ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йоккхачу стага "цIока йоккху" ДАIИШ-на тIера


YouTube-ра скриншот.
YouTube-ра скриншот.

Кху видеона тIе бIаьрг хIоьттира тхан YouTube- ехь. Кху тIехь, гарехь, хIинцца кху меттиге кхаьчначу “Исламан пачхьалкх» (ДАIИШ) шех олучу тIеман тобан декъашхошка йистхуьлуш ю цхьа йоккха стаг.

-ХIай, иблисаш, Делан новкъа юхадерза! – олий йолало йоккха стаг герзах боьттинчу нахаца къамел дан.

- Ва йоккха стаг, хIун ала гIерта хьо? – хоьтту машенна урхалла дечо.

- Делан новкъа юхадерза! – юха а олу йоккхачу стага.

- Делахь а, дерриг а дика ма ду вайна юкъахь, дуй? – хоьтту герзхочо.

-Ма байъа нах, тIаккха шу а дойъур дац, - жоп ло къеначу зудчо.

- Бераш дойъуш болчарна тIекхача лууш ву со.

- Иза дитахь, хIун дан деза вай аша байъинчарна, аша арсаш хьекхначу курдашна? Иза дерриг а лело мегар доцуш дара. Ас дуй буу аша динарг цхьа а хIума Далла бохург дац аьлла. Делан новкъа юхадерза! Шух цхьа а дикане кхочур вац. Шу а кхочур дац, я Башар а кхочур вац. Аша лелориг боьха хIума ду! Шух цхьа а вац дика. Шу а дац дика, я иза а вац!

- Баба, кхин хан яц тхан, дIаяла, дIагIо!

Амма дIаяхале йоккхачу стага кхин цкъа а олу шен дагара.

-Шух цхьа а тоьлур вац. Цхьа а тоьлур вац! Аша шаьш кхин дIа а вовше дойъур ду маймалш санна. Делан новкъа юхадерза, бераш! Делан новкъа юхадерза! Дала сацор вац Башар, шун аьтто а бийр бац. Шу дерш цхьаъ ду.

Цул тIаьхьа байт йоьшу йоккхачу стага.

- Баба, иза поэто яздина, - олий и байт ша тергал цаяр хоуьйту герзхочо.

-Шу пачхьалкх (ДАIИШ, Исламан пачхьалкх) неIалт хилла ю! – олий Къуръан тIера сураташ даладо цо.

Сурат 10. Юсуф.

  1. 13 ТIаьхьенаш хIаллакйина Оха шул хьалха, цара зуламаш дича‚ шайн элчанаш баьхкира царна тIе билгалонашца‚ – уьш ца хилира иман дилла. Иштта бекхам бо Оха къинош дечу къоманна.
  2. 14 ТIаккха шу хилийтира Оха царел тIаьхьа латтан тIаьхье, Тхо хьажархьамма шу муха лела.

Юха, Дела хьоьжуш ву аша лелочуьнга олий, кхин а Аль-Араф олучу 7-гIа Суратан юкъара ши аят даладо йоккхачу стага.

7. 40. «Баккъалла а, Тхан аяташ харцдинарш‚ царна куралла йинарш - стиглан неIарш дIайоьллур ма яц царна‚ ялсамана гIура ма бац уьш эмкал механ Iуьрга йоллалц. Иштта бекхам бийр бу Оха къинош диначарна».

7. 41. «Царна жоьжахатехь хир бу (вижа) мотт‚ царна тIехула цIеран пардо хир ду – иштта бекхам бийр бу Оха зулам динчарна».

http://islam-book.info/koran-tafsir/koran-na-raznich-yazikach/perevod-smislov-svyaschennogo-korana-na-chechenskom-yazike

- Юхадерза Делан новкъа! – юха а хьехар а дой, дIайоьду йоккха стаг.

XS
SM
MD
LG