Оьрсийчоь Украинана тIелетачу хенахь махкара эскархой байъар бакъдина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, ши эскархо вийна, кхин а ялханна тайп-тайпана чевнаш йина. Хиллачух кхиндерг ца дийцира цо. Украинехь шина а агIора тIемаш беш бу нохчий
Оьрсийчоьно болийначу тIамехь дакъалоцуш Нохчийчуьра эскархой хиларх Украинера хаамаш кхочу. Оцу кепара публикацеш гучуевлира хаамийн гIирсашкахь а, социалан машанашкахь а. Зорбанаш дийцарехь Украинехь эшамаш бу Нохчийчуьрчу эскархошлахь, амма Соьлжа-ГIалахь бакъ ца йо и информаци
Кадыровн критикашна тIелетар дарх гIуллакх кхеле делла Туркойчохь. 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь ялх стаг дIалецица Стамбулехь. Царех виъ – Нохчийчоьнан бахархой бара. Блогер Халитов Хьасан а, Шишани Iабдулхьаким а хIаллакван дагахь бара зуламхой
Ша мел олург мехкан урхалхочунна хетарг дац, вахархочун дог-ойла ю аьлла, билгалдоккхуш, посташ хIиттийра Кадыровс. Оцу шен дIахьедарца цхьаьна Украинан Iедалхошка кхайкхамбина цо
Швецехь веха UFC-н нохчийн латархо Чимаев Хьамзат визаца проблема хиларна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка ца кхачавелла. Доза хадочу юкъанна къаьстира иза, чIагIдо цхьа могIа спортан порталаша, шайн хьосташна тIетевжина. Цуьнан вашас чIагIонаш йо, и бакъ дац бохуш
Нохчийчуьра Iедалхоша хIинцачул тIаьхьа комментариш йийр яц махкал арахьа бехачу республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикашна. Цуьнах лаьцна дIахьедар дина хаамийн министро Дудаев Ахьмада
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан даржера вохор доьхуш кхоьллинчу петицино дийнахь а, буса а бIе эзар сов куьйгаш гулдина. Оьрсийчоьнан оппозицин политико Яшин Ильяс Change.org порталехь хIоттинера иза.
Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран да федералан суьдхочун статусах ваьккхина. Оцу кепара сацам тIеэцна республикерчу суьдхойн Говзаллин коллегино. ТIаьхьарчу хенахь берриг ЯнгулбаевгIеран доьзал юкъаберзийна Нохчийчохь
Нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана дIахьедина Нохчийчоьнан Iедало шен жимах йолу йиша Хасима, лачкъа а йина, шантаж лелорах. Халитовс бахарехь, тIехь бедарш йоцуш даьккхина йишин сурт даийтина цуьнга, республикан куьйгаллина критика яр сацадар тIе а дожош
Соьлжа-ГIалахь Нохчийчуьрчу лаккхарчу кхелан суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамнана Мусаева Зарема дIалаьцна. Иза лачкъа а йина, ннуьцкъала республике ялор дузу, цуьнан доьзалло бакъонашларъярехь бечу балхаца
Нохчийн бакъонашларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема 15 денна лаьцна кхело. Курхаллаш лелорца доьзначу гIуллакхехула теш ю аьлла нуьцкъала Лахарчу Новгородера дIайигна иза бехке йина Соьлжа-ГIалахь полисхочунна тIелатар дина аьлла
Хьажа кхин дIа а