Оьрсийчоьнан Украинана тIелатарехь хIинца дакъалоцуш Нохчийчуьра ворхI тоба ю аьлла дIахьедар дина Кадыров Рамзана. Кавказ.Реалино зийра, цул хьалха стенца гIарабевла бара Кадыровн тIемалой бу бохурш.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Украинех лаьцна рогIера шога дIахьедар дина. ХIинца Кадыров Рамзана, тактикан зарратан герзах пайдаэца тарло аьлла, билгалдаьккхина, нагахь санна, "шега хаьттича", ша иза хьоьхур дара аьлла.
Зазадокху-беттан 4-хь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 26-зза дIахьедина Мариуполь кеста схьайоккхур ю бохуш. "Слідство.Інфо" ресурсан хаамашца, Украинера Мариуполь гIала йоккху бохуш, Кадыровна телеграм - каналехь зорбане яьхна дукхахайолу видеош цхьана кIоштахь яьхна ю.
Украинехь тIамехь мел лахара а Нохчийчуьра 60 вахархо вийна – Оьрсийчоьнан эскархошлахь луларчу пачхьалкхана динчу тIелатарехь ши ницкъахо кхалхар бен официалехь бакъ ца дина мехкан Iедалхоша.
Нохчийн блогер Алиев Iимран, иштта Мансур Старый цIарца вевзаш хилларг верна бехкевен Мамадиев Iусманца видео яьржина машанехь. ТIеман барзакъ доьхна ву Мамадиев. Оьрсийчоьнан эскарехь Украинан дозана тIехь болийначу тIамехь дакъалаца шайн лаамехь бахначаьрца цхьана лаьтташ ву иза.
Нохчийчуьра эскархой Киевна гергахь маьрша нах байарна декъехь бу аьлла. Оьрсийчоьнан эскаран дакъойн номерш хиъна. Церан декъехь ю – Кадыров Ахьмадан цIарах йолу 141-гIа лерина полк. Киевна гергахь бIеннашкхахь байинчу маьршачу нехан декъий карийна.
Кадыров Рамзанан долахь тоьлла вилла карийна Дубайхь «Украинская правда» цIе йолучу зорбанан журналисташна. ТIаьххьара цуьнан кема дахара Цхьанатоьхначу Iаьрбойн Эмираташка Чиллан-беттан 26-хь хилла, аьлча а, Оьрсийчоь буьззинчу барамца Украине чугIоьртиначул тIаьхьа.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедина, ша тIемаш доьлхучу Мариуполь гIалахь хилла аьлла. Амма ша Украинехь кхерсташ леларх кхоччуш тоьшалаш ца далийна юха а. Оцу хенахь Мариупольна гергахь Геремеев Руслан лазорах информаци яьржира, Хьалхо СБУ-но Нохчийчуьра йийсархочуьнца видео зорбане яьккхира.
Оьрсийчоь Украине чугIоьртичхьана дуьйна Европехь нохчийн диспорийн векалш декъехь а болуш тIамна дуьхьала митингаш ю дIахьуш.
Оьрсийчоьнан политик Немцов Борис вуьйш кечам бина хила мега аьлла шеконашкахь волу Нохчийчуьрчу МВД-н эпсар Геремеев Руслан хаавелла Украинерчу тIамехь. Иза тIехь волу видео зорбане яьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Нохчийн Iедалхоша дIахьедо, республикера тIаме шайн лаамехь бен ца хьажаво, амма Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикаша чIагIдо: меттигера бахархой бертаза декхаре бо Оьрсийчоьнан Украинерчу тIеман агрессехь дакъа лаца аьлла.
Росгвардин «Ахмат» СОБР-н къайлахачу набахтех бина таллам арахецна нохчийн IАDAT оппозицин боламо – жигархоша чIагIо ярехь, цу чохь хьийзош, латтош бу лечкъина Нохчийчоьнан бахархой. Оцу видео тIехь дуьххьара гойтуш ду набахтин цхьа дакъа, иштта гойтуш ю оцу гIишлон схема а.
Хьажа кхин дIа а