Атта дац Исламан пачхьалкхан интернетерчу жигараллина дуьхьало ян

"Диаспора" социалан машанах пайда оьцу Исламан пачхьалхкан агIончаша.

Iамеркерчу журналистан Фоули Джеймсан корта боккхуш, яьккхина видео интернетехь яьржинчул тIаьхьа, социалан машанаш джихIадхойн сайташ а, социалан машанашкара агIонаш дIакъовларан болх жигара баьккхина.

Амма иза атта болх бац. ГIаттамхоша дIалоьцу керла интернет-аренаш. Эзарнашна гина Джеймс Фоулин корта боккхуш. Иракъехь а, Шемехь а Исламан пачхьалкх кхайкхийначу тIемалоша интернетехь онлайн кепехь гайтина иза.

Ши Iалашо яра и зулам диначеран. Хьалхара – Малхбузера пачхьалкхашкарчу нахана кхерам тасар а, шолгIа - радикалаш шайн агIор берзор а. Youtube a, Twitter а цIе йолучу социал-машанаш, шай агIонаш тIера видео дIаякхха болх тIебахийтир.

Амма джихIадхой кхин болу некъаш лоьхуш бу. Кегийн сайташ техь яржайо тIемалоша шайн видеош а, хьехамаш а, кхайкхамаш а. И сайташ ларъян а, Малхбузенехьара царца болх бан а хала ду бохуш, дуьйцу «Dark Net» книга язйинчу Бартлетта Джейми.

Барлетт: «Тамашийна хир дара Фейсбуко а, Твиттеро а джихIадхойн агIонаш дIакъевлинчул тIаьхьа цара шайн болх сацийча. Хууш дара кхинболчу гIирсашкахь цара шайн пропаганда дIахьур хилар. Шайн гIирсаш цензуре лаьцна аьлла хетачу мульха а террористийн юкъаралло кхиболу некъаш лоьху».

Vocativ цIе йолчу хаамийн гIирсо дийцарехь, террористийн тобанан декъашхочо шен интернетан агIонехь пхиъ некъ гайтина Фейсбекухь а, Твиттерехь а, къайлаха сервисаш Iеха а йеш, болх муха бан мегар ду. Ткъа иштта, Малхбузера телевизионийн интернетан агIонаш йохор некъаш а гайтина цо.

«Диаспора» социалан машанехь схайоьллу шайн агIонаш Исламан пачхьалкх шех олучу тобанан дакъашхоша. Иза ларъян а, йохо а атта дац. «ХIора стеган схьаелла йиш ю "Диаспора" сайтан тIехь шен агIо. Ткъа иза хийца тхан бакъо яц. Амма цхьайолу джихIадхойн агIонаш хIинцале дIакъевлина», боху "Диаспора" компанин векало.

«Вконтакте» цIе йолчу, Оьрсийчохь уггаре а гIараяьлла йолчу социал-ан машанехь, Фоули вийна чуьл тIаьхьа, цхьайолчу агIонашкахь Иракъехь а, Шемахь а боьдучу тIамера сурташ а, видеош гуча йевлла.

АгIонан дукхахболчу декъашхоша оьрсийн мотт буьйцу. Шайн сурташ меттана Исламан пачхьалкхан байракхан сурт лела до цара. Сейфула Адиев цIе йолу декъашхо, кхийолу сайташкахь а вевзаш ву. Иракъехь а, Шемахь дерг сихха схьагойту Адиевс сурташца а, видеошца а.

Ша кхоьллина йолу экстремизмах лаьцна бакъонаш йохайо «Вконтакте» сайто, и санна агIонаш дIа а ца къовларца бохуш, дуьйцу Бартлетт Джеймис:

Барлетт: «Социалан машанийн куьйгалхошна бала хуьлу шайн сайташкахь тIеман пропаганда яржор бахьана долуш. Ткъа шайна тIера бехк дIабоккху цара, «тхан бехк бац, я тхан да хIумма а дац, наха тхан сайт харжарна» бохуш».

Ткъа цхьана агIор дешан маьршо, вукха агIор тIеман кхайкхамаш – иштта бала бу Малхабузерчу пачхьалкхашкахь. Интернетехь шай йоцу цIераш техкар дихкича, маьрша йоцу пачхьалкхашкарчу нахана шайгахь долу хьал дийца некъ хир бац.