ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аша цхьаъ -- оха шиъ. ТIаккха оха - кхоъ...


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан баллистикан зарратан ракета RS-24 Москох парадана кечлуш, 28Охан2016
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан баллистикан зарратан ракета RS-24 Москох парадана кечлуш, 28Охан2016

Оьрсийчоьнна а, Малхбузенна а юкъахь лаьттина шийла тIом дIабирзина 25 шо даьллачул тIаьхьа юха а герз алсамдаккхарехь къовсадалар долалуш ду аьлла хета Вашингтонна а, Москохна а юкъахь. Иза гойтуш ду шина пачхьалкхо тIеман хьашташна дойуш дукха рицкъ хиларо. Цу хькъехь леррина артикл язйина Маршо Радион Вашингтонерчу корреспонденто Эккель Майка. Цунна тIе тевжина хIоттийна ю хIара материал.

Цхьана континентана тIера кхечу континенте кхача аьтто болу оьрсийн баллистикан ракеташ. Карлаяьккхина керла Iамеркан зарратан бомбанаш а, стиглахь латтош йолу балистикан зарратан бомбанаш тIехь йолу ракеташ. Оьрсийчоьнан Европехь йолу анклав кIохцIалгаш санна ракетех юьзна хилар. Румынехь Iамерко ракеташна духьал система кхоьллина аьлла кхерамаш туьйсу Оьрсийчоьнан президент.

Кху беттан 13-чу дийнахь Путин Владимира тIеман индустрин куьйгалхошна хьалха вист хьулуш элира, герзаш деборехь керла къовсам болорехь гIулчаш яьхна Малхбузено аьлла.

Путин: “Цу тайпа сацамаш тIеоьцучу нахана хаа дезаш ду шаьш хIинццалц паргIат а, токхе а, кхерамазаллехь а даьхна хилар. ХIинца ракеташна дуьхьал йолчу системан элеманташ дIахIиттийначул тIаьхьа ткхан ойла ян дезар ду, Оьрсийчоьнан Федерацин кхерамазаллина кхерам тосуш долчунна дуьхьало ян. И дерриг а дуьненаюкъара кхерамазаллин система дIасалестон гIулчаш ю. Уьш гIулчаш ю керла герз алсамдаккхар дIадолоран».

Кремло ца дийцича а гуш ду Москохо а, Вашингтоно а герзаш деборехь керла къовсам дIаболо мегаш хилар. Дуьйцурш ду могIарера а, зарратан а герзаш.

Кху тIаьхьарчу масийтта баттахь Оьрсийчоь шен тIеман ницкъ гайта гIерташ яра, Таркойн-хIорда чура Шеман территорина тIехь йолчу Iалашонашна тIе керла тIемаш долу ракеташ хоьцуш а, Калининград олучу шайн анклавехь "Искандер" баллистикан ракеташ дIахIиттош а, хIордан бухура кеманашна тIера ракеташ хоьцуш а, генна даха аьтто болу бомбанаш туху кеманаш дIасалелуьйтуш а.

Цу хеннахь Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа алсамяьхна Малхбалерчу Европехь а, цуннна гоанаха долчу хIорданашкахь ша дIахьош долу тIеман Iамораш. Пентагоно доьазза алсамбаьккхина Европан кхерамазалла ларъян шаьш дойучу ахчанан барам.

Джеффри Льюис Монтерейн дуьненаюкъара талламан институтера зарратан герз даржарна дуьхьало йон говзанча ву. «Герзаш дIахIиттон меттигаш алсамйохуш хиларна" саготта ву ша боху цо.

ТIехула тIе, ши а пачхьалкх карладоккхуш ю шайн арсеналийн кхин долу дакъош а. Iамерка иттаннаш шерашна хьалхаяьлла йоьдуш ю шен миллиардаш мах болу герз карладоккхарехь. Цу герзана юкъахь ю, масала, B 61-12 зарратан бомбанаш а. Царах 180 бомба ю Европерчу тIеман базанашкахь дIатарйина.

