Нохчийчуьра эскархой Киевна гергахь маьрша нах байарна декъехь бу аьлла. Оьрсийчоьнан эскаран дакъойн номерш хиъна. Церан декъехь ю – Кадыров Ахьмадан цIарах йолу 141-гIа лерина полк. Киевна гергахь бIеннашкхахь байинчу маьршачу нехан декъий карийна.
Кадыров Рамзанан долахь тоьлла вилла карийна Дубайхь «Украинская правда» цIе йолучу зорбанан журналисташна. ТIаьххьара цуьнан кема дахара Цхьанатоьхначу Iаьрбойн Эмираташка Чиллан-беттан 26-хь хилла, аьлча а, Оьрсийчоь буьззинчу барамца Украине чугIоьртиначул тIаьхьа.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедина, ша тIемаш доьлхучу Мариуполь гIалахь хилла аьлла. Амма ша Украинехь кхерсташ леларх кхоччуш тоьшалаш ца далийна юха а. Оцу хенахь Мариупольна гергахь Геремеев Руслан лазорах информаци яьржира, Хьалхо СБУ-но Нохчийчуьра йийсархочуьнца видео зорбане яьккхира.
Оьрсийчоь Украине чугIоьртичхьана дуьйна Европехь нохчийн диспорийн векалш декъехь а болуш тIамна дуьхьала митингаш ю дIахьуш.
Оьрсийчоьнан политик Немцов Борис вуьйш кечам бина хила мега аьлла шеконашкахь волу Нохчийчуьрчу МВД-н эпсар Геремеев Руслан хаавелла Украинерчу тIамехь. Иза тIехь волу видео зорбане яьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Нохчийн Iедалхоша дIахьедо, республикера тIаме шайн лаамехь бен ца хьажаво, амма Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикаша чIагIдо: меттигера бахархой бертаза декхаре бо Оьрсийчоьнан Украинерчу тIеман агрессехь дакъа лаца аьлла.
Росгвардин «Ахмат» СОБР-н къайлахачу набахтех бина таллам арахецна нохчийн IАDAT оппозицин боламо – жигархоша чIагIо ярехь, цу чохь хьийзош, латтош бу лечкъина Нохчийчоьнан бахархой. Оцу видео тIехь дуьххьара гойтуш ду набахтин цхьа дакъа, иштта гойтуш ю оцу гIишлон схема а.
Оьрсийчоьно Украинехь агресси ечу хенахь нохчийн Росгвардех "заградотрядех" санна пайдаоьцуш – тIамера уьдуш болу кхечу тобанашкара салтий сецабо кадыровхоша. Цунна тоьшаллаш до Украинехьа йолчу нохчийн батальонан командира а, СБУ-н кара кхаьчначу хабарша а.
Европерачу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьнан бахархойн латкъамаш листар а, керланаш тIеэцар а сацийна. Делахь а дукхаха болчу Къилбаседа-Кавказерчу бахархошна Страсбургера кхел, нийсоне цара сатуьйсу тIаьххьара инстанци яра.
Хьажа кхин дIа а