Your browser doesn’t support HTML5
Шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин суфийн вежаралла динан вовшахтохаран гурашкара даьлла дикка хан а ю, яздо "Кавказ.Реалиино"
Карарчу беттан 1-чу дийнахь ГIалгIайчохь доккха зулам хилира. Яндарехь некъаца лаьттачу "Шевроле" машенна герга а веана, цу чуьрчу шоферана герз тоьхнера "Лада Грантан" урхалла дечо.
10-15 метр дIа а яхана, сецнера "Шевроле". Цул тIаьхьа "Лада" автомобилчуьра араиккхинчу герз карахь, Iаьржа маска йолчу цхьахволчу пассажиро тIехьаьдда, машенчохь волчунна кхин тIе а герз диттинера. ТIаккха къайлабевллера уьш. Ша волччахь веллера "Шевролен" долахо.
ТIаьхьо, зулам динчу меттигна 12 чакхарма дехьа, Несаран кIоштарчу Сурхо-Хитӏехь гучуяьллера зуламхой тIехь къайлабевлла машен. Стаг верца доьзна бехкзуламан гIуллакх долийра талламан органаша.
Baza телеграм-канало яздо, чIиран мостагIаллица бина бекхам хила тарло иза бохуш. Каналан версица а догIуш, 2014-чу шарахь Яндарехь герз тоьхна вийра ОлиговгIеран цхьахволу ваша. ТIаьхьо кара а веана, таIзаре хIоттийна Падиев Хизир хиллера иза вийнарг.
Ткъа карарчу беттан 1-чохь вийна 42 шо долу Падиев Башир, набахте хьажийначу Хизиран ваша ву. Хетарехь, оцу бахьанашца хьесап динчух тера ду, чIир йоькхуш дина зулам ду аьлла.
БатаIалхьажойн лар
Яндарехь стаг вийначул тIаьхьа оцу сохьта дийца долийра, Падиев батIалхьаьжойн вежараллин декъахоша вийна хила тарло бохуш.
ГIалгIайчуьра кхочучу криминалан хаамашкахь кест-кеста хьехош бу цу юкъараллан декъашхой.
Республикан Наьсаран кIоштахь Стигалкъекъа-беттан 30-чу дийнахь герзашца летарш хилира БатIал-Хьаьжин вирдехь болчу мурдашна юкъахь. Дийцарехь, бахьана хиллера, цхьана агIонна церан могIарш дIатаса лаар.
Байначу беттан юккъерчу деношкахь дийца даьккхира, муьлш бу ца хуучу наха БатIал-Хьаьжин вежаралло хьурматдеш хилла дитт дIахадийна аьлла. Тоба вовшахтоьхначо дийна а хиллера и дитт.
Лелийнарг шайхан иэс сийсаздеш, вандализм лерира мюридаша. Цара дIакхайкхийра, оцу зуламна дуьхьал шаьш бекхам бийриг хиларх.
Кхин а хьалха, Зазадоккху-беттан 13-чохь, Эккажакъонгий-Юртахь герзаш диттира, цхьа стаг а вуьйш, дов юкъахдаккха гIоьртинчу шина полисхочунна чевнаш а еш. Ткъа дов марсадаьллера, дийцарехь, батIалхьаьжой юкъа а балош, шина тайпанан иккхинчу конфликтана тIехула.
Стохка Лахьан-беттан 4-чу дийнахь Москвахь вийра ГIалгIайчуьрчу экстремизмана дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша а. Дуккха а тергамчаша и зулам батIалхьаьжошца дузу.
Эльджаркиев а, цуьнан куьйгакIеллара нах а бехке лору вирд вовшахтоьхначуьнан кIентан кIант Белхароев ИбрахIим, 2018-чу шеран ГIуран-беттан тIаьххьарчу буса шен цIенна гергахь верна.
Иштта, хаамийн гIирсашкахь а цхьаьна яздора, церан вежараллица уьйраш хиларх, "нахала боху видеош а, суьрташ а даржор ду" шаьш бохуш, марехь болчу зударшна кхерамаш а туьйсуш, цаьргара ахчанаш даьхначу шина вешин АльтемировгIеран Хьасанан а, Iийсан а.
Оццу батIалхьаьжойх шеконаш яра, масала, 2017-чу шеран ГIадужу-баттахь гIалгIайн имамана Чумаков Хьамзатана кIелоярна, цуьнан гергарчийн а.
Ткъа вежараллин декъашхоша цу кепара шайна дохку бехкаш тIе ца дуьту, шайн "вирдаца лелош провокацеш" ю бохуш.
Вежараллин цхьана лидеро кехат а дахьийтинера Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, 2017-чу шарахь Марсхьокху-беттан 19-20-чу а деношкахь шайн цIийнах хьовсарна латкъамбеш.
Динан юкъаралла къевлина йолуш а, декъашхой бертахь, вовшана гIо деш хиларна а дуккха а дийцарш а, хетарш а лела царна гонах. Ткъа ма-дарра царах лаьцна хаа, аьтто ца хуьлу.
Магаданан деши
EurAsia Daily гIирсо, Baza телеграм-каналана тIе а тевжаш, хааме доккху, Советан заманахь Колымехь дешидоккхийлехь болх беш хилла гIалгIай, 1990-чу шерийн юьххьехь Магаданан кIоштахь бизнес-сферехь коьрта меттигаш дIалеца буьйлира бохуш. Трафикан географи йоллу Советан пачхьалкхехь дIа а лоцуш, цара карадерзийра къайлахь Колымера деши даккхар а. Оцу гIуллакхехь хьалхара позицеш дIалеца буьйлабелира БелхароевгIеран кланан векалш. Цаьргахула юза йолийра цара шайн динан вежараллин юкъара бюджет а.
