчу №4 колонера Украинерчу тIаме хьийсийна хилла тутмакхаш даккхийра а, тIех чолхе а зуламаш дарна хан токхуш хиллера. Йиттина хенаш ю – Къаьсттинчу къизаллица адам дер, талораш дар, герз лелор а ду кхелаш йаран бахьанашлахь.
Шина хийцамо эргIадбахийтина меттигера бахархой: республикан куьйгалхочун даржехь шина хенал сов яккхар доьхку низам дIадаккхар а, мехкан цхьалла ларъяран хеттаршкахула долу жоьпалла регионан куьйгалхочун тIера дIадаккхар а.
Херсонан кIоштарчу кадыровхойн штабана тIе Украинан тIеман ницкъаша тохар дина - 40 гергга стаг вийна, кхин а 100 лазийна. Цунах лаьцна дуьйцу украинхойн а, нохчийн оппозицин а телеграмерчу каналаша, амма ВСУ-н официалан чоьтехь цхьа а хаамаш бац.
Украинерчу тIаме "лаамхойн" рогIера тоба хьажорах дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цул а де хьалха Оьрсийчоьно аннекси йинчу дозанера, дийцарехь, тIамехь дакъа а лаьцна, юхабирзира Кадыровн кIентий.
Украинан Лакхарчу Радо Нохчий Ичкерия республика Оьрсийчоьно «ханна оккупаци йина» территори ю аьлла дIакхайкхийна. Махкахь хиллачу шина тIамехь «нохчийн къомана йина геноцид емалйина цу тIехь. Иштта сацам тIеийцира парламенто гӀадужу-беттан 18-хь.
Оьрсийчоьнан Су-34 тIеман кема охьадоьжна Краснодаран махкарчу Ейск гIаларчу нах бехачу кIоштахь. Бохам хиллачу меттехь йоккха цIе елира, дуккха а петарш йолу гIишлон исс гIат дIа а лоцуш.
Нохчийчохь ковид марсаяьллачу хенахь денна 50-70 стаг леш вара. Кадыров Рамзана пайдаийцира статистикех, Украинерчу тIамтIехь валарна кхера оьшуш дац аьлла, бахьана далош. Кадыровс довзийтина терахьаш иттозза сов ду республикан официалан статистикехь денна лечу нахах довзийтинчул а.
Вагнеран ЧВК олучу тобанан йолахой хуьлу Нохчийчуьра «лаамхой» олучийн дакъа. «Важные новости» ресурсо билгалдаьккхина иза, махкара тIаме хьажийначу 2 500 стеган тептар зийначул тIаьхьа. Церан цIераш а, царех болу хаамаш а зорбане бехира Украинан талламхоша.
Шемахь тIемаш бинчу "Аджнад аль-Кавказ" нохчийн тобанан хилла командир, Шишани Iабдул-Хьаьким цIарца дика вевзаш волу Ажиев Рустам, Украине кхаьчна. Оьрсийчохь цуьнан тоба террорхойн лерина. Украинхойн интернационалан легионна юкъайогIучу ОБОН-ан декъехь тIемаш бан дагахь ву Ажиев.
Хьажа кхин дIа а