Your browser doesn’t support HTML5
Стигакъекъа-беттан 15-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчохь дозанан контрол яр долалуш ду кеманца Беларусера богIучу а, Оьрсийчура цига боьлхучу а кхоалгIачу пачхьалкхийн бахархошна. Цу шина пачхьалкхана юкъара рейсаш кечъяр а, тIеэцар а аэропорташкахь дехьадаьккхина дуьненаюкъарчу секторшка, хаам бо РИА Новости агенталло.
Цо дийцарехь, керла кепаш хьакхалур яц Оьрсийчуьрчу а, Беларусерчу а некъахойх, нагахь цара кемана чухууш елла талонаш ларъяхь.
Минскехь дIахьедар дина, Оьрсийчоьнна а, Беларусина а юкъахь чоьхьара кеманан рейсаш еш таллам бийр бац шаьш аьлла.
Кху шарахь Чиллан-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан ФСБ-н куьгалхочо Бортников Александра омра делира Оьрсийчоьнна а, Беларусина а юкъахь дозанан зона кхолла аьлла. Оьрсийчуьрчу Iедалша цу хенахь дIахьедар динера цо цхьа а хийцамаш бохьур бац Союзан пачхьалкх кхоьллинчу шина пачхьалкхан бахархой дIасалеларца боьзна аьлла.
Иза хилира Дечкен-беттан 9-чу дийнахь Беларусино, виза а йоцуш, 80 пачхьалкхарчу бахархошна, шайна юкъахь Евробарт а, Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ а йолуш, шайн махка бахка бакъо еллачул тIаьхьа.
Хууш ма хиллара, Беларусехула боьлхуш Iедал ду Нохчийчу хьажа-хIотта Малхбузерчу Европехь бехаш болчу нохчийн. Царна юкъахь хуьлу, ма дарра аьлча, къайлах-къулах цIа боьлхурш а.
Дукхах болу туристаш Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн бахархой хилар тидаме эцча, нисса дIа царахь хьакхалур ю коьртачу декъана Оьрсийчоьнан ФСБ-но юкъаяьккхина керла кеп.