Яндарбиева Малика: Дерриг даггара дара Зелимхас лелориг

Яндарбиев Зелимха 2004-чу шарахь вийра Катарехь ФСБ-н белхахоша.

2004-чу шарахь Чиллан-беттан 13-чу дийнахь Къатаран коьртачу гIалахь Дохехь вийра поэт, политик, Ичкерин Iедалехь вице-президент а, Нохчийн Республик Ичкерин шолгIа президент хилла турпалхо, Яндарбиев Зелимха. Рузбан ламаз дина, маьждигера ара а ваьлла, цIа ваха машен чухууш, иза эккхийтина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан белхахоша

Your browser doesn’t support HTML5

Яндарбиева Малика: Дерриг даггара дара Зелимхас лелориг

Эккхар хуьлуш Яндарбиевца машена чохь вара цуьнан 13 шо долу кIант Дауд. Цул тIаьхьа даьлла 13 шо.

Яндарбиев Зелимха чохь хилла машен.

Дауд кху деношкахь Катаран эскаре ваха кечлуш ву бохуш, дийцира телефонехула Яндарбиев Зелимхин хIусамнанас Яндарбиева Маликас.

Яндарбиева: "Иштта дIа Iаш дIайоьдуш ю хан. Хьалха хала дара. Бераш кегий дара. ХIинца, Далла хастам бо ас, бераш даккхий хилла. Дауд а воккха хилла, дешна а ваьлла, шен доьзал а болуш, вехаш ву. Балхахь а ву. Кху беттан 22-чохь эскаре ваха везаш ву иза. Ца вахча а валара иза, делахь а, цхьаъ бен вац аьлла бухубисинчех хила ца лаьа шена аьлла, цига ваха кечвелла ву. Дахар а дIадоьдуш ду-кх".

Нохчийн политик верна бехке ву аьлла лецира Катаран Iедалша цу пачхьалкхерачу Оьрсийчоьнан векалаллан ши белхахо. И шиъ вевзаш вара Белашков Анатолий а, Богачев Василий а санна. И шиъ чувоьллира, велла дIаваллалц набахтехь яккха хан а тоьхна.

Амма 2004-чу шарахь Белашков а, Богачев а дIавелира Оьрсийчоьне, цигахь набахтехь латтор ву аьлла. Кхин дIа цу нахах хилларг билггала хIун ду хууш дац.

Яндарбиева Малика а (аьттоагIор), цуьнан гочдархо а суьдехь. Катар, Доха, 2004.

Ткъа муха кхаьчнера Яндарбиев Зелимха Катаре? Дуьйцу Яндарбиева Маликас.

Яндарбиева: "Шина шаранна елла виза а йолуш, Дубаихь болх беш вара иза. ЦIеххьана цигара виза дIакъевлира цуьнан. Бахьана ца дийцира Iедалша. Иштта хьал хIоьттича, кхузарчу паччахьо, схьа а кхайкхина, шен веза хьаша ву аьлла, тIеийцира иза. Дохехь болх тIекхийтира цуьнан, КъорIан гочдан волавелира иза.

Тахана Яндарбиевн доьзал кхиина. Бераш дика дIатарделла элира Яндарбиева Маликас, кху 13 шарахь муха хийцамаш хилла шун доьзалехь аьлла, шега хаьттича.

Яндарбиева: "Зелимха дIа ма кхелххина, махкалла а делла, паспорташ а долуш, дехаш ду тхо кхузахь. Бераш кегий долуш дешарна тIехь суна накъосталла дина Iедалша, мехаза школа а елла, даа а, мала а делла. Тхой кхайкхича Iедалша вовшахтоьхначу акцешка доьлху тхо.

Зелимха кхелхича кхузарчу паччахьо чукхайкхинера тхо шен хIусаме. Цо дийцира, телефон а тоьхна, Дубаира куьйгалхочуьнга ша аьлларг. Оцу стеган юхь тIе хьо хаьжна хиллехь, цуьнца цкъа ламазе хIоьттина хьо хиллехь, иза чуцаваийта ваьхьара вацара хьо аьлла хиллера цо. Доккха баркалла ду царна соьгара, Делера а хьуьлда царна иза. ЧIогIа цIена а, даггара а дара Зелимхас лелориг".​

Политикана а, гочдарца боьзначу балхана а дуккха а хан оьшуш хиллехь а, Зелимхас поэзи ца йитинера боху Яндарбиева Маликас. Цуьнга ладоьгIуш дагайеара суна Яндарбиевс язйина йолу цхьа байт. Цигахь ду иштта дешнаш.

ХIумма а ца дисна сан юхахьежа,
Цхьа некъан чан йоцург, дIаюьжуш йолу.
Ас сайца дIахьош ду сайн къолам-кехат,
Синтем а боьхкина ас эцна долу.

Ас сайца дIахьош ду хьан бIаьрхийн къа а,
Хьоьга а, цхьанге а гечдар ца доьхуш.
Ткъа хьуна буьсаш бу къастаран лазам,
ЦхьамогIа хаттарш а,шайна жоп доьху.

Екъа хьуна юьсуш ю толаман байракх,
Вайшимма сел луьра къийсана йолу.
Амма де хир дац хьан, и хьалаайа,-
Ахь цунах дийр ду хьайн бIаьрхишна йовлакх.

Нахана дуьсуш ду, вайшиннах дийца,
Вайшимма ваьшшимма дитина дош а ....
Цхьаволачо дог лозуш дуьйцур ду иза,
Цхаволчо-эвххьаза, кхардадеш дог вайх....

Ткъа хьуна - анайист йоьжнначохь лаьтта,
ЦIергахь малх багабеш, кхерсттачохь алу,
Жоп доцуш, дагадеш гIелделла бIаьрса,-
Кийрахь мохь буьжур бу, хуьлуш лен талу.

ТIаьххар а, дог дуьллуш дуьненах, Делах,
Буйнаш ахь къовлур ду, къовлур ду дог а.
Хуур ду сан безам ца хиллий бегаш -
Уггаре халачух кхетар ду дог хьан.

Кхетар ду, эрна дуй, мел тIаьхьа хьежарх,-
Вайн синойн къа летта со новкъа волуш,
Сайца дIадаьхьнехь ас сайн къолам-кехат,
Сайн са а доьхкина ас эцна долу.

****

Яндарбиев Зелимха (1952-2004) гоьвала нохчийн байтанча а, яздархо а, политик а вара. Яндарбиев Зелимха вина 1952-чу шарахь гезгмашин беттан 12-чу дийнахь. 1981-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн университетан филологан (нохчийн мотт а, литература а) факултет чекхъяьккхира. 1981-1982 шерашкахь дуьхьара байтийн гуламаш арахийцира.

1984-чу шарахь ЧИАССР-ан яздархойн бертан декъашхо хилира, ткъа 1985-1986 шерашкахь СССР-ан яздархойн бертахь болхбира. 1987-1989 шерашкахь дийшира Москох Горкий цIарах лаккхарчу курсашкахь. 1989 шарахь литературан хьехамча санна болхбира ЧИАССР-ан яздархойн бертахь. Цу шарахь дуьйна “Барт” политикан организацин гIаьнтда а вара.

Нохчийчуьрчу маршонан боламан жигара декъашхо вара Зелимха. 1996-1997-чу шерашкахь Нохчийн Республикан Ичкерин президентан декхарш кхочушдира. Оьрсийчоьнан эскарашна дуьхьал тIамехь дакъалецира 1994-1996-чу шерашкахь. 2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан къайлах сервиша Дохехь терроран акт йина вийра Яндарбиев Зелимха.