ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европа ларош яц Африкера а, Азера а тIеоьхучу нахаца


Австри -- Трайскирхенехь нохчи бу мухIажирашна кхача эцна бахана.
Австри -- Трайскирхенехь нохчи бу мухIажирашна кхача эцна бахана.

Европе схьаоьхучу эзарнаш мухIажирfшна дуьхна Iедал лелачу муьрехь могIарера бахархой ка ма-доллу орцах буьйлу тIебаьхкинчеран хьашташна.

Дела денна бIеннашкахь мигранташ сехьабуьлу Туркойн махкара Грецерчу Кос гIайренна тIе. Эгейн хIурда йистехь Iуьллучу цу жимчу гIайренна тIехь вехаш 30 эзар стаг бен вац, амма цигахь хIинцале а гулбеллачу мухIажарийн терахь 7 эзарал совдаьлла. БIеннаш могIарера желтой а, кхечу луларчу мехкаршкара тIебаьхкина а волонтераш бу мигрантийн хьашташна орцах бевлла, царна лоьрийн гIо а, юург-молург а Iалашйан гIерташ. Амма и гIо тоъане а тоьуш дац.

ХIора мIаьргонехь хIурдакема хаьрцина, бала а сахьт доцуш, Iаьткъинчу малха кIелахь, тоъалла юург а, ур-атталла мала хи а доцуш, беха некъ бина гIайренна тIе кхаьчнаберш йиш йоьхна а, дарбелла а бу. Царна юккъехь дукхахберш кегий нах хилар бахьана долуш, девнаш а, Iоттабаккхам а лелха кест-кеста мухIажарийн шаьшна юккъехь а, меттигерчу Iедалхошца а бохуш латкъамаш бо цу нехан хьашташ сихонца кхочуш даре кхайкхамаш бечу адамийн бакъонашларйархоша а, гIайренан бахархоша а. Ткъа Косан гIалин дас Кирицис Йоргоса Грецин Iедале орца доьху кехат хьажийна, мигрантийн турлгIенца ша ларош вац, цигахь хIоттаделчу хьолах доккха питана а, цIийIанар а хила сахьт дац аьлла.

Цу орцан махьаран бахьанаш а ду. КIиранашкахь богучу малхана кIелахь, чулачкъа хIусамаш а, тоам хуьлчу кепара яа хIума а йоцуш хан йоккхуш болчу мигрантийн полисхошца тийсадалрш хилла кху деношкахь. Шаьшна сихонца кехаташ а лой, Европин кхечу пачхьалкхашка шаьшна дIадаха бакъо ло боху кхайкхамаш бечу мигранташа гIайренна тIерчу полисхойн декъана го бинера еари дийнахь. Iедалхоша царех масех бIе стаг лаца а лаьцна, меттигерчу стадионе дIавига. Царна дан гIуда дацахь а, амма иштта а холчу хьолехь болу мухIажарш къепедацарш лелорна хIинца полисхойн тергонехь латтош бу.

Иштта тиша хьал ду Италерчу Лампедузехь а. ХIора дийнахь Дуьненаюкъарчу хIурдахула Африкера а, Шемара а, Иракъера тIамах а, баланех а уьдуш болу нах кхочу цига. Цу гIайренна тIехь а гулбелла эзарнашкахь мигранташ, ткъа цига кхача гIерташ схьаоьхурш кхин дIа а дела денна аьлча санна хIурдалахь леш бу. Даханчу кIирандийнахь хIурдакема а хаьрцина, 300 сов стаг велира, ткъа шинари дийнахь кхин 50 стаг хIурда чу вахара.

Грецера а, Италера а мухIажарш шайн ка дол-доллучу агIор Европин кIоргене - Германе а, Франце а, Британе а, Австри а - дIасаоьху. Дукхахьолахь къайлаха до цара иза, легала боцу нах дIасалелочу талорхошна ахчанаш а луш. Къаьстина хала хьал хIоьттина жимчу Австрехь, иза транзитан мохк хиларх терра, цигахь инзаре дукха мигранташ IаIарна.

Австрерчу Трайскирхен олучу мухIажарш дуьххьара тIебоьлхучу лагерехь 1800 стагана бен меттиг яц, ткъа даханчу кIиранашкахь цигахь 5000 сов стаг гулвеллера. И нах арахь, декъачу лаьтта тIехь а, асфальт тIехь а буьйсанаш а, денош дохуш бу, цкъа а цахиллачу кепара 40 градус тов кIиранашкахь лаьттачу Австрехь.

Трайскирхенера хьал гуманитаран катарстрофин зил тIе хIоьттинера, ткъа меттигера Iедалхой и хьал тодан гIорасиз хилла диснера. Цу хьелашкахь бIеннаша меттигерчу бахархоша шайга лацалучу кепара гIо лоцуш ду мухIажарийн кхолламашкахь. ХIора дийнахь шайн долахьчу машенашкахь юург а, тIеюхург а, тIетасса а, кIелтаса а хIумнаш а оьций, цу лагере а оьху могIарера австрихой а, кхечу къаьмнех болу цу пачхьалкхан бахархой а.

Даханчу кIиранашкахь Австрехь бехачу дуккхаъчу вайнаха а дакъалецира Трайскирхенерчу мухIажарийн кхолламехь, царна яа-мала а, тIеюху а кхоьхьуш. Царна юккъехь яра Венера Саламова Зараъ. СагIийна динарг дийцар дика дац бохуш, шаьш цига дахар хьахон башха лууш яцара иза, делахь а Маршо радион дехарца мелла а цигахь шена гиначу суртах лаьцна иштта дийцира цуо.

Саламова Зараъ: „Делахь хазнесанна ирча сурт дара тхуна цигахь гинарг. Четарш тоьхна, арахь Iаш бара инзаре дукха нах. Цхьа гIехь-тера лартIахь четарш а дацара уьш а. Машенахь цу лагеран кевнашна стаг улле кхаьчча, тIеуьдура нах, сагIадоьхуш. Цигара и хьал гича, йилхира со, цу нахах дукха къахетта. Боккъал а ма тиша хьал ду-кх цаьргахь.

Трайскирхенерчу лагерера мухIажарш кху тIаьхьарчу деношкахь меттигерчу Iедалхойн гIоьнца мелла а лахбелла, кхо эзар стаг кхечу Австрин гIаланашка дIасахьажор бахьана долуш. Амма тахана а ву цигахь хила везчул эзар стаг совнаха. Тахана а бу и нах арахь Iаш, чу баха меттиг йоцуш.

XS
SM
MD
LG