ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтешкахь хьийзабо вайнах


Prison
Prison

Кху деношкахь Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула волчу Нохчийчуьрчу векало Нухажиев Нурдис дIахьедина, Владимир кIоштарчу набахтешкахь вайнахана тIехь къизалла латтайо аьлла.

Къилбаседа Кавказера тутмакхаш, къаьстина нохчий, лерринчу тидамехь бу бекхтакхаман семийн урхаллан. Набахтийн администрацеш дукхачу хьолехь ма хуьллу чолхе алча а, кхин дIа луьра хилча ца маггал хьелаш латтадо царна. Владимир кIоштера массийта вайнех тутмакхийн цу чохь йоккху хан таръелла жоьжагIатех.

Кхолладеллачу хьолана тIехьожуш йолчу урхаллаша а, бакъонашларъярхоша а тIе тидам ца бахийтахь, валар-висар тIекхача а мега гIуллакх, боху Нохчийчуьра коьрта бакъонашларъярхойн хуькмато дина дIахьедаран чулацамехь.

Дуьххьара Владимир кIоштерачу вайнеха тутмакхийн хьал телхина хилар, гIарадаьккхинарг яра нохчийн юккъаралхо-бакъонашлраъярхо Мальсагова Асет. Царах цхьаннийн Гелагаев Лом-Iелийн адвокатаца Яшина Светланийца зIенехь а йолуш, цуьнца цхьаний оцу набахтешка яхана а хилла, и болх болийнера цо. Маршо Радиога дийцира цо, оцу татмакхийн хьолех а, цара ловчу балех а.

Мальсагова: «И Гелагаев, схьадийцарехь, хIоразза цхьана камера чуьра, кхечанхьа кхуссуш, боьхалш дIаца оьхучу метте воккхуш а, оьпарчий йолчохь а латтош, хьийзош ву. Медов Зеламха бохуш верг, прокуратуре кехат язйина, цунна терго ца йича, мацалла а кхайкхийна, хьал дика доцуш ву боху. Албогачиев Дауд бохуш верг, даиманна ШИЗО олуш йолу гIуданан изолятор чохь валлош ву пехийн цамгар долуш. Ша шена тIе куьг даххьал хьераваьккхина ву бохура иза».

Дуьххьара хуьлуш дац набахтешкара нохчийн бакъонашларъярхошка, цу чохь бахкачу оьрсийн тутмакхаша, шучарна кхузахь таIзар деш ду, цхьаъ дахьара аш, шайна царах къахета бохуш сигналаш елла. Иштта хилла Владимир кIоштерачу вайнеха тутмакхийн гIуллакхехь а. Низамехь къуй олучу наха телефон а тоьхна, шайца чохь бахкачу вайнахана гIо дар дехна цара.

Мальсагова: «Низамехь къуй» олуш бу-кх набахтешкахь цхьа нах. Цара телефон а тоьхна, тхан низамаш цигахь лелаш а дац, Конституци хIета а вета а лоруш а яц, оцу Карелехь вен дIавигина волу Гелагаев, шу махкахо а вара, аш гIо дахьара бохура. Со тIаьхьа яхара цига. 7 дийнахь, Ходорковский чохь ваьллинчу набахтехь вара иза ИК-7 олуш йолчу. Оцу 7 дийнахь, оцу неIаргахула идийра тхойшиъ, мел йолу Iедалан урхаллаш а, минстраллаш а гIаттийна. Цигахь вовшех гIо-накъосталла а деш, хIуъа а чекх а долуьйтуш долу сурт карийна».

Оцу Владимиран кIоштерачу набахтехь чохь бахкачу вайнеха тутмакхашна юккъехь Гелагаев Лом-Iелийн гIуллакх ша цхьа йистахо лаьтташ ду, низамаш дохадаран масалле дилла а мегаш. Ша цхьана хенахь Курган кIоштехь вевзаш хилла волу бизнесхо, лаккхарчу Iедалан лаамца, боцу бехк тIе а кхоьллина чувоьллина ву, бохуш кхин дIа а дуьйцу Мальсагова Асета.

Мальсагова: «Курганехь Гелагаевс кредит а эцна, тракторан завод болх бан йолаялийтинера. Хьалха хилалчу губернаторо, и завод схьаяьккхархьама, иза тешнабехкаца хIума тIе а кхоьллина, шен декхар схьадеха вахча, нуьцIкъалха ахча даккха гIерташ вара аьлла, артикалца чувоьллира.

Вукхо, ша декхар дIало аьлла тIе а кхайкхина, дIалацийтина, 7 шо ах шо кхайкхинера цунна. 4 шо дIа а даьлла, хеналла хьалха аравала хан тIе ма кхаьчнехь, Кареле чу а кхоьссина, тхуна гинчу суьртаца, иза дIаваккха аьллера. 130 кила дегIан йозалла йолу и стаг, тхо тIаьхьа дахча, 59 килий бен вацара».

Шайна къера воцу Гелагаев Лом-Iела, лан атта доцучу хьелашка а хIиттош, иза валаре сатуьйсуш Iазап латтийна цунна тIехь, бохуш билгалдоккху юккъаралхочо Мальсагова Асета.

Мальсагова: «Ирах оьллина, куьйгашна гIоьмаш а тоьхна, кога пIелгаш бен лаьттах а ца кхочуш, кIира даьккхина цо. Иштта шийалчу чохь а латтийна шелвина, кога пIелгаш а хаалуш дацара. Иза лийра вацара теша бохуш латтийна иза. 44 дийнахь мацаллехь Iийнера иза.

Гича, со елха йолаелча, оццул доьналла долуш стаг ву иза, соьга «ма елха» бохуш вара. Цунна тIекхачийтар хьокъехь оха мел язйдина кехаташ вовшех тоьхча, ши киншка язъяллал хир дара. Цунна гонахь гIовгIа яьлча, шайн дагахь иза гена ваккха, Красноярск кIоште вигира цара».

Нохчийчьурчу тутмакхашна иштта даиманна тIехь Iазап латтош долун дела, Мальсагова Асета, меттигерачу бакъонашларъярхошка а, Iедале а кхайкхам бинера, леррина массийта стаг вовшахтоьхна, тоба а кхоьллина, Владимиран кIоштехь санна долу хьелаш хааделча, цига баха а боьлхуш, талламаш байта аьлла. Амма иза тахана а хазанза ду, элира цо.

Мальсагова: «Гелагаевга хIоттийна долу хIума, дуьхххьара нохчочунна хIоттийна а дац. Вайчарна тIехь, цхьа тIехсов къизаллашца леладо цара и хIуманаш. Ас аьллера, цхьа леррина белхан тоба кхоллахьара аш, ишттачу метте йоьдуш йолу. И кехаташ цкъачуьнна схьаоьцуш дац. Вай таханлерачу дийнахь, кхечу агIора и хьал хийца аьтто бац».

Тахана Оьрсийчуьрчу набахтешкахь 30 зар ца кхоччуш Нохчийчуьра вахархо ву. 2006 шарахь, I6 эзар ву аьлла дара официалан терахьашца. 2008 шарахь, Эстемирова Наташас а, ша а бинчу талламашца, и терахь 30 эзаре хьалакхаьчна гучуделира, боху Мальсагова Асета.

Хууш ма хиллара официалан дац уьш, амма бакъонашларъярхоша, даиманна бехктакхаман системан урхаллерачу хьакамашца шай хуьлучу цхьанакхетарехь уьш далийча, царах цхьаммо а харц ца дина и терахьаш.

XS
SM
MD
LG