ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь лазартнехь волчу нохчочунна тIе ца буьту, Брянскехь кадыровхоша "кхиамаш" боху. КIиранан жамIаш


Кадыровхой, гайтаман сурт
Кадыровхой, гайтаман сурт

Нохчийчохь йиттинчу Волгоградера студентан Журавель Никитин керла бехктакхаман гIуллакх, Кадыровн дIахьедарехь Брянскан кIоштан доза хадорах, Австрехь лаьцначу нохчочунна бакъоларйархой тIе цабитар. Цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 83-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Журавель Никитина дуьхьал керла гIуллакх

КъорIан дагорна набахтехь даккха кху шарахь кхо шой, ах шой тоьхначу Волгоградера студентана Журавель Никитина керла бехк биллина – пачхьалкхана йамартваьлла аьлла.

Талламна хетарехь, 2023-чу шеран зазадокху-баттахь, КъорIан дагорах дийца а даккхале хьалха, Украинан кхерамзаллин сервисан векалшца уьйр тесна хилла Журавеля. Цо цаьрга дIакхачийна, боху, эскархойн цхьахдолчу декъан машенан дIасалеларх а, тIеман техника а, кеманаш а дехьадохучу эскархойх а хаамаш. Оцу гIуллакхехула Волгоградера студентана 12 шарера 20 шаре гергга чохь йаккха хан йогIу.

КъорIан дагорна шена тоьхна хан Нохчийчохь токхуш вара Журавель, ткъа пачхьалкхана йамартло йарна кхел йийр йу цунна Волгорадехь. Украинаца студентан уьйраш хиларх ницкъахоша дIахаийтира стохка стигалкъекъа-баттахь, Журавель лаьцначул тIаьхьа. ХIетахь тӀехьажавен хаттарш динчу ницкъахошна камери хьалха дийцира жимчу стага, ша "кеманех" видеош йохуш вара, церан гIоьнча санна болх беш а вара аьлла.

Делахь а, хIетахь цунна бехк ца биллира даймахкана йамартло йина аьлла – гIуллакх айдира делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна а, динца доьзна харцахьа леларна а. Волайнхой бу аьлла дIакхайкхийнера Нохчийчуьра 13 имам, цундела гIуллакх махкахь талла дIаделира, ткъа студент Соьлжа-ГIаларчу СИЗО хьажийра, бакъоларйархоша дуьхьало йешшехь.

Стохка аьхка Журавельна йиттира изоляторехь – и динарг вара оцу заманчохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо бен доцу кIант Кадыров Адам. Йеттачу хенахь дIайазйина хилла видео Кадыров Рамзана дIасайаржйира. Ша динчунна цхьана а кепара жоьпалле ца озийра Адам, мелхо а, йиттинчул тIаьхьа цуьнах мехкан турпалхо вира. Лаккхара орденаш йелира ГIиргIазойчоьнна а, Кхарачой-Чергазийчоьнна а, ГIебарта-Балкхаройчоьнна а беркате гIуллакхаш дарна аьлла. Ишта "Даймехкан Сий", динан "Умматана хьалха декхарш кхочуш дарна" а, "Ислам динна гIуллакх дарна" а I-чу бараман орденаш а йелира цунна. Хьахийначарех цхьа йолу мидалш цунна йала йиш йацара, ханна иза жима хиларна.

ХIетте а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана ши дарж делира: шен ден кхерамзаллин хьаькаман а, Украинана дуьхьал тIом бан йолахой кечбечу "спецназан университетан" кураторан а.

Кадыров а, Брянская кIошт + тIамана дуьхьал нохчий

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана гIадужу-беттан 2-чохь шен телеграм-каналехь дийцина Брянскан кӀоштахь украинхойн минометан план а, блиндаж а йохийна шаьш аьлла. Украинхойн тIемалоша доза хадорах, уьш оцу регионехь хиларх а хьалха бина хаамаш бац.

