Украинехь тIом болабелчхьана Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а байъиначу эскархойн терахь мел лаххара а ду 137. Оьрсийчоьнан тIеман министралло беллачийн терахь хьахош цкъачунна цкъа бен дина дац дIахьедар – Зазадоккху-беттан 2-чохь.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша тIехь волу видео зорбане яьккхина, цо ша чIагIдарехь, Украинехь, ма-дарра аьлча - Киевна ткъа километар дехьа йолчу Гостомель эвлахь яьккхина йолу. Амма видеоца билгалъяккха аьтто бац и дIаязйина меттиг. Кадыровн критикашна фейк ю аьлла хета иза.
Къобал ца йинчу Нохчийн республикан Ичкерин президента Дудаев ДжовхIара 27 шо хьалха дIахьединера Оьрсийчоь Украинана тIелетар ю аьлла. “Тасадаларш хир ду Украинан Оьрсийчоьнца. Руссизм ехаш мел ю, иза цкъа а ера яц шен амбицех.
Оьрсийчоь Украинана тIелетачу хенахь махкара эскархой байъар бакъдина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, ши эскархо вийна, кхин а ялханна тайп-тайпана чевнаш йина. Хиллачух кхиндерг ца дийцира цо. Украинехь шина а агIора тIемаш беш бу нохчий
Оьрсийчоьно болийначу тIамехь дакъалоцуш Нохчийчуьра эскархой хиларх Украинера хаамаш кхочу. Оцу кепара публикацеш гучуевлира хаамийн гIирсашкахь а, социалан машанашкахь а. Зорбанаш дийцарехь Украинехь эшамаш бу Нохчийчуьрчу эскархошлахь, амма Соьлжа-ГIалахь бакъ ца йо и информаци
Кадыровн критикашна тIелетар дарх гIуллакх кхеле делла Туркойчохь. 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь ялх стаг дIалецица Стамбулехь. Царех виъ – Нохчийчоьнан бахархой бара. Блогер Халитов Хьасан а, Шишани Iабдулхьаким а хIаллакван дагахь бара зуламхой
Ша мел олург мехкан урхалхочунна хетарг дац, вахархочун дог-ойла ю аьлла, билгалдоккхуш, посташ хIиттийра Кадыровс. Оцу шен дIахьедарца цхьаьна Украинан Iедалхошка кхайкхамбина цо
Швецехь веха UFC-н нохчийн латархо Чимаев Хьамзат визаца проблема хиларна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка ца кхачавелла. Доза хадочу юкъанна къаьстира иза, чIагIдо цхьа могIа спортан порталаша, шайн хьосташна тIетевжина. Цуьнан вашас чIагIонаш йо, и бакъ дац бохуш
Нохчийчуьра Iедалхоша хIинцачул тIаьхьа комментариш йийр яц махкал арахьа бехачу республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикашна. Цуьнах лаьцна дIахьедар дина хаамийн министро Дудаев Ахьмада
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан даржера вохор доьхуш кхоьллинчу петицино дийнахь а, буса а бIе эзар сов куьйгаш гулдина. Оьрсийчоьнан оппозицин политико Яшин Ильяс Change.org порталехь хIоттинера иза.
Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран да федералан суьдхочун статусах ваьккхина. Оцу кепара сацам тIеэцна республикерчу суьдхойн Говзаллин коллегино. ТIаьхьарчу хенахь берриг ЯнгулбаевгIеран доьзал юкъаберзийна Нохчийчохь
Хьажа кхин дIа а