«Шун эпилепси а, къуркъал а, гоьта-лазар а, простатит а елахь – дага а ма даийталаш кхуза дахка». Оьрсийчоьно Украинаца бечу тIаме лаамхошна дIаязбала агитаци ечу, Iедална муьтIахь йолчу телеграм-каналера дешнаш ду хIорш.
Нохчийчуьра Украинана дуьхьал тIом бан хьовсийначу ши эзар ах эзар кадыровхошна а, "лаамхой" олучарна а юкъахь бу шогачу зуламашна таIзарш динарш а, набахтехь яккха тоьхна хан чекхъялаза нах а. Украинхойн талламчаша церан цIераш тIехь зорбане даьккхина тептар зийра журналисташа.
Къилбаседа Кавказан республикашка тоннашкахь хетарехь Украинера лечкъийна хIуманаш кхехьийтина Оьрсийчоьнан эскархоша. "Медиазона" гIирсо бинчу, Кавказ.Реалиино теллинчу, хаамашкахь ду и яздина.
Украинана дуьхьал тIом беш хилла Нохчийчуьра масех ницкъахо вийна шайн тIеман накъосташа герз диттина. И хаам тIечIагIбйина, Оьрсийчохь дIакъевлинчу бакъоларъяран «Мемориал» центран хиллачу белхахойн тобано.
Нохчийчохь долчу Оьрсийчоьнан тIеман эскарийн 70-гIа гвардин полкан масех дакъа реза ца хилла Украинана дуьхьал тIом бан. Шаьш даим а куп тоьхна хиллачу Шела юхадаладе аьлла, тIедожийна цара. Оцу чIагIдарца дIахьедар дина Украинан тIеман министраллин таллархойн коьрта урхалло.
Дагестанан Избербаш гIалара школа чекхъяьккхина йоI массарна а хезаш, Оьрсийчоь Украине чугIортарна дуьхьал йистхилла. ТIаьххьарчу горгалина лерина линейка йоьдучу заманчохь микрофончухула тIамна дуьхьал лозунг а кхайкхош, президентах Путин Владимирх лаьцна девне дош элира цо.
19 шо долу Зелимха Хьасан (цIе хийцина ю) Австрехь вина ву, ткъа Нохчийчохь хилла а вац цкъа а, амма кадыровхойн кхерамашца Iиттавелла иза. Австрехь ехаш ю уггар яккхийчерах йолу нохчийн диаспора. Оьрсийчу нах юхахьийсорна дуьхьал сих-сиха митингаш хIиттайо Венехь.
Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал бечу тIамехь шинна а агIора дакъалоцуш бу Нохчийчуьра схьабевлларш. Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьало ярехь Украинана гIо деш бу йозуш йоцчу Ичкерин агIончаш. Мехкан гIаролехь Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал лаьтташ ю иштта нохчийн лаамхойн тобанаш а.
ТIамехь дакъалаца хьовсйначу кадыровхойн а, "шайн лаамехь" бахначийн а цIераш тIехь йолу тептар зорбане даьккхина Украинан талламхойн урхалло.
Нуьцкъаха Украинерчу тIаме хьажорах кIелхьарбовла аьтто лоьху Нохчийчуьрчу бахархоша. Аьрзнийн терахь алсамдаларх лаьцна дIахьедира нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацехь. Организацино дIахьедарехь, Оьрсийчуьра арабовлуш гIо дар доьхуш, иттанашкахь хаамаш кхочу республикерчу бахархошкара.
Туркойчохь Гикало эвларчу полицин декъан хиллачу куьйгалхочунна Эдилов Бесланна тIелатар дина, йиттина цунна. Хилларг тIехь долу видео зорбане яьккхина нохчийн Iедалхошна оппозицехь йолучу Security Turkey телеграм-канало.
Украинехь вийначу Дагестанан вахархочун Ильясов Тамерланан гергарчарна вас хилла цуьнан кхалхарна Iедало кхоччуш тидам ца барна. Стигалкъекъа-беттан 9-хь дезачу денна хIоттийначу трибуни тIера йистхилира юьртахошка вийначун гергара зуда. Юьртан администрацина лен йолаеллачу заманчохь, цуьнан микрофон дIаяйира.
Хьажа кхин дIа а