Кадыровс бахарехь, "Север-Ахмат" полкан эскархошна таллам бечу хенахь карийна, "хӀаллакйина" "мостагӀчун минометийн план а, Украинин Герзан ницкъийн эскархой чохь болу тоьла а". Жимма тӀаьхьо "изза дина" тIеман гIирс чохь кхин а цхьа склад хаайелча а.

Публикацица цхьаьна дронийн камераша дIайазйина видео а йу. Цо гойту, дроно, маскировкин сеткица къевлинчу, йевзаш йоцчу гIишлошна тIе а, хьуьнан асане а оьккхуьйтург кхусуш. И гIишлош тIеман Iалашонашкахь лелош йу аьлла, цхьана а кепара билгало йац ролика тIехь.

Украинхойн тIемалой Брянскан кIоштахь байъина аьлла хаамаш а бац: видео тIехь цхьа стаг гойту, иза мила ву а, йа цунна тIелатар диний а, хууш дац. Ишта хаанза дуьсу и видео маца йаьккхина йу а. ТIеман министраллехь а, Кремлехь а цунах лаьцна йина комментареш йац.

Украинехь тIом болабеллачу йуьххьехь дуьйна нохчийн эскархойх цIе йахара "тикток-эскарш" аьлла, цара шаьш хIиттош тIамана генахь роликаш йахарна.

Кадыровхой Брянскан кIоштара доза лардан бахана аьлла, дийца даьккхира кху шеран бIаьста, амма дуьйцурш дара "Ахмат-Россия" батальонан дакъош. Регионе "Север-Ахмат" маца кхаьчна, хууш дац – мангал-баттахь хаамаш бора, украинхойн Бахмутана уллохь куп тоьхна полко бохуш, Брянскан кIоштана 700 чакхарме генахь.

Кадыров Рамзана тIамах лаьцна шеконе дIахьедарш зорбане дохучу заманчохь къаьстира, Нохчийчуьра бахархой къаьсттина чIогIа лууш хилар тIом чекхбала, Москвара а, Сакнкт-Петербургера а бахархошка ладоьгIча. Оцу тайпа таллам бира "Хроника", ExtremeScan проектийн социологаша. Оьрсийчоьнан итт регионийн бахархошка телефонехула хаьттина хилла цара, уггар а "дуьхьал йолчех" билгалйаьлла Нохчийчоь.

Гучудаьлларг ду, хаттам бина махкара 39 процент бахархой тIамехьа хилар, амма 71% адам реза хилла машар барна а, Украинера эскарш арадахарна а, нагахь санна, Ӏедалша и тайпа сацам бахь. Луларчу Дагестанехь 54% нах бен бац машар хила лууш, Кубанехь а, Москвахь а, Петарбухехь а – 39% гергга стаг ву маслаIат дан лууш.

Эксперташна хетарехь, оцу кепара бIостане хьесапаш нисделла Украинаца дозана уллохь хиларна а, коьртачу регионашкахь бехаш болчу баккхийчу бизнесхошна тIамера пайда болуш хиларна а.

Нохчийчохь Iедална оьгIазло лаьтта къоьлла бахьана долуш а, тIамтIехь шайн гергара нах байъарна а, "хийрачу" тIамехь лаьттачу Iалашонех цакхетарна а, аьлла хета талламан цхьахйолчу авторна Конева Еленина.

Эксперташа билгалдоккхура, телефонехула бинчу къайкхаман жамIаш репрессеш лелош, Оьрсийчохь тIеман цензура лаьттачу хьелашкахь ларлуш тIеэца деза аьлла. Масала, къаьсттина Нохчийчохь дукхахболу респонденташ дуьхьал хилира социологийн хеттаршна жоьпаш дала, делахь а, цара бахарехь, цо а тоьшалла до, тIом хиларна уьш реза цахиларан. Оцу хаттарехь ойла Iедалца йогIуш йацахь, Оьрсийчохь кеста-кеста цунах бахьана хуьлу бехктакхаман гIуллакх долош.

