ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан дехкарех пайда баьлла Европерчу пачхьалкхашна


Оьрсийчоь -- Елкин Сергейн сурт.
Оьрсийчоь -- Елкин Сергейн сурт.

Оьрсийчоьно Малхбузерчу сурсаташна дуьхьал яьхна йолу санкцеш Евробертана мелхо а пайдехь хилла.

Нийса шо даьлла Оьрсийчоьнан куьйгалло Малхбузено оьрсийн экономикана дуьхьал гIуданаш дахарна Евробертан пачхьалкхашкара цхьа могIа сурсаташ чудан бакъо ехкарца шен жоп делла. Цу хьокъехь лерина рапорт зорбане даьккхина Еврокомиссино шен официала сайт тIехь. Рапортера гуш долу тамашийна жамI- Кремло шена дуьхьал яьхначу сурсатийн эмбаргох эшам тешна а ца хиллачу Евробертан экономикана, мелхо а, масех миллиард пайда баьлла даханчу шарахь.

Европахоша кхечу пачхьалкхашка еш йолу экспорт 5 процентана лакхаяьлла, ткъа ахчане даьккхича иза бохург ду, Оьрсийчоьно шен эмбарго юккъеяьккхича дуьйна схьа царна 5 миллиард евро герга са яьлла бохург.

Муха хила йиш ю иштаниг?

Коьртачу декъехь Оьрсийчоьно ца оьцуш дисина сурсаташ дарна кхераелла, шайн арахьара йохк-эцаран зIенаш сихонца жигара яьхначу Европерчу хьоладайша а, яккхийчу концернаш а, юьртбахамхоша а шайн продукци йохка керла эцархой лехира хIинцалца схьа шаьш кхин башха жигара а ца еш хиллачу меттигашкахь.

„Уггаре а баккхий кхиамаш европахоша Цхьаьнатоьхначу Штаташка а, Китай а, Швейцаре а, ткъа иштта азерчу эцархой болче, масала, Гонконге а, Къилба Корея а шайн сурсатийн эскпорт алсам яккхар бахьана долу баха каделира“, - аьлла яздина ду Еврокомиссин рапортехь.

Иштта, масала, Къилба Корея а, Китай а духкуш долчу сурсатийн терахь, Оьрсийчоьнан эмбарго бахьана долуш, хIинцалца чул а 30 процентал сов даьлла, Туркойн махка а, Гонконге а юхкург – 25, 27 процент алсамох ду. Проценташкахь аьлча жимма кIезгох хеталахь а, амма хаъалла лакхадевлла Цхьаьнатоьхначу Штаташка духкуш долу сурсаташ а – 15 процентана.

Кремло шена дуьхьал Малхбузено яьхначу санкцешна ша дера жоп дала кийча хилар шо хьалха довзийтича, уггаре а кхерамечу хьолехь цунна луларчу Полшерчу фермерий хьал ларалуш дара. Амма полшхой а, мел тамашийна делахь а, эшамна метта толам болуш чекхбовлуш Оьрсийчоьнан санкцех – карара шо меттигерчу юртбахамхошна рекорде са йохьуш хила мегаш ду, цкъа а ца хиллачу кепара 25 миллиард еврона шайн сурсаташ дозанал арахь дохка там бу цара, оьрсаша уьш кхин ца эцахь а.

Цу пачхьалкхан юртбахаман министро Савицки Марека кху дуношкахь меттигерчу Puls Biznesu газетица шен хиллачу къамелехь билгал ма даккхара, Полшано 73 пачхьалкха духкуш ду шен сурсаташ, аьлча а, хьалхачул пхийттех пачхьалкхан алсамох. Цуо дийцарехь, иза доьзна ду Оьрсийчоь шайн эцархойн могIаршлара дIаялар бахьана долуш меттигерчу юртбахамоша кхечу меттигашкахь, масала, Азехь я Африкехь шайна керла партнераш карорца.

Карладаккха догIу, Полшин экономикана оьрсийн эмбаргох зе ца хилийтархьама, цу махкахь шуьйра баьржира „Путинна дуьхьало ян лаахь, вайн вешан Iежаш а даа, царех даьккхина мутт а мала“ боху кхайкхам. Оцу сохьта наха кар-кара а оьцуш, даржийра меттигера Iежаш даарх болуш болу пайдах долу дийцарш. Изза кхайкхам луларчу пачхьалкхаш а бира, ур-аттала немцойн финансийн министро Шойбле Волфганга а ша Полшера Iаж бууш долу сурт зорбане а доккхуш.

Цу юкъана Оьрсийчохь и Полшера Iежаш а, кхечу Евробертан пачхьалкхашкара нехчанаш а, стоьмаш а, хастоьмаш а, чагIар а, жижиг а, йоьхьаш а дагош дIадохуш ду Iедалан ницкъаца, уьш санкцийн могIаршлахь билгалъяьхначех ю бохуш. Даханчу деношкахь масех бIе тонн юург хIаллакйина цу кепара, 200 эзар сов Оьрсийчоьнан бахархоша и сурсаташ дага а ца деш, гIийлачарна а, къечарна а дIасадекъахьара аьлла петици язйар тергал а ца деш.

Ткъа официала статистикца, Оьрсийчохь къеллехь вехаш, аьлча а, Оьрсийчоьнан Iедало ша къеллин доза санна билгалдаьккхина 160 долларал кIезгох баттахь оьцуш верг 23 миллион стаг ву. Ма-дарра аьлча, цу пачхьалкхан бахархойн I6 процент ву къеллехь. И терахь стохка хиллачул 5 процентана лакхадаьлла кху шарахь. Евробертан экономикна оьрсийн сурсатийн эмбаргох хилла йолу са а ма-яллара кху шарахь оццу 5 процентана лакха.

XS
SM
MD
LG