ДIабаханчу Дечкен-баттахь цхьана интернетан сайтехула къайлаха къамелашка ладугIу гIирс эцна хилла 64 долчу пенсионеро, Соьлж-ГIалара вахархочо Турлаев Дардас (цIе хийцина ю).
Даханчу кIиранах почте вахана хилла иза шена схьатесна гIирс схьаэца.
Цигахь песнионер дIалаьцна Федералан кхерамазаллан сервисан белхахоша.
Цецваьллачу воккхачу стагана оцу минотехь а бен ца хиина ша эцнарг шпионийн гIирс хилар.
ХIинца и пенсионер бехке ларахь цунна 4 шо хан тоха мегаш ю суьдо набахтехь яккха.
Цу тайпаниг дуьххьара хуьлуш дац Нохчийчохь. Стохка изза къайлаха ладугIу гIирс эцна аьлла, ши шо ах шо хан туьйхира Соьлж-ГIаларчу кхело меттигерчу вахархочунна Виситаев Висханна.
Виситаевна бехке диллинарг а дара, бакъо а йоцуш, къайлаха ладугIу гIирс эцар.
И тайпа гIирс лелор зулам лоруш ду Оьрсийчохь, иза бакъо а йоцуш информаци гулъян аьтто луш болун дела.
Иштта 2016-чу шарахь Соьлж-ГIалахь Нохчийчоьнан Лаккхарчу Суьдан суьдхочуьнан Мовлаева Табарикан кабинета чохь карийнера къамелаш къайлаха дIаяздеш болу гIирс.
Иза цига хIоттийна хиллера суьдан белхахочо.
Ши-кхо шо хьалха Новочеркасскерчу вахархочо Матвиенко Евгенийс, цхьацца хIума оьцуш хаза а елла, интернетехула эцна хиллера тIехь видеокамера йолу ручка.
Китайра яийтина шен посылка схьаоьцуш иза почтехь дIалецира ФСБ-н белхахоша.
350 сом доккху ручка эцарна арахь яккха хан кхайкхийра Матвиенкона. Дуьххьара шеца йинарг забар ю моьттуш хиллера и стаг. Амма говзанчаша сацам бинера цо эцна ручка шпионийн гIирс бу аьлла. Ткъа суьдхоша цо динарг лерира зулам.
Кху тIаьхьарчу шерашкахь иттаннаш нах чубоьхкина Оьрсийчохь цхьацца жима видеокамераш а, микрофонаш а тIехь йолу гIирсаш эцарна. Делахь а цу гIуллакхо ца хийцина уьш эца луучу нехан лаам.
Кхин цхьа а хIума а ду кхузахь. Кхеташ дац, цу кепара гIирсаш эцар а, лелор а дихкина хIунда ду, оццу Iалашонашна лело аьтто болуш хIорангахь а ю ала мегар долу кхузаманахьлера телефонаш хилча.