Украино Донецк хIинцале а дIатесна боху цигахь хиллачу Маршо Радион корреспонденто

Якуб ШахIида.

Маршо Радион корреспондент Якуб ШахIида хилира кху деношкахь Украинех дIакъаста гIертачу Донецкан регионехь. Цигахь шена гинарг дийцира цо, шен нохчашца хилла къамелаш а хьахош.

Маршо Радио: -Муха карийра хьуна Донецк?

Якуб ШахIида: - Цкъа делахь, суна моттара цигарчу бахархойх цхьа дакъа Украине юхадерза лууш хир ду аьлла. Амма суна ца карийра цу тайпа нах. Ас дуккха а къамелаш дира гIаттамхошца а, могIарерчу бахархошца а, амма цхьа а Украина оьшуш вацара. Массара а олура шаьш Оьрсийчоьнах дIакхета лууш ду олий. Цара ца олура шаьш маьрша хила лууш ду. Уьш Оьрсийчоьнна юкъабаха лууш бу.

Маршо Радио: -Ткъа бахьана хIун ду аьлла хета хьуна* Оьрсийчоьнан пропагандо Iаткъам бар ду аьлла-м ца хета хьуна иза, цигахь жигара болх беш ма-ду Оьрсийчоьнан пропагандин телеканалаш?

Якуб ШахIида: - Цкъа делахь, и регион Оьрсийчоьнехьа хилла ю даиман а. Иза дерг ду. ШолагIа делахь, дуккха а хенахь и регион Киево лучу дотацешна тIехь Iийна ю. ХIундда делахь а, и регион кхиийта Iедалша хIумма а ца дина. Со баккъалла а вуно цецяьлла яра цигахь хиллачу ахчанех.

ХIинца, бакъду, цигахь дуккха а гIишлонаш йохийна ю, дуккха а нехан шайн бизнес йита дезна, туьканаш болх беш яц, амма суна гира мел хьал долу туьканаш цигахь хилла. Таккха ойла кхоллаелира сан, ма дукха ахча хилла кхузахь хьийзаш аьлла.

ТIом болабелча, цигара зударша дийцира суна иза, Украинин эскархоша олуш хилла, дIадовла кхузара, шайна лаахь Оьрсийчу а дIагIо, кхане хир яц шун олий. Иза диц ца ло нахана. Дегабаам бина бу уьш Iедалша шаьш тесна дитина хиларна. Цара дуьйцу ДНР тобанаш шаьш Iалаш деш ю бохуш.

Маршо Радио: -Дика ду. Меттигера сепаратисташ хилар кхеташ ду. Ткъа шайн лаамехь тIаме бахана бохуш буьйцурш муьлаш бу? Нохчий гирий хьуна цигахь?

Якуб ШахIида: -Кхечу пачхьалкхера шайн лаамехь тIаме баьхкина лоруш болу нах тIех дукха бара цигахь. Донецк, бакъ ду, йоккха гIала ю, амма оццул йоккха яц царна массерна а кхача. Вуьштта аьлча, уьш гуш бу. Кавказера баьхкина нах гуш бу.

Цигахь хIирий а бу, абхазой а бу, нохчий а бу. Церан массеран а дагахь Iамийна къамелаш ду. Шаьш шайн лаамехь даьхкина ду, тхуна алап луш цхьа а вац олу цара. Амма къен нах суна ца гира, цхьаммо ахча а ца луш шайн лаамехь баьхкинчу нахана юкъахь. ХIора сарахь бараш чохь хоьвшина Iаш гора суна уьш.

Маршо Радио: -Ткъа хьуна муха хийтира, баккъалла а меттигерчу бахархойх доглозуш баьхкина нах хийтирий хьуна уьш?

Якуб ШахIида: -ХIора стеган шен бакъдерг ду. Кхеташ ду уьш цхьа а шайн лаамехь арабевлла нах боций. Меттигерчу бахархоша дийцара соь, дIаялахь, царна массерна а вуно дукха ахча луш ду, цара хьоьга дуьйцу-кх шаьш шайн лаамехь даьхкина нах ду. Цара дагахь Iамийна даиман а олуш фраза ю: тхо фашистех леташ ду.

Вукха агIор болчу нохчех лаьцна аьлча, суна ца хаьа Мунаев Iийсан хIун Iалашо ю. Ам хIорш во Iаш бац. Духарца а, герзаца а дерриг а оьшург долуш ду церан. Аса элира цаьрга, тIом чекхбаьлла, цIа дахча хIун дара-те шу, аьлла. Цара элира, хIан-хIа, тIом хIинцца бен болалуш а бац, кестта юха а дерриг а дIадолалур ду аьлла. Цундела кхин а 150- стаг тIевеана бухахь болчарна.

Маршо Радио: -Ткъа тахана хIун лелош бу и нах цигахь?

Якуб ШахIида: -30 гергга стаг ву цигахь Стигалкъекъа-баттахь дуьйна тIом беш. Керла тIевеана ву 150 гергга стаг. Царах "кадыровцаш" олу. Уьш герзех боьттина, хьалха лимонкаш а оьхкина лелаш бу. Уьш ресторанашна а, барашна а чубоьлху тIеоьхкина и дерриг герзаш а долуш. Дог мал ло уьш гича.

Уьш хIун лелош бу, лелор долуш бу а кхеташ дац. ХIунда аьлча герзаш деттар дац аьлла бина барт бу. Аса цаьрга хаьттича, соьга элира "оха ха до урамашна сарахь, мелла нах цахилийта". Комендантан сахьт долало цигахь 6 даьлча. Цигахь мелла лелаш нах хуьлийла дац. Уьш машенаш хоьхкуш лела, тIеман полицина тIаьхь а хIуьттий.

Нагахь 6 даьллачул тIаьхьа шайна борша стаг гича, цара иза лоций дIавуьгу. Цул тIаьхьа уьш лоьхуш лела цу тIеман дакъойн штабашкахула церан гергара нах а, беза-бевзарш а.

Маршо Радио: -Украинина и регион дIатесча гIоле хир дара аьлла ойла-м ца кхоллаелира хьан?

Якуб ШахIида: -Донбассехь цхьана меттера со кхечу метте йоьдуш лаьтташ хилара Украинин дозанхой а, таможнин белхахой а. Доза хIинцале а долуш ду. Цара дIахадийна иза хIинцале а.