Европан мехкашкахь акциш дIайаьхьира 1944-чу шарахь хиллачу Сталинан репрессешкахь хIаллакхилларш дагалоьцуш. Нохчийн, гIалгIайн диаспорийн векалша барамаш хIиттийра Венехь, Прагехь, Парижехь.
Дагестанхойн джиу-джитсун а, грепплинган а дуьненан чемпион Марданов Видади вийна Дербентехь чиллан-беттан 21-чу дийнахь хиллачу тийсадаларшкахь. Официалан версица, спортхочун доттагIчо таллархойн топ тоьхна хилла лаьттах – юхакхосабелла хIоъ кхетта велла Марданов.
Нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо зIене ваьлла дIавайна дуккха хан яьллачул тIаьхьа – лахьан-бутт бовш иза вийна аьлла, хаам баржийра. Шен каналерчу керлачу роликехь Абдурахмановс цхьана а кепара ца дуьйцу, шена кIелойинчух тера дара бохучу хаамах лаьцна.
Пачхьалкхан балхара дIаваьлча шен долахь тIеман компани схьа а йиллина, "ЧВК Вагнера" кхоьллинчу Пригожин Евгенийна “конкуренци йан” Iалашо хиларх дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Муьлхачу бакъонан статусехь лелар йу йуьйцу тIеман организаци, Кадыровс билгал ца даьккхина.
"Ахмат" спецназан командирана, шен гIоьнчана Алаудинов Аптина дIовш делла аьлла дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Цуьнан тоьшаллаш зорбане ца даьхна. Оьрсийчуьра дIавахначу оппозицин жигархочунна Янгулбаев Абубакарна хетарехь, Кадыров Рамзанан бIанакъостана дIовш делла бохург цуьнан пиар ю.
Москварчу митингехь полисхошца тийсавеллачул тIаьхьа гIараваьлла Нохчийчоьнан вахархо Джумаев Сайд-Мухьаммад набахтера луьрачу хьелашкахь латточе дехьаваьккхина. Оцу таIзаро воккху иза цунна хенал хьалха маьрша вала лучу бакъонах а, ишта кхин а луьра дехкарш а кхачадо цунна.
2022-чу шеран чакхенгахь Кубанерчу Бакинская эвлахь "ЧВК Вагнеран" йолахойн кешнаш гучудевлла. Север.Реалиин сайтерчу хаамашца, кешнашкахь йуккъерчу барамехь хIора денна 16 каш охку - йа дийнахь, йа буьйсанна ца соцу цигара болх, боху меттигерчу бахархоша.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо пайдаоьцу долара кема хааделла Мальдивийн гIайреш тIехь. Кадыров Рамзана чIагIдо, тропикийн пачхьалкхе ша вахна вац, йа иза стенгахь ю а ца хаьа шена бохуш.
Туркойчохь а, Шемахь а мохбегийча велла пхи эзар гергга стаг. Беллачарна юккъехь хила тарло нохчий а, чергазий – ткъесналгIачу бIешарахь оцу мехкашка дIакхелхинчу мухIажирийн тIаьхьенах берш бу уьш. Официалехь тIечагIбина бац и хаам.
ТIемаш боьлхучу Украине ваханера ГIалгIайчоьнан хилла куьйгалхо, Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовс Евкуров Юнус- Бек, цо критика йина Нохчийчуьра "Ахмат" декъан эскархойн позицешна.
Низамехь а доцуш, Украинера Нохчийчу герз дан гIоьртина "Юг-Ахмат" тобанан эскархой. 20 сов граната а, 600 патарма а карийна кадыровхошкахь Ставрополан махкарчу КПП-хь, йаздо ASTRA а, BAZA а телеграм-каналаша, шайн хьасташ ца йуьйцуш.
ТIом боьдучу шерашкахь Ичкерина гIо ца дарна Европан политикаш бехкебина Кадыров Рамзана. Ишта жоп делла цо Нохчийчоьнна "маршо йогIу" аьлла Польшин премьер-министро Моравецкий Матеуша динчу дIахьедарна.
Хьажа кхин дIа а