Нохчийчохь тIеман Iаморашкахь гIалгIайн тоба ю, батIалхьажойн динан вежараллин векалех лаьтта. Гуьмсерчу спецназан университетан базехь Iаморашкахь ву 31 стаг, хаам бо зорбанаш. Цуьнан коьртехь ву, вен Iалашонца стагана кIело йина федералан лехамашкахь хилла Аушев Абубакар.
Украинан маьрша ши вахархо верна бехкехила тарло Оьрсийчоьнан тIеман декъехь хилла Къилбаседа ХIирийчуьра эскархо.
Европерчу нохчийн диаспорин векалш йозуш йоцчу Ичкери пачхьалкхан агIончашца тайп-тайпана ши гулам дIабаьхьира. Цхьаболчу декъашхоша дIахьедора йозуш йоцчу пачхьалкхан агIончаш шина декъе бекъабелла бохуш.
Оьрсийчоьнан декъехь Украинехь тIемаш бен Нохчийчуьра дакъа Евроберто террорхойн лара тарло. Юьйцург ю Кадыров Ахьмадан цIарах йолу 141-ра леррина полк.
Террорхойн а, экстремистийн а олучу тептаре ваьккхина Оьрсийчоьнан Iедалхоша 24 шо долу Янгулбаев Байсангур – оппозицин жигархойн ЯнгулбаевгIеран ИбрехIиман а, Абубакаран а жимахволу ваша ву иза.
Оьрсийчоьнна дуьхьал лата а, шайн мехкийн маршо къуьйсуш тIейогIучу заманчохь къийсам латтон а Украинан Герзашца долчу эскарех дIакхета аьлла, кхайкхамбина шайн махкахошка Нохчийчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а жигархоша.
Мобилизаци дIахьейина ши бутт баьллачул тIаьхьа Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара низамца доцуш бигина хилла нах юхаберзош бу хIинца.
Австрихь ши нохчо дIалаьцна: военкоматера тIекхойкху кехаташ кхаьчначул тIаьхьа республикера бевдда хилла уьш. Депортацин набахтехь уьш болу кхо кIира а ду, амма хIинца бен ца хиъна царах лаьцна.
Нохчийчохь тIеман резерв кхуллуш ю. Мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, оцу структуро "аьтто бийр бу, оьшуш хилахь, Iамийначу, кечбинчу эскархошца маса дIадуза ницкъахойн могIарш".
Оьрсийчохь "Нана-турпалхо" мидал кхачийначу зударех хьалхара ю Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнана Кадырова Медни. 2020-чу шарахь дуьйна Американ а, Японин а санкцеш бухахь ю Кадырова Медни, цуьнан хIусамдас дуккхаза адамийн бакъонаш хьешарна.
Къилба-ХIирийчуьра бахархоша жигара гIо кхийдадора Гуьржийчу дIабаха гIертачарна: юхкура царна вилспеташ, хи, юург, бензин, "некъаца гIо а дора". Ткъа низамлардархой бехке бира дозане дIабохуьйтург кхаьанаш эцарна.
Иттанаш Нохчийчоьнан бахархой дIалецна Хорватехь, хаамбина Кавказ.Реалиин редакцига "Европерчу нохчийн Ассамблейхь". Оьрсийчуьра дIа а бахана, Хорватихула Европерчу кхечу пачхьалкхашкахь бехачу шайн гергарчарна а, бевзачарна а тIекхача гIерта 50 гергга мухIажарш бу буьйцурш.
Хьажа кхин дIа а