Ша а Гергарчу Малхбалехь вина а, ваьхна а волчу Шишани Мурадана дика девза цу регионера дахар. Кху деношкахь баккхийн хийцамаш хуьлуш бу Шемахь а, Иракъехь а.
Цигара хьал вуно кегаделла ду. ДIоггара кхеташ дац мила хьаьнца тIом беш ву. Гуттар а хьал чолхечу даьккхинарг ду Оьрсийчоь шен тIеман кеманашца, бомбанаш а етташ, цигахь боьдучу тIаманна юкъагIортар.
ХIоьттинчу хьоло кхаа декъе бекъна цига цхьацца Iалашонаш юьхьарлаьцна бахана болу нохчий. Цхьа шо, ши шо хьалха гуттар айина буьйцуш хиллачу нохчийн тIемалойнхьалханчийн кхоллам муха бу кхеташ дац.
Шемахь а, Иракъехь а хIоьттинчу хьоллах лаьцна дийцар дийхира оха Шишане Мураде.
Your browser doesn’t support HTML5
Маршо Радион хаттаршна жоьпаш деллар вара ББС корпорацехь болх беш волу нохчийн журналист Шишани Мурад.