ГIирмехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а, цуьнан гоно а лелийначух вай лахохьа дуьйцур ду. Цкъачунна дагадоьуьтур вай 2003-чу шеран Зазадоккху-беттан 23-гIа де. ХIунда оьшуш яра шен конституци а, низамаш а, Iедалан структураш а йолуш, лаххара а 5-6 шарахь яьхначу Нохчийчоьнна керла конституци?
Байсаев Iусама 10 сов шарахь Нохчийохь а, ГIалгIайчохь а «Мемориал» олучу бакъонашларйон вовшахтохараллехь болх бина ву. Даймахкахь хуьлучуьнан тидам бина ца Iаш, и хиламаш документашца лаьрра ву иза шен Мемориалера накъосташца-бакъонашоларъярхошца цхьаьна.
Нохчийчохь 2003-чу шарахь хиллачу референдуман Iалашонаш иштта юьйцу Байсаев Iусамас.
Байсаев Iусама: «Коьртаниг оцу референдумца Оьрсийчоьнан эскарш дина зуламаш дIадерзош дара. Нагахь адамаш референдуме а даьхкина кхаьжнаш тесча, царна хетарехь, вай реза хилла хилара вайна динчу таIзарна. ШолгIа Iалашо яра Нохчийчоь эзар шерашкахь Оьрсийчоьнан дакъа ду алар».
Нохчийчохь керла Конституци тIеоьцуш референдум хила масех де диссинчу хенахь нохчашка телевизионехула вист хилира Оьрсийчоьнан куьйгалхо Путин Владимир. Иттех минотехь цо динчу къамелехь дуккха а дара нохчийн къизачу исторех а, цуьнан кхолламах а лаьцна дешнаш.
Амма къасттина шен тIе тидам боьхуьйтуш дара президенто Путина нохчашна бале евллачу зачисткех а, блок-посташкахь салтташа адамаш хьийзорах а лаьцна аьлларг. Цу тайпа эхье долу хIуманаш пачхьалкхан хьалхарчу куьйгалхочо хьул деш Iедал ду. Амма иза ца деш, шена и талораш деш хилар а хоуьйтуш хьахийра уьш Путина.
Путин Владимир: «Ткъа вай дан дезаш дерг ду Оьрссийчоьнан махкахой, Нохчийчура бахархой, кхерамехь бехаш хилар сацор, буьйсанна неIарх пIелг тохарх кхерар сацор а, зачисткех лечкъаш уьш лела безаш хилар сацор а».
Байсаев Iусамас иштта дагалецира президенто Путин Владимира нохчий варе бар.
Байсаев Iусама: «Дуккха а къамел дира цо. Цу тайпачу къамелашкахь хьахош долу хIуманаш а хьахийра цо дерргиг а. Шантаж яра иза. Аша кхаж тасахь зачисткаш а хир яц, неIарх пIелг а беттар бац буьйсанна, амма ца тасахь иза хир ду аьлла».
Жимма хьалха эккхаш ала деза, Путин Владимира зачисткаш а лелор яц, буьйсанна неIарх пIелг бетташ тIеман барзакъ доьхна а, дохаза а нах а хир бац аьлла дош деллачул тIаьхьа хиллачух лаьцна. Дуьйцу Мемориалан белхахо хиллачу вевзаш волчу адамийн бакъонашларъярхочо Байсаев Iусамас.
Байсаев Iусама: «Оха еш мониториг яра республикехь зхуьлуш долчуьнан. Рефернедум хила ши къира дисинчхенахь а, цул тIаьхьа шина къиранах а цхьа а стаг ца вийра, дIа а ца вигира. Оха жамI дира, Нохчийчохь нах байар а, уьш дIабигар а шайн куьйгакIеллахь латтош ду Оьрсийчоьнан 1едалш аьлла».
11 шо хьалха 2003-чу шеран Зазадоккху-беттан 23-чу дийнахь Нохчийчохь кхиамца дIаяьхьира конституци тIеэцарца йоьзна референдум. Цуьнца цхьаьна тIеийцира президент а, парламент а харжарх лаьцна низамаш.
Референдуман жамIаш баккъалла а иштта дара аьлла магийча, хеталора, шина тIамехь Iазап лайна нохчий хьага а хьагна хилла референдуме баха аьлла. Республикан харжамийн комиссин куьйгалхочо Арсаханов Iабдул-Керима далийначу терахьашца, референдумехь хIиттийначу хаттаршна гIортор йира 95 сов процент бахархоша.
Маршо Радион корреспонденташ Мартанов Баудди а Чаьбаев Лема а, а вара 11 шо хьалха хиллачу Нохчийчура референдуманна тергам беш. Царна гинарг иштта дара.
Мартанов Баудди: «Референдум хилла лара мегар ду аьлла харжамийн комиссин куьйгалхочо бина хаам харц бара ала йиш яцара. Адамаш даьхкира. Амма уьш даьхкира машар хир бацара те аьлла.
