Къилбаседа Кавказан къаьмнаш маьршадаха аьлла – оцу кхайкхамца Страсбургерчу Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейхь вистхилла Украинан Лакхарчу Радин депутат, ПАСЕ-хь пачхьалкхан векал волу Гончаренко Алексей.
Кадыров Рамзана ша резавацар дӀахаийтина Юкъарчу кхерамзаллин бертан (ОДКБ) организацихула болчу Кремлан бартхоша Оьрсийчоь Украинана тIелатарехь гIортор ца ярна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен видео кхайкхамехь бехкбаьккхина шина пачхьалкхера– Эрмалойчоьнера а, Казахстанера а.
Оьрсийчоьнна кхерам бу Кадыров Рамзан, цунах лаьцна журналисте Дудь Юрийга дIахьедина оппозицин политико Яшин Ильяс.
1944-чу шарахь Сталина махках баьхначу Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а гIаланийн векалшна Москвахь "Толаман тарраш" делла, Советан Iедалан баьччан сурт тIехь долуш.
Украинана дуьхьал тIом бинчу Нохчийчоьнан бахархошна республике юхабирзинчул тIаьхьа гIо а, дарба а ца кхачадо меттигерчу Iедалша. Цунах лаьцна шай кхайкхамехь дIахьедира ригионан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане тIамехь дакъа лаьцна хила мегачу кхаа декъашхочо.
Нохчийчуьра Эна-Хишкара вахархо Сасламбеков Шемал вийна Украинерчу тIамехь. Дийцарехь, тIемаш боьлхучу меттиге бертаза вахийтинера иза – кадыровхоша лачкъийначул тIаьхьа.
Кхарачой-Чергазийчуьрчу жигархочунна полисхойн декъехь таIзарш дира, цо украинхойн маттахь илли аларна.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхам бина Украинехьа тIом беш болчу нохчийн батальонийн тIемалошка. Официалерчу телеграм-каналехь зорбане яьккхинчу видео тIехь Кадыровс юха а дехар дира, совгIатна дуьхьала церан буьйранчийн болу меттиг хаийта аьлла.
Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а 601 вахархо вийна Украинерчу тIамехь. Тайп-тайпанчу хьостанашкара хиина церан цIераш Кавказ.Реалиин редакцина. Бакъдолу эшамийн терахь дуккха а лакхара хила тарло.
ТIаьххьарчу ялх шарчохь дуьххьара толлуш ду Нохчийчохь тIамера вадарца доьзна бехктакхаман гIуллакх. Бехке вийриг Гучигов Зелемхан ву, Мангал-беттан ялхалгIачохь Соьлжа-ГIалин гарнизонан тIеман кхелехь луьстур ду цуьнан гIуллакх. Украинерчу тIаме ваха дуьхьал валарца доьзна хила тарло иза.
ТIаьххьарчу деношкахь хиъна Украинерчу тIамехь вийначу Нохчийчуьра шина эскархочух а, пхеа ницкъахочух а. Журналисташка а бакъонашларъярхошка информаци схьакхочу шайн хьостанашкара - байъиначийн бакъдолу терахьаш нохчийн Iедал къайладахьа гIерта.
«Шун эпилепси а, къуркъал а, гоьта-лазар а, простатит а елахь – дага а ма даийталаш кхуза дахка». Оьрсийчоьно Украинаца бечу тIаме лаамхошна дIаязбала агитаци ечу, Iедална муьтIахь йолчу телеграм-каналера дешнаш ду хIорш.
Хьажа кхин дIа а