Ерриг Европа а, кхидолу цивилан дуьне а дара еарийдийнахь, пIераскана Ингалсерчу Шотландехь йоьду референдум тергоне эцна. Кхаа бIе шарахь Ингалсан дакъа хилла лаьтта иза къасталуш яра, шена цаязар оьшу я ца оьшу. Жоп хIинца хууш ду – Ингалсенах дIакъаста ца лиина дукхахболчу шотландхошна.
30 герга пачхьалкхенан векалш гулбеллера оршотдийнахь Парижехь Иракъерчу хьолана леринчу Дуьненаюкъарчу конференце. Церан барт хилла, Иракъан Iедална тIеман гIо кхачо, цу пачхьалкхан лаьтта тIехь „Халифат“ кхоьллина шаьш аьлла арабевллачу радикалан исламхойн тобанна дуьхьалоян.
Кху деношкахь Австрин коьртачу шахьарехь Венехь дIабаьхьира меттигерчу вайнехан диаспорин жигархоша вовшахтоьхна болу шахматийн къовсам.
ПIераскан дийнахь нуьцкъале йирзина Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал тIеэцна йолу рогIера экономикан санкцеш, цхьа могIа Европера пачхьалкхаш, къаьстина Оьрсийчоьнца доза долу Финлянди, царна дуьхьал хиллехь а.
Еари дийнахь нуьцкъале бирзина болу Европерчу адамийн бакъонех кхелан сацам хIара шо долалуш, дечкен беттан I6-чохь тIеэцна бара. Нохчийчоьнан исс вахархочуо гулахь бинчу латкъамца боьзна бу и сацам. Цу нехан гергара 5 стаг 200I-чу шарера 2004-чу шаре кхаччалца болчу муьрехь оьрсийн эскархоша лачкъийнера.
Кху тIаьхьарчу масех кIиранах иттех нохчий лаьцна Австрин Iедалша Шемахь боьдучу тIамехь дакъалаьцна аьлла. Нагахь церан бехк хилар тIечIагIдfхь царна яккхийн хенаш тоха мегаш ю терроран тобанашна юкъахь дакъалацарна.
Украинерчу тIамехь маьрша нах а, ткъа иштта шина а тIом бечу агIонан векалш а байъарал совнаха, тIамо вуно даккхий зенаш до Украинан экономикана. Вевзаш волчу Украинерчу экономистца Бутко Вячеславца къамел хилира Марошо Радион оцу хьокъехь..
Немцойн вице-премьер а, уггаре а тIеIаткъамечарех политик волчу Габриэл Зигмара Украинехь федерализаци ца йича ер яц, ткъа ГIирма юхайоьрзур ю бохучух цхьа а ца теша, аьлла.
Украинерчу тIемашкахь дакъалоцуш, схьахетарехь, шинна агIор а нохчийн къомах тIемлой болчух тера.
„Вийна“, „таIзарш дина“, „летта“, „йиттина“ - и дешнаш кест-кеста хеза нохчийн юкъаралехь. Мичара яьлла те даима а вовшашна тIетевжаш, вовшашна гIортораш хуьлуш баьхначу вайнахана и керла къизалла? Массанхьа а юй- те иза иштта яьржина.
Шемарчу тIамехь дакъалоцуш дуккха нохчийн тIемалой хилар къайле яц. Уьш Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра а,ткъа доккхачу декъана уьш Малхбузехь тховкIело карийна нохчийн кегирхойх бу. Шинарий дийнахь Австрера Шема тIаме баха новкъа бевллачу царех йоккха цхьа тоба лаьцна цу пачхьалкхан Iедалхоша.
Масех дийнахь Украине боьду некъ юхьаралаьцна хилла оьрсийн гуманитаран гIо тIехь долу машенаш цу пачхьалкхаца дозане дIа кхаьчначехь севцца. Цкъа хьалха Украинин дозанхоша, шайца цхьаьна Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаран векалш а болуш, цу машенашна чуьра кир теллинчул тIаьхьа бен, схьаоьцур дац цара и гIо.
Малхбузенан санкцеш Оьрсийчу хьажочу машенех а хьакхаяла йолаелла - Даймлер концерно гIагI диллина машенаш кхин юхкур йолуш яц Оьрсийчохь.
Оьрсийчоьно Малхбузенна дуьхьал яьхначу сурсатийн санкцех хила там болу зенаш цу пачхьалкхана шена алсамох хир ду аьлла хета Евробертан куьйгалхошна.
Украине гуманитарийн гIо эцна бIеннаш машенаш хьажийна Оьрсийчоьно, ткъа Малхбузера пачхьалкхаш иза Кремлан керла питана хила там бу бохуш саготту ю.
Берлинехь нохчийн а, шемхойн мухIажиршна юкъахь даьлла хилла дов а, хилла тийсадаларш а бакъдолчунна нийса бIостанехьа дийцаре деш ду меттигерачу хаамийн гIирсашкахь.
ТIаьхьарчу деношкахь Украиница дозанна уллохь вуно шуьйра тIеман гайтамаш болийна йолу Оьрсийчоь кесталгIа цу пачхьалкхана чугIорта кечлуш хила мега аьлла дIахьедар дина Полшин премьер-министро Туск Доналда.
Евробертан а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а массалица Оьрсийчоьнна дуьхьал рогIера санкцеш юкъаяхна Швейцарино. ГIуданаша лаьцначарна юккъехь ву Оьрсийчоьнан а, Украинин а 26 вахархо а, ткъа иштта цу мехкашкара 18 кампани а.
Шинарийдийнахь Брюсселехь рогIерчу саммите гулбеллера Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министрш. Дуккхаъ къийсамаш бинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш юкъаяха барт ца хилла церан. Цу хьокъехь болу сацам тIеэцар еарийденна дIатеттина Европан Бертан дипломаташа.
Cепаратисташа Донецкан кIоштахь Малайзе доьду кема чудаийтар талла дуьненаюкъара говзанчаш бахана Украине. Оршотдийнахь бохам хиллачу метте кхочур болуш бу уьш. Цу юкъана Малхбузенан, Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш, тIаьхьарчу хенахь иштта а ийгIина хилла йолу, эрча йовлуш ю.
Хьажа кхин дIа а