Оцу декъехь батIалхьаьжойн рол вуно хаалуш яра, хIунда аьлча, пачхьалкхан оцу махка хьийсош бара мехала тIулгаш ара ца дахийта Нохч-ГIалгIайчуьра пачхьалкхан кхерамзаллан комитетехь болх беш болу (КГБ) нохчийн а, гIалгIай а къомах болу белхахой.
1991-чу шарахь Советан Iедалан зорбан гIирсаша яздора: "Дахначу кIиранах Магаданан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло талла долийна, пачхьалкхан дешидоккхийлехь хадданза къоланаш лелочу гIалгIайн йоккхачу тобан хьокъехь. Милицин гIоран эвсаралла лахара хета говзанчашна: тIейогIучу заманчохь деши арадоккху некъаш дIакъовла аьтто бер бац" аьлла.
Политикан дакъа
ГIалгIайчохь БелхароевгIеран вирд, Оьрсийчоьнан низамашца а доцуш, шайн бакъонашца лела пачхьалкхехь лаьтта пачхьалкх санна лору. Шайн дахаран кеп а, шайн ламасташ а ду церан.
Би-Би-Си радионо дийцарехь, вирдан хIора декъашхочо шайна хуьлучу пайдан 10 процент, вийначу Белхороев ИбрехIиман девашас Белхароев Якъуба доладечу шайн юкъарчу бюджете охьаюьллу. Дуккха а нах цу тобанехь хиларна а, алсам ахча церан карахь хиларна а, гIалгIайн юкъараллехь церан вирд Iаткъаме хета.
Политикана а пе ца бетта батIалхьаьжоша. Вирдан декъашхой гIалгIайн парламентехь депутаташ бу: БелхароевгIеран ши ваша: Якъуб а, Яхья а, иштта воккха совдегар Алиев Микаил а.
Хьалха республикан урхаллехь лаьттина Аушев Руслан а, Зязиков Мурат а, Евкуров Юнус-Бек а, декхаре бара батIалхьаьжой лара. Шайн ма-хуьллу цаьрца ца къийса гIертара уьш. Изза позици лоьцу карарчу хенахь ГIалгIайчоьнан урхаллехь волчу Калиматов Махьмуд-Iелас а.
Нохчийчоьнан куьйгаллица бертахь юкъаметтигаш латтайо гIалгIайн вежаралло, БатIал-Хьаьжин цIарах маьждиг ду ТIехьа-Мартанахь схьадиллина. Иштта нохчийн урхалхочо кест-кеста гуманитаран гIо а кхачадо церан вовшахтохараллан декъашхошна, иштта юкъахь динан барамаш а дIакхоьхьу цара.
Экономикан Лакхарчу школан белхахочо (ВШЭ) Иванов Евгенийс боху, "БелхароевгIарех йолу сюжет хьирчина ю".
"Тайп-тайпанара теш а ийзош, яста езаш ю иза. Кхузахь динан башхалла а, истори а, бизнес а, криминал а ю. Цул совнах, батIалхьаьжой - къевлина юкъаралла ю. Цундела дуккха а хабарш ду царна гонах лелаш, тIаккха цхьа маьIна долуш ойла царах лаьцна хуьлийла а дац. Иштта, ГIалгIайчоьнна хетарехь, БелхароевгIар таро йолуш, хьоле вовшахтохаралла ю. Цундела муьлхха а, царах хьакхалуш долу хIума, шуьйрачу гонашкахь дийца доккху", - аьлла хета Ивановна.
Эксперта дийцарехь, тIаьххьарчу масех шарахь, Нохчийчуьрчу Iедало дуьхьал гIулчаш яьхнашехь, ГIалгIайчохь батIалхьаьжойх тIетаьIIина дIахеда боьлла.
"Атта юкъаметтигаш яц вирдан кхечу динан тобанашца а. Салафийн векалша емалдо, батIалхьаьжоша Iадатехь керла хийцамаш бар."
Замано гайтарехь, арахьарчу ницкъаша тIеIаткъамбарца БелхароевгIеран вирд чIагIло, делахь а церан вирдан ГIалгIайчуьрчу кхечу бахархошца йолчу юкъаметтигийн херо юлу", - боху талламчас.
ТIекхиор: Къадирин тIарикъатан дуьххьара а, ша цхьаъ бен а доцу гIалгIайн суфийн вежаралла вовшахтоьхнарг Белхороев БатIал-Хьаьжа ву (1821-1914). Нохчийн шайхан Кишиев Кунта-Хьаьжин лархо хилла а ву иза. Иштта доттагIалла хилла цуьнан кхечу нохчийн шайхаца Митаев Бамат-Гирейца а. 1911-чу шарахь Митаевца цхьаьна, махках а ваьккхина, Калуге хьажийна а хилла иза. Калуган кIоштарчу Козельск олучу гIалахь кхелхина шайх Белхороев 1914-чу шеран ГIадужу-баттахь. Кеп-кепарчу зерашца, церан вирдехь ву 5 эзарна тIера 15 эзаре кхаччалц жигара декъашхо.
Ткъа шаьш батIалхьаьжоша чIагIонаш йо, шайн могIаршкахь 30 эзар стаг ву бохуш. Шайхан БатIал-Хьаьжин тIаьхьенах нах бу вежараллин куьйгаллехь.