Цхьана йоккхачу стага элира ша кхаж тIамна дуьхьал тесна аьлла. Референдуме ца веанчунна пенси а, пособи а лур дац аьлла хаамаш баржийнера республикехь. И бахьана долуш кхаж таса баьхкина нах а бара».
Чабаев Лема: «Старопромыслан кIоштахь цхьамог1а харжаман куьпахь мичахь веха ца хоьттуш кхаж тесира аса. Некъашца д1абиттинчу кхайкхабаш бохург цхьаъ дара,т1ом кIордийнехь, берийн хин долчух сатийсахь референдуме гIо. ГIалин юккъехь лаьттара байинчийн а, байначийн а гергарнаш. Референдумах лаьцна шайна хетарг дийцира цара».
Зударийн аьзнаш:
Нохчийчохь хиллачу референдуман зеделларг ийшира Оьрсийчура Iедалшна кху беттан 16-чу дийнахь кхечу пачхьалкхан территори йолчу ГIирмехь референдум вовшахтухуш.
Цигахь хилла моттаргIанийн референдум буха а йиллина, шайн Iуналлан къел ялийна Оьрсийчоьнан Iедалша Украинин и территори.
ХIун дара кхузахь цхьатера? Байсаев Iусамас дуьйцу.
Байсаев Iусама: «ДIоггара анализ еш хIума ца лелийна аса. Амма гуш долчу суртаца, вайн цIахь иза ма-хиллара, баш нах оьшуш йина референдум яц аьлла хета суна иза. Шина кIиранах муха йо референдум?
Цхьана наха йина референдумаш ю уьш. Амма иза нийса йича а гуш дара цигахь бехаш берш дукхах берш оьрсий хилар а, уьш Оьрсийчоьнах дIакхета лууш хилар а. Ткъа Нохчийчохь адамаш ца дахара референдуме».
ГIирмера украинахой а, гIезалой а бу уггаре кху деношкахь бала хьогачерах. Церан кхоллам муха хир бу боху хаттар ду тахана дуккха а нехан дагчохь. Бакъонашларъярхочунна Байсаев Iусамина хетарг иштта ду.
Байсаев Iусама: «Украинехь бисар гIоле хета царна. ГIезалой депортацера ца баьхкича ГIирмехь шайн махкахь баха ца буьтурш коьртачу декъана меттигерчу Iелдалийн оьрсийн къомах болу декъашхой бара. Киеван коьрта бехк бац уьш, цхьа а бакъо а йоцуш, бисина хиларан. ТIейогIучу хенахь церан кхоллам дика хир бу аьлла ца хета суна.
Тахана Оьрсийчоьнах ГIирма дIакхеттачул тIаьхьа цигахь тIедевлла гIазакхийн хIуманаш хир ду хьалха дохурш. Царах къехета мегар ду аьлла хета сун. Дуьненаюкъараллана хьалха шаьш дикачу агIор гайта гIерташ Оьрсийчоьнан Iедалша терго ян а мега гергарчу хенахь. Нах ца лечкъош а, ца бойуш а хила мега.
Амма гена хьалха хаьжча... Оьрсийчохь долу кхин халкъаш а ма дац дика Iаш. Националистийн пачхьалкх ю цигахь кхуллуш. Цундела тахана церна гIулкхе Iедалш ховсуш хилахь а, кхана церан хьал ледара хир ду аьлла хета суна».
ГIирмехь хилла референдум сепаратисташ дIаяьхьна яра, и мохк дIалаьцна лаьтташ оьрсийн эскарш а долуш, Украини Iедалшка хоьттуш хIумма а доцуш.
И тайпаниг хиллехь Оьрсийчоьнан Iедалша тIеман кеманаш гIовттийна бомбанаш еттар хиларх шеко яц, цара Нохчийчохь динарг тидаме эцча.
Амма ГIирма дIалоцуш халкъийн шайн кхоллам харжа бакъо хилар дагадеара Путин Владимирна а, цуьнан Iедалерчу нахана а. Нисса иза дара нохчашна марах даьккхинарг.
Кхин цхьа хIума а ду. Нохчийчохь референдум хьехош а йоцучу хенахь Нохчийчохь вехачу тхайн гергарчу стагаца къамел деш, сагатлуш цхьацца хIуманаш хоьттуш вара со. Эххаре а со цецвоккхуш цо элира соьга, дIавала, хьуна моьттург аьттехьа а дац, ахьа дуьйцу хIуманаш кхузахь дац хьуна аьлла. Нах цхьа а тIом ца хиллачу санна цIенош деш, кепек яккха гIерташ хьера бевллачу санна хьийзаш бу элира цо. Иза дара 2000 шо.
Цундела, хетало, Нохчийчохь референдум хила ма еззара дIаяьхьнехь а Оьрсийчоьнан Iедалшна ма оьшшу жамI долуш хир яра иза аьлла. Тахана-м муххале а.