Кадыровн хьехамча – бусалбанийн Координацин центран куьйгалхо ву

Кхарачой-Чергазийчохь хаьржина Къилбаседа Кавказерчу бусулбанийн координацин центран керла куьйгалхо. 47 шо долу Нохчийчоьнан муфтий, Кадыров Рамзанан хьехамча Межиев Салахь ву иза. Харжамаш дIабахьа дийзира хIинццалц цуьнан куьйгаллехь лаьттинарг, Кхарачой-Чергазийчоьнан муфтий Бердиев ИсмаьIла валарна. 2023-чу шарера схьа дуьйна оцу центран хьалханча вара иза ткъа тIаьххьарчу йалх шарчохь Межиев цуьнан хьалхара гIовс хилла. Дийцарехь, массара а цхьа барт бина тIечIагIвина Межиев оцу даржехь.

Кадыров Рамзанан герггарчу гонера стаг ву иза а, кест-кеста пачхьалкхан совгIаташ а, цIераш а кхачайо цунна а. Кху шеран чиллан-баттахь, масала, иза хилира "Нохчийчоьнан турпалхо". СовгIат цунна дӀалуш, Кадыровс баркалла элира "СВО-н Iалашонаш кхочушйарехь дакъалцарна" - СВО олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша Укрианерчу тIамах.

Хила тарло и доьзна, Межиевс кест-кеста лаамхой бу бохурш, тIамтIе боьлхуш новкъабахарца а, цо шен хьехамашкахь Украинера тIом бусалба нахана гIазот ду аларца а доьзна.

Цул совнаха, Межиев дагахь висина Нохчийчохь гейш хьийзош хиларх лаьцна таллам зорбане баьккхинчул тӀаьхьа "Новая газетан" журналисташна "бекхам бийр бу бохуш, "кхерамаш тийсарца а, Францин президент Макрон Эммануэль сийсазварца а, Нохчийчоьнан ницкъхоша лачкъийна, цул тӀаьхьа цара вийначу 1АДАТ телеграм-каналан администратор Тепсуркаев Салманна тIехь гIело хьегийтарна тIетарца а.

Къилбаседа Кавказера бусалба нехан координацин кхеташо – регионашна йукъара муфтият йу, шен офис Москвахь а йолуш. Вовшахтохаралло цхьа а бакъонаш луш йац, официалехь кхеташоно исламан бакъонаш Iамайо, цуьнан радикалан хIуманашна дуьхьало а латтош, хьалхатоьтту Оьрсийчохь официалехь магийна суфизм.

Дагестанера АЗС-хь эккхар

Дагестанехь шина баттана лаьцна Джанхуватов Марат, гезгамашин-беттан 27-чохь эккхар хиллачу ХIинжа-ГIалара йагорг йуттучу станцин долахо ву иза. 13 стаг велла, ду царлахь бераш а. Лазийна ву 23 стаг.

30 шо долу Джанхуватов лецира эккхар хиллачу шолгӀачу дийнахь, иза бехке веш ву кхерамзалла латтон хьелаш нахана ца хIитторна. Оцу артиклца а догӀуш, Plus станцин долахочунна пачхьалкхана белхаш бар тIедожор ду, йа итт шаре кхаччалц набахтехь йаккха хан тоха тарло. ТӀечӀагӀбина боцчу хаамашца, эккхийтар хилла цхьа де даьлча, орцанхойн аьтто ца баьлла цӀе йаларан бахьана къасто: йагорг чуйоьттина чермаш дийна дисина – шен хеннахь болх бан йолаелла кхерамазаллин система.

Талламан цхьахйолчу версица – Керла Хушет эвлара станцехь хилла эккхар газан биргIа ледара хиларна нисделла, цунах лаьцна мехкан куьйгалхочо Меликов Сергейс а дийцира. Цуьнан дешнашца, и меттиг акционерийн "Даггаз" компанина йукъа йогIуш йу. Ткъа компанино и бехкаш тIе ца дитира.

Дагестанан Халкъан гуламан депутат хилла волу Насрутдинов Магомедгусен ву "Даггазан" куьйгалхо ву бохуш. 2016-чу шарахь республикерчу Лакхарчу кхело набахтехь даккха 5 шо хан туьйхира цунна бозбуунчаллаш лелийна аьлла. Дагестанан исс кӀоштахь бакъо а йоцуш ша Ӏуналле эцна йолу машанаш "Газпроман" структурашна йохка гӀоьртинера иза. Хьостанаша дийцарехь, марсхьокху-беттан 13-чу дийнахь Насрутдинов хеттарш дан лаьцна хиллера, амма цул тӀаьхьа цуьнга цхьа а бехк ца кховдийра.

Оцу йукъанна хьалхо Plus АЗС-хь кхачамбацарш хилар гучудаьллера – билгалдаьккхина дацара уьш стенца доьзна дара, амма уьш хIеттехь нисдина хиларх тешийра Меликовс. Стохка марсхьокху-баттахь Дагестанерчу Карман-2 эвлахь эккхар хиллачул тӀаьхьа цу кӀоштарчу массо а йагориг йухкучу станцешкахь массо а агӀор талламаш бечу хенахь карийнера уьш. Йуьхьанца цӀе йаьллера дуьххьал лаьттачу машенаш тойечу сервисан центрехь, цул тӀаьхьа цӀе дIасайаьржина хиллера бензинан станцехь. ХIетахь 37 стаг веллера, 100 сов лазийна а вара. Регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс чӀагӀдора, "кхин и тайпа бохамаш хир бац" бохуш.

Австрехь лаьцначу нохчочунна тIе ца битина бакъонашларйархой

Нохчийн диаспорин векалш а, бакъонашларйархой а тIе ца битина Австрин Линц гIалара дарбан цIийнехь латточу 40 шо долчу Нохчийчуьра вахархочунна Мусиханов Жабраилна. ЦIе ца йоккху цамгар токхуш ву иза, амма террорхойн "Исламан пачхьалкх" боламца воьзна ву аьллачу шеконашца, Оьрсийчоьнан дехарца дIавала тарлуш ву.

Мусиханов Австрерчу Линц гӀаларчу дарбан цӀийнан реанимацехь ву, ткъа оцу йукъанна цунна ха деш а ду. Кху деношкахь иза волчу баха гӀоьртира диаспорин векалш Дунаева Роза а, Хациев Зиявди а. Йуьхьанца дарбан цӀийнан белхахошна и цIе йолу стаг карош вацара, цул тIаьхьа цара кхетийра, цунна нах тIебуьтуш цахиларх, дийцира тхан редакцина "Дуьненан зударий лаьтта тӀера машарехьа" цӀе йолчу бакъонашларъйаран организацин куьйгалхочо Газиева Фатимас.

"Жабраилан гергарчара дуьйцу, дукха хенахь дуьйна лейкеми йолуш иза хиларх, Туркойчохь а цхьана цо дарба лелорах а. ХIетте а Оьрсийчоьнан ницкъахоша дIахьедо, Шемахь тIом бина, террорхо ву бохуш. Ма-дарра дийцича, вуно чIогIа цомгаш ву иза. Шена дарба цахиларх кхеттачул тIаьхьа Австри йухавеанера иза, политикан тховкIело а йоьхуш", - чIагIдо къамелдечо.

Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн цхьа артикл йу – терроризм, нагахь санна, нохчо Туркойчохь доьзалан гӀуллакхашца хиллехь, йа цигахь дарба лелийна иза велахь, бехкево терроризмана, бохуш кхин дӀа а дуьйцу цо. Бакъонашларъярхочун дешнашца, диаспорин векалш Австрерчу ницкъаллин структурийн белхахошка бевллера, цул т1аьхьа бакъо йелира царна дарбан цӀийнехь волчу Мусихановна тIехIитта. Гергарчу хенахь иза волчу баха лерина бу уьш. Хьалхо адвокат а цхьанакхийтира дархочуьнца.

Гезгамашин-баттахь бакъонашларъяран "Вайфонд" организацино Австрин Ӏедалшка дехар дира, Мусиханов Оьрсийчоьне дIа ма лахьара аьлла. Мусихановн могушаллин хьал тидаме эцча, цунна экстрадици йар вуьйш кхел йар санна ду, элира хӀетахь организацино.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
  • Audio

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG