Атта дац нохчийн нус хила

Нохчийчоь -- Нохчийн нус, автор Маркосян Диана. 2013

ТIаьхьарчу заманахь масийтта низамца ехачу нохчийн юккъараллехь, цхьадолу мехаллаш хийцаделла хилар гойтуш дуккха а билгалонаш ю. Адамийн юкъаметигаш, хIинцалца деза лелийна хилла долу, цхьана кхечу, нохчашна цакхетачу агIора йоьрзуш ю.

Your browser doesn’t support HTML5

Атта дац нохчийн нус хила

Дукха нах цецбаьхна социала машанехь молланаш бу шаьш бохучу цхьана божарша дина хIара къамелаш. Из аду, несан-марсхойн юкъаметтигех. Цара чIагIдо, несо, веккъа шен цхьа мар бен лело а, лара везаш вац, цуьнан гIуллакх дичхьана иза йолу аьлла.

Iелам стаг: «Пайхамара аьлла, шен зударшца дика хила. ЦIийнанда, ша мел долу хIума дан дезаш ву. Цуьннан гIуллакх дичхьана йолуш ю зуда».

ХIокху Iелам стага дуьйцучунна тIетайна кхин цхьаъ. Цо бахарехь, марсхошца несо лелон гIиллакхаш, шена лаамехь ду. Иза цо ца лелийча, цуьнгара цхьанна а тайпа жоп ца догIу, аьлла тIетуьхира цо.

Iелам стаг: «Стага зуда шена ялош ю. Марда, марнана а, цунна тIедужуш дац. Царна там бан гIерта оьшуш дац иза. Иштта боху бусулба дино».

Иштта бакъонаш шайна луш хилча, зударий тIетан безаш бара. Амма и къамел нийса хеташ дукха бац. Мелхо а, емал до цара, молланаш бу бохучу оцу наха ден къамел. ГIиллакх ду, уггаре а хазниг, динехь а, нохчийн Iадатехь а. Леррина оцу хIуманна кегий зударийн ойла сацийта, хIунда дуьйцуш ду иза ца кхета уьш. ХIокху зудчо, иштта жоп ло, оцу божарша дуьйцучун.

Зуда: «И стаг мила ву хиъча, цуьнга ала хIума дара-кх сан. ХIинцалера зударий, шайн майройн гIуллакх дан бен кхин хIума деш боцийла а, цара кхин хIума хIинца деш доцийла а. Хьалха вайн зударша, лелийна марда а, марнана а лелош, даьхний а лелош, керта-ков а лелош, массаьрца гIиллакх а лелош, баьхна вайн зударий».

Нохчийн зудчунна сий, къомо бусулба дина тIеэцале а, лекха хилла. Цуьнан бакъонаш шуьйра ю Iадаташца дуьстича а.ГIиллакх а, оьздангалла а, гIора доцу марнана а, марда а лелийча елла нус ца хааелла шен, элира шолгIачу зудчо.

Зуда: «Зуда-м ахь дуьйцучу цхьана гIуллакхан бен ялош яций. Хьалха зударша, ша мел долу гIуллакх деш, аренаш а, керта а лелош, поппарш а хьоьхуш,базарш а лелош баьхна. ХIинца зуда ялочу хенахь, ша мел долу хIума кеч а дой, ялайо. ГIуллакх дина аьлла, зуда елла, йоьжна ца хааелла суна».

Сайн мар бен ас лелора а вац, кхиберш ас лара безаш а бац, бохуш муьлха а нус дIахIоьттича, тIаккха муха хуьлу? Оцу несан шен а ма ду, бераш. Уьш а ма бу, нехан цIен тIе баха безаш, зуда яло езаш? Цара хIун масал гойту царна, бохуш кхин дIа а дийцира оцу зудчо.

Зуда: «ГIиллакх-гIуллакх ца лелийча, гIуллакх ца дича, хьацарна пIелг ца хаькхча, бусуулба зуда хира яц цуьнах. Къа ца хеьгча, вайн тIаьхье дика хира яц. Цара масал гайта деза, шайн берашна».

Нохчийн Iадаташ а, ШарIа, Оьрсийчоьнан низам а ду, тахана Нохчийчохь лелаш. Стагана, цхьанна а агIора ваха-вала меттиг бац. Цхьана низамехь цо динарг мегаш далахь, кхечу низамца мага ца до. Ткъа, хаьлхарчу шинца ваха лууш велахь, тIаьхьарчо-Оьрсийчоьнан низамо доьхку. Оцу хIуманна кхане мухха а хилахь, тахана хьал иштта ду.