ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сочера кхераме Олимпиада


Оьрсийчоь -- Умаров Докка.
Оьрсийчоь -- Умаров Докка.

Имаратан куьйгалхочун Умаров Доккин Сочехь кху Iай дIадахьа леринчу Олимпикан ловзарийн хьокъехь кхерамаш туьйсу видеогайтам интернетехь маццахехь, аьхка дуьйна, баьржина бу.

Луучийн тахана а ладогIа йиш а йолуш. ХIетахьлерачу цу видеокхайкхамехь цуо ша жимма хьалхехьуо Оьрсийчохь тIемаш операцеш а, терроран тIелатарш а ца дан сацам беш йина хилла мораторий юхайоккхуш хилар а дIакхайкхийра, ткъа иштта кавказхойн декъешна а, даьIашкашна а тIехь Олимпикан ловзарш ца дайтаре а кхайкхира.

„Вай, муджахIидаш санна, декхарийлахь ду, вайна Дала беллачу ницкъаца, хIуъа дина а, и ловзарш ца хилийта хьовса. Цундела ас кхайкхам бо хIора а муджахIиде, иза мичча меттехь велахь а, шен кадоллучу агIор къахегаре, вайн лаьттанашна тIехь и йилбазийн ловзарш ца дайтархархьама“, - элира цуо.


ХIеттехь, и хабар зорбане даьллачул тIаьхьа, Нохчийчуьра Iедалша а, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахоша а цхьа могIа дIахьедарш дира, шаьш Олимпикан ловзаршна новкъарло йойтур яц, ткъа Имарат Кавказан цхьанна а кепара аьттонаш а, ницкъ а бац, и новкъарло ян, аьлла. ХIетте цкъа а ца хиллачу кепара кхерамазалла лакхаяккхарехь гIулчаш ехира йоллучу Кавказехь а.


Дагестанехь, масала, цул тIаьхьа контртеррористийн операцин режим кхайкхийра Iедалша, лаца а лаьцна, полицин декъашка кхачийра иттанаш шеконе лерина болу нах. „Вайн имиджина коьртаниг хIун ду хьуна аьлча, вайн махкара хьал Олимпикан ловзарш дIадерзаллца цхьанаэшарехь стабила хилар ду“, - элира хIетахь Дагестанан вице-премьера Джафаров Рамазана. „Теша мегар ду шуна, оццул дукха ницкъаш а, хьелаш а декъа а долуш, къепе ларъяр цкъа а хилла дац цигахь“, - аьлла тешийра «Коммерсантъ ФМ» радион эфирехь „Альфа“ цIе йолчу антитерроран тобан ветеранийн кхеташонан куьйгалхойх волчу Филатов Алексейс а.


Изза Iалашо юьхьара а лаьцна, - муьлхачу а кепара шайн республикашкахь стабиле хьал и ловзарш тIекхаччалца мукъане а лардан гIеташ бохкучу Къилбаседа Кавказерачу куьйгалхошна, хIинца Малхбузерачу хаамийн гIирсаша и мацахлера Умаровн видеокхайкхам юха карлабаккхарх жима хIума ца хилла. ХIинца церан и дерриге а, - шайн махкахь къепе хилар лакхарчу Москохарчу Iедалшна дIагайта дезар а, шеконе берш лийцар а, лийцинчарна массарна а гойтуш, масаллийна кхелаш ян дезар а – кхин цкъа а, керлачу гуонехь лелон деза.

Иштта масала, кIирандийнахь ГIебартойн-Балкхарехь а, Адыгийн махкахь итт сов чергIазойн юкъараллин жигархо лецира Iедалхоша. Уьш массо а бехке беш бара, сепаратисташца зIенаш хиларна а, царна гIо дарна. Йоккхачу гIовгIанца лаца а лаьцна, Краснодаре дIабигинчул тIаьхьа уьш юха дIахецнехь а, амма цу хиламо гойту, Олимпиада йолаяла кIеззиг хан йисинчу муьрехь мел, озийна пха санна, чIагIбелла а, кхерамо лаьцна а бу меттигера Iедалхой.

Ткъа буй те, уьш сел кхералла, ницкъ Имарат Кавказехь а, Умаров Доккин байIат динчу Къилбаседа Кавказерчу тIемалошкахь а, цу Олимпикан ловзаршна новкъарло яллал? Таронаш а, нах а, гIирсаш а буй те цаьргахь? Цу хеттаршна шина кепара жоьпаш ло тергамхоша.

Цхьана агIор дуккха а шерашкарчу тIамо а, цу тIеман эшамаша а хаалла гIелйина ларалуш ю Къилбаседа Кавказера тIеман тобанаш. Вукху агIор амма, массарна а хууш ма-хиллара, Оьрсийчуьрчу, - ткъа Къилбаседа Кавказерчу-м муххале а,- корррупцица муьлхачу стеган а мичча меттехь а талор дан а, терроран тIелатар дан а йиш хир юйла хаьа шаьшна Оьрсийчоьнан Iедалшна а, цигарчу къайлахчу сервисийн векалшна а.

Иштта, массарна а дика дагадогIу, ши шо хьалха Москохарчу Домодедово кеманийн портехь дина хилла долу эккхийтар, байинарш а, лазийнарш а болуш. ХIетахь а бара оьрсийн юкъараллехь Умаров Доккин, Имарат Кавказан а карахь хIуммаъ доцучухаа а болу кхетамаш шуьйра баьржина. Цундела тахана а, мел цхьаболу Iедалийн векалш Умаровн дешнаш кхардамца пайдабоцуче даха гIертарх а, амма цу агIора кхерам хилар тидамера даккха мегар доцийла кхета Оьрсийчоьнан лаккхара Iедал.


И проблема, Олимпикан ловзаршкахь а, кхечу муьлхачу а шуьйра даздечу спортан я политикан я исбаьхаллин даздаршкахь терроран тIелатарш дан кхераман проблема, Оьсрийчоьхь кхоллаелла яц, я цу пачхьалкхана цхьанна хьалха лаьтташ а яц. Кхин хIуммаъ ца хилча а, массарна а дика дагадогIу тахана а, I972 -чу шарахь немцойн Мюнхен гIалахь Олимпикан ловзарш долчу хенахь Палестинин маршонехь къуьйсучу тIемалоша йина хилла йолу теракт.

Аьттехьа а яцара Германехь хIетахь таханлерачу Оьрсийчоьхь ерг санна йолу коррупци а, я тIеман хьелашкахь а яцара и пачхьалкхе хIетахь цхьаннаца. ХIетте а ца ларйелира иза цу кепарчу Iоттабаккхамах.

Цундела а лору тергамхоша, Умаров Доккин Олимпикан ловзарех долу дI
XS
SM
MD
LG