Британерчу авиацехула волчу эксперто Глив Дэвида чIагIдарехь, MH17 рейс кхочуш еш хилла Малайзин некъахойн кема Украинин Су-25 олчу тIеман кемано чудаийтина бохург хила йиш йоцуш хIума ду.
«Ракеташ а, боманаш а йолуш Су-25 олу тIеман кема хаьла дала аьтто болуш дац 5 километрел тIех. Ткъа вайна хаьа MH17 рейс еш хилла Боинг 10 километар лакхах доьдаш хилла хилар», - боху Глива.
Кху беттан 21-чу дийнахь зорбан-конференцехь Оьрсийчоьнан инарлан тIеман штабан декаъшхоша дIахьедар дира ракеташ а йолуi Украинин Су-25 гина шайна Боинган 3-5 километр уллехь доьдуш аьлла.
(http://www.buzzfeed.com/maxseddon/it-wasnt-us-russian-generals-scour-the-internet-for-mh17-the),
(http://www.rferl.org/content/factsheet-mh17-russia/25464815.html),
Авиакатастрофаш толлуш болх бина волчу говзанчо Глив Дэвида дийцарехь, иза хила тарлуш ду, цунах теша хала делахь а. Глива дийцарехь, хила мега бохуш долу кема гIорта тарлора сихха охьа а хахкаделла, юха стигал хьала а хаьдда, ша Малайзин некъахойн кеманна 3 километр къеллахь делахь а, ракета хеца гIорта.
Оьрсийчоьно чIагIдийриг кхеташ дац. 10 килеметр лакхах лела аьтто болу Су-27 олу кеманаш а долуш, хIунда хаьржина тIаккха украинахоша Боинг чудаийта лахахь а бен лелалуш доцу Су-25?
Шинарин дийнахь (Товбеца-беттан 22-гIа де) Iамеркан Iедалша зорбане даьккхира шайн спутнико даьккхина сурт. Цу тIехь гуш ю, гарехь, Украинехь тIом бечу террорахоша Боинг чудаийта хецна йолчу «Бук» ракетан траектори.
href="https://twitter.com/hashtag/FlightMH17?src=hash">#FlightMH17 and the missile US says shot it down. @NatSecCNN @cnnbrk pic.twitter.com/ijsUM1nCjZ
— Barbara Starr (@barbarastarrcnn) July 22, 2014

Глив Дэвида дийцарехь, чудаийтинчу Боингах дисинчу дакъошка хьажча гуш ду цунна зенитан ракета тоьхна хилар.