И бахьана долуш шаьш реза цахилар хаийтина Кремло. Цул сов, Iамеркин администрацино алсамдоккхуш ду шен зарратан коьртеш долчу ракетийн терахь а.

Кху шарахь, шен агIор, тIех йеза ракета зе дагахь ю Оьрсийчоь. Цу ракетан таро ю шеца 12 зарратан бомба дIаяхьа. «Звезда» олучу Оьрсийчоьнан тIеман министраллан телеканало чIагIдарехь, 2018-чу шарахь кийча хир йолчу цу тайпачу цхьана ракетан аьтто бу, масала, Техас штат йохийна дIаяккха.

Обама Барака Iамеркин президент хIоьттинчул тIаьхьа Вашингтон гIоьртира «юхаюзар» цIе йолу Оьрсийчоьнца шайна юкъаметтиг карлаяха. Амма цунах гIуллакх цахилира 2008-чу шарахь оьрсаша Гуьржийчоьнца тIом болор бахьана долуш. Ткъа Оьрсийчоь цул хьалха дуьхьал яра Iамерко Иракъехь тIом барна.

Ткъа хIинца Путин луларчу Украинерчу хьолана Iаткъам бан гIерташ а волуш, Шемахь тIом беш а волуш, эксперташна хетарехь, дог дохийла а дац цу шина пачхьалкъхо шайн герзийн арсеналаш лахйийр ю бохучух.

Кхин а алсам герзаш IаIорна новкъарло ян мега шина а агIонна финансашца йоьзначу проблемаша.

Путин Iедале веанчул тIаьхьа Оьрсийчоьно герзашна духкучу ахчанан барам алсамбелира, къаьсттина 2007-чу шарахь. 2015-чу шарахь цу Iалашонна оьрсаша дайира 4.3 процент шайн чоьхьарчу дерриг а мехкан сурсатийн дакъа.

Амма цу хенахь дуьйна Оьрсийчоьнан экономика халонаш хьега йолаелла ю, коьртачу декъана мехкадаьтта дайдаларна а, Малхбузено экономикан санкцеш кхайорна а, цунна дуьхьал Кремло экономикан дехкарш дарна а.

И бахьана долуш Кремл дагахь ю тIеман хьашташна ша дойучу ахчанан дакъа 5 процентана лахдан. Цу тайпаниг хилла дацара 2000-чу шарахь Путин президентан дарже хIоьттичхьана.

Оццу хенахь шен стратегин арсенал боккхачу барамехь карлайоккхуш ю Цхьаьнатоьхна Штаташ. Iамеркин тIеман министралло дийцарехь, цу гIуллакхана дойур долуш ду 359 миллиард доллар. Ткъа махкал арахьарчу экспетраш чIагIдарехь, цу ахчанан барам хила мега 1 триллион доллар.

Тильман Грег Вагингштонера герзашна терго йон Ассоциацин Iилманан белхахо ву. Цо дийцарехь, Iамеркин а, цуьнан бертахойн а саготдойтуш дерг ду кху аьхка Оьрсийчоь шаьш еш йолу керла "Сатана-2" олу ракеташ дIахьитто дагахь хилар. И ракеташ шахтанаш чохь хир ю, цундела царна дуьхьало ян вуно хала хир ду, нагахь гIуллакх тIаме дерзахь.

Цул сов, Тильмана дийцарехь, сагатдойтуш кхин цхьа хIума а ду. Иза ду керла герзаш деш керлачу технологех пайда оьцуш хилар. Масала тIехь пилот воцу кеманаш дар, я Iамерко Оьрсийчоьнна а, Китайна а гонаха дIахIиттош йолу "hypersonic glide missiles" олу ган аьтто боцу ракеташ.

Цундела, говзанчашна хетарехь, нагахь Iамерко а, Оьрсийчоьно а шайн герзаш дар саца ца дахь, вайна гур ду спирал кепехь герз алсдамдаккхар. Иза дан лууш йолучух тера дац ши а агIо, амма дукха гена яьлла йоьдуш ю и шиъ цу новкъахь.

XS
SM
MD
LG