ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхерамазалла бале йолуш ю Сочерчу Олимпиадана


Оьрсийчоь -- Эскаран полицин эпсарш бу Сочин кIоштахь Адлерера вокзалехь. Дечк17, 2014
Оьрсийчоь -- Эскаран полицин эпсарш бу Сочин кIоштахь Адлерера вокзалехь. Дечк17, 2014

Сочехь дIадиттина Олимпан ловзарш дIадоьлхаш теракташ ян кечйелла хила мега аьлла шеко йолчу зудчуьнан суьрташ. Цуьнан цIе ю Ибрагимова Рузанна. Иза Къилбаседа Кавказерчу тIемалочух йисина зуда ю аьлла ду кехаташ тIехь

Iамеркерчу NBC-News телеканало дийцарехь, Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаша лоьхуш хила мега терроран тIелатар дан араяьлла 4 зуда. Царах «Iаьржа йисина зуда». Царах цхьаъ, дицарехь, гина тIебогIучу баттахь Олимпиада хир йолу Сочи-гIалахь. Цу гIалахь дIадиттинчу кехаташца а догIуш, иза ю Ибрагимова Рузанна.

CNN корреспонденто бинчу хаамца цу зудчуьнан сурт тIехь долу кехат цаьрга делира хьешацIийнахь болчу кхерамазаллан сервисан белхахоша. Ибрагимова Рузанни 22 шо ду. Iедалша чIагIдарехь, стохка Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн белхахоша вийначу Селим цIе йойолчу тIемалочух йисина ю иза.

Сочехь дIасадоькхуш долчу кехтаца а догIуш, иза астагI эккаш ю аьтто когана, аьрро куьг сетташ дац, ткъа юьхь тIехь му бу 10 сантиметр хиллал.

Тахана Сочехь Iаьнан Олимпиада дIайолаяла кхо кIира дисинч хенахь массара а дуьйцуш ддерг ду цигахь кхерамазалла хилийтарх лаьцна хаттар. Кху деношкахь интернетехь гучуелира Волгоградехь вокзалехь иккхина волчу шина жимачу стагах яьккхина видео.

Цу тIехь цара дуьйцу шаьш Iожалхой хила сацам баран бахьана. Цул тIаьхьа гойту эккхийтар. Жимма хьалха оццу гIалахь троллйбус а эккийтира Iожалхочо. Цу шина хиламехь вийнарг вара 34 стаг.

Даханчу шарахь аьхка Кавказ Имаратан куьйгалхочо Умаров Доккас кхайкхам бинера шена тIаьхьахIиттинчу нахе Сочехь Олимпиада юкъахяьккха шайга далург ддерриг а де аьлла. И дерриг а бахаьана долуш вуно онда кхерамазаллан раж хIоттийна Сочехь Оьрсийчоьнан Iедалша.

Даханчу мукъачу деношкахь Олимпиада хир йолчу Сочехь журналисташна цуьнах лаьцна дуьйцуш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедар дира, кхечу пачхьалкхашкахь цу тайпа Ловзарш дIахьош деш ма хиллара, 22-чу Iаьнан Олимпиадин коьртачу гIалан кхерамазалла ларъян оьшург дерриг а дийр ду ша аьлла.

Путин Владимир: «"Кхерамазалла латто оха юкъаозийна хир бу 40 эзар герргга низамаш лардон органийн а, кхерамазаллин структурийн белхахой. Дера оха пайда оьцур ма бу цу кепара мероприятеш еш кху дуьненан кхечу регионашкахь, кхечу пачхьалкхаша гулдинчу зеделлачух. Иза ду оха ларйийр ю стигал а, хIордан акватори а, ломара кластер а бохург".

Делахь а Путина юха а билгалдаьккхира кхерамазалла ларъяр Iалаошнца лелош долчо спортсменашна а, журналисташна а, хьешашна новкъарло ца яйта хьовсур ду шаьш аьлла.

Карарчу хенахь Сочехь массанхьа а дIахIиттийна ю эчиг лоху машенаш, полицин тобанаш шайца лелош ду бомбанаш лаха Iамийна долу жIаьлеш.

Сочехь кху деношкахь лаьттачу суртах лаьцна дуьйцу цу гIалара яхархочо Тамарас.

Тамара: «Хьаннаш дукха чIогIа ларйеш ю. Даиман а лаьмнашна а, хIоррдан тIехула а лелаш беркеманаш ду. Тергонехь латтош ю ерриг а йоккха Сочи олу меттиг. Хир йолу Олимпиада бахьана долуш кхерам хиларан билгалонаш йолуш ю кхузахь. Iедалш а, бахархой а кхоьруш бу. Делахь а Iедалшкахь алсам хила мега и кхерам".

Олимпиадана кхерамаш туьйсучу тобанаша дIахьедарш до шаьш Сочи йоцург кхечу гIаланашна а тохарш дийр ду бохуш. И бахьана долуш Iедалш мал дала йиш йолуш дац.

Олимпиада дIайоьдучу ханна даккхийн терорран тIелетарш хир дац аьлла хета Оьрсийчура политикан говзанчашна а, террораца доьзначу хаттаршкахула болчу говзанчашна а. Царах ву, масала, дуккха а шерашкахь Москох Карнеги центрехь болх бина волу политолог Петров Николай.

Петров Николай: «Олимпан ловзаршкахь кхерамазалла латторах лаьцна аьлча, суна хетарехь Iедалша инцаре тидам тIебахийтина цунна. Цундела ловзарш дIахьочу зонехь, хетарехь, вайна ца ган мега кхераме теракташ яр. Кхин ду цунна дукха тидам а, ницкъа а тIехьажийна хилар. Цо Олимпиадера атмосферах хила мега дуьненна а масал санна гайта кечйина йолу чубоьхкина нах латторан колони".

Амма шаьш лелачу бекхам бан арабевллачу нахера схьаболу кхерам буьсуш бу аьлла хета политлогана Петров Николайна:

Петров Николай: «Суна хетарехь шаьш лелачу, ца хаа суна, я Iедалан структураша а, я къайлаха лелачу тобанийн структураша а Iуналла деш боцучу тIемалош хIумма а дийр дац аьлла кхоччуш гаранти яла цхь а хIуттур вац. Амма иза мелла а жима мсщтаб а, къхезиг эффект йолуш а хила мега теракташ ю, я теракташ ян гIортар ду. Ткъа яккхийн теракташ хир яц аьлла хета суна".

Шинарин дийнахь Iамеркан тIеман министралло хаийтина Оьрсийчоьнан Iедалшка шаьш царан гIо дан кийча хилар Олимпиадехь кхерамазалла латтош. Пентагонан зорбан секретаро контр-адмирала Кирби Джона хаам бина 2014-чу шеран Iаьнан Олимпиада дIайоьдуш Iаьржачу хIордачохь лаьтташ хир ду ши тIеман хIордан кема. Иза деш ду цхьа цIеххьана карзах даьлла хьал хIоттахь а аьлла.

Кирбис дийцарехь, Iамерко хаийтина Оьрсийчоьнан Iедалшка шаьш кийча хилар Олимпан ловзаршкахь дакъалоцучу спортхойн а, хьешийна а кхерамазалла ларйеш дакъалаца.

Iаьржачу хIорд чохь лаьттар долу хIордан тIеман кеманаш доцург, Пентагон Германехь шен кеманаш дIатардан дагахь ю, нагахь оьшуш меттиг нислахь шен спортхой Сочера кIелхьара баха.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG