Украинера эскархочуьнан Савченкон Надеждин адвокаташа дIахьедина иза бехке еш вердикт хир ю бохучух тешна ду шаьш аьлла. Савченко, хууш ма-хиллара, бехке еш ю Донбассехь Оьрсийчура ши журналист вуьш дакъалаьцна аьлла. Оршот дийнахь Донецк-гIаларчу суьдехь дIадолийна цу гIуллакхехула бехккъасторхоша йина вердикт дIаешар.
Хала хеташ далахь а, хIоьттинчу хьолана цхьа а Iаткъам бан таро йоцуш диссина шаьш элира журналисташка вист хуьлуш Савченкон адвокато Полозов Николайс. Шайна, шеко а йоцуш, хууш ду Савченко бехке йийр хилар бохуш вара иза.
Полозовс дийцарехь, Савченко дагахь яц шена йина кхел къобул ян, иза мухха а хилахь а. Кхелан сацамна латкъам бан дагахь а яц иза элира цо.
Оршотан Iуьйранна Донецкехь кхелан кхеташо йолаелча дуккха а зорбанан гIирсаша хаам бира суьдо бехке лаьрра Савченко Оьрсийчура журналисташ байарна аьлла.
Амма тIаьхьо суд йоьдучу хIусаманна чохь болчу журналисташа тоьшалла дира суьдхочо и дешнаш аьлла цахилар хьокъехь. Суьдхочо дешнарг хилла цунна буьллуш болчу бехках лаьцна кехат.
Оьрсийчурча талламхоша бехке еш ю Украинин эскархо 2014-чу шарахь Украинин территори тIехь Луганск-кIоштIахь ши журналист вуьш цо дакъхалаьцна хиларна. Цара дийцарехь, Савченкос хаам а беш, яккхий тоьпаш йиттина Украинин эскаран дакъоша, журналисташ а бойуш.
Савченкос шен бехк хилар тIецадуьту. Цуьнан адвокаташа чIагIдо иза йийсаре лаьцна хилла хилар Оьрсийчура журналисташ байале хьалха. Цул сов, Савченкос дийцарехь, иза нуьцкъала кхачийна хилла Оьрсийчоьнан территори тIе.